Вопросы и ответы по Шариату

ХАТТАРШ А, ЖОЬПАШ А – ШАРИ1АТЦА

Тезетан а йу шен бакъонаш.

Хууш ма-хиллара вай дерриге  а дала дезаш ду. Х1ара маьлхан дуьне мел ду, 1ожалла вайн синойх хьерчар  йолуш йу.

Валарвисар вайга хоттий кхочуш дац вайн керташка. Стаг велча, кевнаш а диллина, тезет д1ах1оттадар – вайн 1адат а хилла схьадог1уш ду. Бакъду, таханлерчу дийнахь цу тезетан кепаш мелла а хийцалуш го вайна. Тезет Ч1ишкахь делахь  а, Атаг1ахь делахь а,  Неврехь  делахь  а, тезет ду, цуьнан бакъонаш а цхьатерра йу.

Амма цхьаволчунна и тезетан бакъонаш ца йевза. Цуьнца доьзна тхан редакцин сацам хилира тезетан бакъонех лаьцна дерг цхьана къаночуьнга дийцита. Тезетах лаьцнарг  дийцийта тхо кхечира Шуьйтан  к1оштан вахархо Давлетукаев 1абдурахьман волчу.

Вайна хаа дезарг.

Тезетахь баккхийчу нахана т1е а вахана, хьалха а иккхина, салам а делла, кадам беш волу жима стаг – иза г1иллакх ца хилар ду.

Х1инца х1ун до, пхаьрсаш а гуш, берзинчу когашца цхьа жима стаг чу а вог1ий, д1ах1утту, уьш до1а дина бовлале, цунна т1аьхьа кхиверг а уьйт1а вог1у.

Хьалха иштта ца хилла. Х1етахь муха дара аьлча, ков-бертахь вовшахкхетара, дикка  вовшахкхетча бен, чу а ца боьлхура, хьалхаваьлларг а воккхастаг хуьлура, т1аьхьах1иттина  кегийнаш а, тезетан амалехь дог1уш долу духарш духий хуьлура. Советийн заманчохь  тахана санна маьждигаш а, хьуьжарш а йацара, х1етте а г1иллакх х1инцачул а ч1ог1а а, хаза а леладора  х1етахь.

Тахана дастаме даьлла и дерриге а. Цу заманчохь цхьаьннан  кертахь тезет даьлча,  тезетан  кеп ларйеш хилла. Дийца ца дезачух ларлуш, хьажо ца безачу б1аьрг ца хьажош,  ткъа х1инца  г1уллакх мел доцчу  д1аса а вай хьоьжу, дийца мел ца оьшург дийца а вай дуьйцу.  Вовшашка дош а ца кхочуьйтуш,  эрнадерг дукха дуьйцуш хуьлу цигахь цхьаверг, хьалха аьттехьа а дацара и саннарг.

Тезет шари1атехь кхаа дийнахь латто дезаш ду. Кхо де д1адаьлча , тезетана диллина кевнаш д1акъовла мегар ду. Тезетахь хьалхаваьккхина  охьахаош верг воккха вара аьлла хаош ца хилла. Цунна хууш хила деза и тайпа х1ума нахалахь д1а муха кхехьа деза а, иштта цуьнан  багахь бийца хьекъале мотт а хила беза. Ишттаниг ву тезетахь хьалхаваьккхина охьахаош верг, и жима велахь а, воккха велахь а. «Ассаламу 1алайкум» аьлла, кадам бан цхьаъ т1евеанехь, и кадам т1еэца ох1ла вина охьахаийнарг хьалаг1атта веза, ткъа  вуьйш хевшина 1ийр бу.  Нагахь санна цара хьайга охьахаа аьллехь, охьахаа веза. Нагахь санна цара охьахевшина шу совцор дац бохуш делахь, кхин цхьаьнга а куьг а ца луш, я мара а ца кхеташ, меллаша йуха а вирзина, ша схьавеанчу новкъахула д1аваха веза кадам бан веанарг. Иза а ду тезетан г1иллакхах цхьа г1иллакх. Цу тезетан а ма йу шен бакъонаш а, бехкамаш а. Ткъа тахана, дукхахьолахь, цу тезетахь  болчарна массарна а маара детталуш, цхьа йоккха г1овг1а оьккхуьйту вай. Иза, вайн баккхийчара дийцарехь, оьшуш дац, уьш совнаха х1уманаш ду. Вай ма-аллара, и кадам схьаэца векал винчунна мара кхетчахьана тоьаш ду. Т1ебаьхкинарш хила а тарло бухахь.

Йа нагахь шена цу веллачун ваша, да, деваша, дешича, шича, ненаваша, ненашича, и тайпаниг церан шена вевзаш велахь, царна маракхетар ву кадам бан веанарг. Кадам бан т1евеанчунна  хьалаг1овттуш ца хилла, нагахь санна цхьа воккха 1еламстаг, я цхьа наха лоруш дика стаг, цхьа къано т1евеъча бен. Ткъа х1инца жимха веъча а, воккханиг веъча а, цхьатерра хьалаг1овтту. Цуьнца гойтуш а ма хилла цара баккъал а шега лерам хила хьакъверг мила ву. Кхиберш лерам бан хьакъ бац бохург дац и, т1евеанарг а, бехкениг а вовзийтар ду. Т1ебаьхкина хьеший белахь, жиманиг а, воккханиг а хьала а г1аьттина, хьешашна меттиг йала  йеза,  царна мукъа дита деза тезетара г1анташ. Т1евеанарг жима велахь а, цунна охьахаа аьтто бан беза. Т1ебаьхкинчу хьешашна хьалхаваьллачо олуш хилла: «Тхо тахана тхайн Делан дуьхьа зератана арадевлла ду. Х1инца дан дезарг аш схьааьлчахьана, оха дийр  ду». Ткъа бухарчо уьш д1асахьовза оьшуш бацахь: «Дела реза хуьлда шуна. Дала зерат къобалдойла шун. Баркалла, хьовза везаш меттиг йац, парг1ат хила мегар ду», — олий, уьш парг1ат  буьтуш хилла. Т1аккха уьш,  бертахь хьала а г1евттина, 1одика а йина, д1абоьлхуш хилла. Цо гойту, шина аг1ор  берш, цу тезетан кеп а, бакъонаш а йевзаш а, лоруш а буйла. Коьртаниг, бухарчеран 1адат ларар ду. Церан 1адатан кеп ларйан  йезаш йу, т1еваханарг милла  велахь а. Нагахь санна:  «Хьенех, хьо мукъа хила мегар ду, хьо д1аг1о х1инца» цара алахь, «Со делккъалц 1ийр вуй, со сарралц 1ийр вуй» бахар г1иллакхе дац. Цара д1аг1о аьллачул  т1аьхьа, хьо мел сецахь а, цунах хила йал йац. Кханалерчу Къемат-дийнахь барт хоттур болуш х1ума а ду и. Тезетахь къамелаш ца дича а, вела ца велча а, ша 1алур волуш вацахь, цига воьдучул а цунна шен ц1ахь 1ар г1оле ду. Тезета самукъадаккха воьдуш вац, йа хилларш — лелларш дийца воьдуш а вац. «Информаци гулйеш меттиг  йац и. Цига веллачунна «Дала гечдойла» а олуш, бухарчеран дог эца, дог хьаста воьдуш ву. Вайн баккхийчара олуш хилла: «Тезета ваха а хаа деза, цигара д1аваха а хаа деза». Ойла йича, доккха маь1на долуш дешнаш ду уьш.

   «Нохчий» аьлла вайн ц1е йаккхар, вайн г1иллакхех доьзна ду. Вайн дай г1иллакх ду вайх «нохчий» аьлла ц1е йаккхийтинарг. Нохчийн къам, муьлххачу а къоме диллича а, майра къам ду. Ткъа тахана вайн хьалакхуьуш болу цхьаболу кегий нах и г1иллакх лелош бац, вайна мел халахеташ делахь а. Цундела царна шаьш тезета даха дезий а ца хаьа, йа цига шаьш кхаьчча, муха лела деза а ца хаьа. Тезетан кеп ларйеш йацахь, и тайпа г1иллакх доцчу наха йохайо и. Шайн цхьацца пхьоьханаш а йой, дийца мел ца дезарш а дуьйцуш 1а уьш. Цундела муьлххачу а тезетахь 1у хила везаш ву. 1у волчу тезетахь, шен тезетан бакъйолу кеп ларло. Г1иллакх долу стаг тезета воьдуш шена т1е хаза шуьйра бедар а йуьйхийна, коьрта пес, йа куй а тиллина г1ур ву. Таханлера вайн кегий нах хаьнт1е герзаш а ухкий, доца пхьош долу футболкаш а йухий, берзинчу кога к1архаш а бухий боьлху.  И г1иллакхехь дац, и вуно ч1ог1а маьттаза лерина ду.

   Х1етахь, цу заманчохь, дукхахьолахь, хьехамаш тезеташкахь беш хилла, х1унда аьлча, вай ма-аллара, цу хенахь х1инца санна маьждигаш ца хилла и хьехамаш бан. Вуьшта аьлча, цу тезета баккъал а ц1ена нийат а долуш веанчунна дуьненан х1ума дицло,  тезетара д1аваххалц йолчу ханна, и веанарг йеккъа цхьана ойланах вазалуш хуьлу, валаран ойла ю и. Цу ойланехь а волуш бина хьехам  ч1ог1а д1а лоцуш хилла. И бахьана а хилла и хьехамаш тезеташкахь бар. Ткъа тахана, Делан къинхетамца, х1ора маьждигехь беш бу хьехамаш, иштта телевизорш чохь а беш бу. Тахана  наггахь а хир вац вайна юкъахь чохь лато телевизор йоцуш. Х1инца шен доьзалхо кхетош-кхио хьалха санна хала дац. Вай мел дукха дийцича а, мел сих-сиха дийцича а, вайн х1ума ду вай дуьйцуш дерг. Цхьа а шеко йоцуш, вай лийр долуш ду, вай дала дезаш ду. Цундела вайна хаа деза, тезет х1ораннан а керта х1уттур дуйла а, х1уттуш дуйла а. Валар-висар вайга хоттий дог1уш дац керта, йа цо, жима а, воккха а, могашверг а, могашвоцург а ца къеставо. 1ожалла, мискачун керта а йог1у, хьалдолчун керта а йог1у. 1ожаллин б1аьргаш чохь вай массо а цхьатерра ву. Вай ду и къестамаш беш дерш. Б1аьрнег1ар тохале, ваьшна вай къанделла карор ду, корта сир а белла. Вай и тайпа декхарш д1акхехьа ваьш кегий ду боххушехь, «дада», «баба» бохуш, вайга мохь бетташ бераш хезаш, хан д1аиккхина дуьсур ду вай. Цундела баккхийчаьргара раг1 кегийчара схьаэца еза. Вешан тезет, вай ваьш д1акхехьа дезаш ду, вайна хьалхара и д1акхехьа цхьа а вог1ур вац. Х1ара маьлхан дуьне доххалц йехар йу тезетан кеп.