Год истории-2024 год

Матиев Ваха

1957-чу шарахь «Ленинан некъ» газетан хьалхара номерш арахеца йолорца цига баьхкира керла белхахой: Батаев Мустапа, Джабраилов Мохьмад, Натаев Шарпудди, Матиев Ваха, кхиберш а.

В. Матиев царах къаьсташ вара шен «Победа» машен а йолуш (цу хенахь шен долахь транспорт йолуш наггахь бен стаг вацара), газетана материал сихха кечйан таро хиларца. Цу хенахь балхана ца хилча йиш йоцчу чоьнашца а, йийбарца а, д1асаваха оьшучу транспортаца а, кхидолчуьнца а халонаш ловш хиллачу газетан балхана ч1ог1а мехала дара Ваха сихха д1асаваха а, оьшучу хенахь газетана материал кечйан а таро йолуш хилар. Цунах хаарца пайда а оьцура В. Матиевс.

Коьртачу декъана Вахас йазйора йуьртан бахаман темина йолу материалаш. Цу хенахь нохчийн маттахь арадолучу газето дукхах йолу материалаш йартийн бахархошна лерина а, царах лаьцна а йазйора. И болх Вахас дика вовшах а тоьхнера. Цунна дика хаьара газетана оьшуш йолу материал муьлхачу к1оштара, йа бахамаера оьшу. Вахин балхана боккха аьтту беш дара к1оштийн, бахамийн куьйгалхошца а, говзанчашца а цуьнан греггара з1енаш хилар. Цунна хаьара балхана оьшуш болчу нахаца уьйраш, грегарло таса а, лело а.

Республикехь Ваха дика вевзаш, ц1е йоккхуш журналист вара. Газетан балхахь кхиамца шен корматалла гайтарца цхьаьна кхоллариллин болх бан а волавелира иза. «Ленинан некъ» газетан аг1онаш т1ехь кест-кеста арадийла дуьйладелира цуьнан дийцарш а, публицистикин статьяш а. Ткъа дукха хан йалале киносценареш йазйан а волавелира Ваха. Цуьнан сценарешца масех документальни а, телевизионни а фильм йаьккхира. Царах цхьаъ йара кхаа декъах лаьтташ «Лийр йоцу къоналла» ц1е йолу документальни фильм. Цу т1ехь Вахас йаздо Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь нохчийн кегийрхоша гайтинчу б1аьхаллин хьуьнарех лаьцна. Иштта дуьйцу маьршачу хенахь кегийрхоша къинхьегамехь гойтучу дикачу масалех лаьцна а. В. Матиевна ВЛКСМ-н ЦК-н Сийлаллин грамотаца а, «ВКЛСМ-Н 60 шо» ц1е йолчу дагалецамийн билгалонца а совг1ат деш билгалбаьккхира и фильм кхуллуш цо бина болх. Цу хенахь пачхьалкх вайнахаца долчунна ишттачу совг1аташна башха комаьрша хилла цахилар хьесапе эцча, нохчийн къомах волчу журналистана, йаздархочунна иза доккха совг1ат дара.

В. Матиевн кхоллараллехь боккха кхиам бара Советийн Союзан Турпалхочо Нурадилов Ханпашас Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман аренашкахь гайтинчу ша саннарг кхин хилла доцчу хьуьнарх лаьцна цо йазйина киносценари. Иза СССР-н Пачхьалкхан телерадион заказаца йазйинера. Сценари кино йаккха «Азербайджан фильм» киностуде д1айелира. Амма киностудехь берш заказ кхочушйан башха сиха а ца хиллера. Вовшех «дагадуьйлуш» а, цхьацца йазораш лелош а, дикка хан йелира киностудехь болх д1а ца болош. Т1аьххьара а, Нохч-Г1алг1айн Республикин куьйгаллин дехарца «Грузия-фильм» киностудехь Вахин сценарица йаьккхира «Бераллин вуьрх1итта шо» ц1е йолу исбаьхьаллин фильм. Иза республикина а боккха кхаъ а, йуьхьк1ам а бара.

1986-чу шарахь Соьлжа-Г1алахь Нохч-Г1алг1айн книжни издательствехь арайелира В. Матиевн «Мокхазан дог» ц1е йолу документальни повесть. Иза а иштта Советийн Союзан Турпалхочух Нурадилов Ханпашех лаьцна йара. Цул т1аьхьа Вахас йазйира «Йоккха Атаг1а а, атаг1ой а», «Комаьршачу дегнийн адамаш» ц1е йолу книгаш.

Ваха дика журналист а, башха йаздархо а вара. Иза ша а ма-хиллара, оьздачу, муьлххачу а йешархочунна кхеташ болчу, к1едачу маттахь йазйина йара цуьнан х1ора статья, кхоллараллин говзар. Уьш йоьшуш хаало церан авторна нохчийн мотт, къоман г1иллакхаш, дахар к1орггера девзаш а, дезаш а хилар.

Нахаца йолчу йукъаметтигашкахь а, къамелехь а к1еда-мерза, оьзда вара Ваха. Цунна дика хаьара муьлххачу а стагаца даггара къамел дан, цуьнца уьйр таса. Иза миччанхьа а болх беш хилча а, коллективехь нахаца тарлуш а, оьшучунна г1о-накъосталла деш а вара. Цундела вевзачара массара а сий деш а, лоруш а вара иза.

В. Матиев вина 1926-чу шеран х1утосург беттан 5-чу дийнахь  Йоккхачу Атаг1ахь. 1944-чу шеран чиллин беттан 23-чу дийнахь, дерриге а нохчийн халкъ а санна, махках, ц1ийнах ваьккхина, Казахстане вахийтира иза. Цигахь лайра нохчийн халкъана гина долу дерриге а «диканаш». Казахстанехь тайп-тайпана белхаш бира, цу йукъахь махлелорехь а, 1957-чу шарахь даймахка йуха ц1авеара. 1958-чу шарахь «Ленинан некъ» газете балха веара. Дукха хан йалале шен болх дика карабирзина, редакцехь тоьллачу журналистех цхьаъ хилла д1ах1оьттира иза. Ваха т1аьхь-т1аьхьа телевидене кхийдаш, болх беш хилар а, ткъа иза цуьнан корматаллина бег1ийла хилар а хьесапе а эцна, иза телерадиокомитете балха д1авигира.

1971-чу шарахь цо чекхйаьккхира КПСС-н ЦК-хь йолу Лаккхарчу партийн школин журналистикин отделении. СССР-н журналистийн Союзан декъашхо вара.

Ала деза В. Матиевс шен кхоллараллица нохчийн литература а, журналистика а кхиорна мехала хазна йукъайиллина хилар. Ваха кхелхина 1986-чу шарахь.

Магомаев Салавди