Год истории-2024 год

ШАПТУКАЕВ ДОККА-ШАЙХ

Докка-шайх Девкар-Эвлара хилла. Бакъйолу цIе Iабдул-Iазиз хилла цуьнан, фамили – Шаптукаев.  Тайпана  –  зандакъо.  Накъшбандин  тIарикъатехь болчу эвлайаийн силсилехь  ву иза. Энгана-Эвлахь хьуьжар чекхйаьккхина цо. Докка-шайхан ден цIе Шоптукъ хилла, ненан цIе  – ГIиста. Доккин хIусамнана ХIушта хилла. ЦIера Теркайистерчу  Аьхкинчу-Борзера  хилла  уьш. Ши кIант:  Iусама, Хасуха, кхо йоI: Бани, Меси, ХIали — доьзал хилла цуьнан.

Шоптукъ  дуьненан  Iилма  долуш  хилла. Къуръан  деша  хаарал  сов,  цуьнан маьIна  дан а хууш хилла цунна. Шайн йуьртахь а, луларчу йарташкахь а къеда лаьттина иза дуккха а шерашкахь.

Докка-шайх  дуьнен  чу  ваьлла  1838-чу  шарахь. Доккин устаз Элах-Молла хилла. Шен устазан тешаме мурид хилла Докка. Элах-Моллас, ша махках ваьккхича, шен муридашка дIахаийтина хилла, шен метта Докка ву шуна дагадовла аьлла.

Лелош шен бахам хилла цуьнан. СагIа даларехь комаьрша хилла иза. Къамел дукха деш а ца хилла цо.

Эвлайааша  вовшашца  гергарлонаш  лелош хилла. Эвтарарчу  Iовдин а, Доккин а гергарло къаьсттина чIогIа хилла.  Iовдас сих-сиха олуш хилла Докке: «Вайшиъ цхьана дийнахь дуьнен чу ваьлла, цхьана дийнахь эхарта дIаверза везаш а ву», – олий. Иштта нис а делла иза: 1914-чу шеран  товбецан  беттан  13-чу  дийнахь Девкар-Эвлахь  дIакхелхина  хьалхо  Сибрехара  цIа веана волу Докка а, генарчу Калугехь волу Iовда а.

Докка дIавоьллина Девкар-Эвларчу кешнашкахь. Муридаша зерат дина цуьнан коша тIехь. Гергарнаш а, муридаш а хуьлу цигахь сих-сиха. Цара доIанаш до, Деле къиношна гечдар, дуьненахь а, эхартахь а гIодар доьхуш.

Дала зерат къобалдойла цига мел вогIучун!

М. Заурбеков