Год истории-2024 год

Цуруев Шерип

Вайн республикехь а, цуьнан дозанел арахьа а дика вевзаш ву Цуруев Шерип – нохчийн йаздархо, поэт, журналист, публицист, филолог, гочдархо, йукъараллин г1уллакххо.

Ш. Цуруев вина 1963-чу шеран кхолламан беттан 20-чу дийнахь Гуьмсан к1оштарчу Гезлой-Эвлахь. 1980-чу шарахь цо чекхйаьккхира йуьртара йуккъера школа. 1981-1983-чуй шерашкахь Советийн Эскарехь г1уллакх дира. Цигара ц1авеанчул т1аьхьа Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша вахара. 1988-чу шарахь иза чекхйаьккхинчул т1аьхьа школехь а, хьехархойн училищехь а, хьехархойн институтехь а хьехархочун, гуманитарни Іилманийн Іилманан-талламан институтан Іилманан белхахочун, Гуьмсерчу хьехархойн училищен директоран белхаш бира. «Орга» журналан коьртачу редакторан заместитель а, т1аккха «Васт» газетан редактор а хилира.

Нохчийн халкъана, цхьа а бехк-гуьнахь а доцуш, кочатесна, бале баьлла болу т1ом Соьлжа-Г1алел арабаьллачул тІаьхьа къоман шуьйрачу хаамийн г1ирсийн болх меттах1отто, газеташ а, журналаш а арахецар йуха а д1адоло уггаре а хьалха г1евттинчарех цхьаъ вара Цуруев Шерип. Оцу уггаре а чолхечу а, жоьпаллечу а муьрехь «Даймохк» газетан коьрта редактор ч1агІвира иза. Х1етахь ч1ог1а хала дара газет кечдан а, арахеца а. Бохийна, х1аллакбина бара республикера полиграфин г1ирсаш. Редакцин белхахой дІанисбан чоьнаш, царна болх бан а, охьаховша а стол-г1ант дацара, парг1ат дІасаваха таро йацара — массанхьа а дах1иттийна луьра посташ йара. Кечдина газет арахеца Теркан к1ошта, йа луларчу Дагестан Республикин Махачкаларчу издательстве ваха везара. Ткъа цигара газеташ схьадан мел хала дара. Посташкахь сецош, атта чекх ца волуйтура. Цигахь ха деш берш х1оразза а кхето а, тешо а безара схьадохьуш долу газеташ маьрша продукци хиларх. Ткъа цкъацкъа посташкахь чекх а ца довлуьйтий, т1екхаьначу йуьрта чудирзина, буьйсанаш йаха йезаш меттигаш а йог1ура. Иза къонахалла а, доккха собар а хила дезаш дара. И дерриге а шена т1ехь лайра Шерипа. Амма газет шен-шен хенахь арадолура.

Ша кхочушдинчух тоам ца хуьлуш, гуттар а керланиг, г1олехь дерг лохуш, йукъадалош амал йолуш ву Шерип. 2005-чу шарахь «Хьехархо» ц1е йолу газет диллира цо, цуьнан коьрта редактор а х1оьттира. Шерип иштта Нохчийн Республикин Іилманийн академин нохчийн маттахь арахоьцуш долчу Іилманан «Таллам» журналан редактор а ву.

Заманан декхарша хьалхах1итточу лехамашна жоп луш болу чулацаме зорбанан г1ирс арахецарна белхан коллектив вовшахтоха хьуьнаре хилла ца 1аш, Шерип ша а ву газетан а, литературин а муьлххачу а жанрашкахь кхачам боллуш говза материалаш йазйан пох1ма долуш журналист. Цо йазина, меттигерчу газеташкахь а, журналашкахь а арайийлина очеркаш, интервьюш, публицистически статьяш. Т1аьхьарчу хенахь кхечаргара йанне а йоцуш дІайаьлла ала мегар долу литературин говзар талларан, цуьнан дика аг1онаш а, кхачамбацарш а кароран, уьш билгалдахаран, и дарца говзар авторна шен дика а, ледара а аг1онаш йовзийтаран корматалла дика карайирзина цунна. Шерипан дуккха а йу литературин критически материалаш. Журналистикин а, литературин а йерриге а жанрашкахь йазина материалаш дика, чулацаме, йешархочунна пайдехь йолуш нисло Шерипан.

Ш. Цуруев лаккхара корматалла йолуш журналист, литературин критик хилла ца 1аш, амма йазйаран шен хат1, кеп йолуш волу йаздархо, поэт ву. Иза стихаш йазйан волавелира школехь доьшуш волчу хенахь. Цуьнан стихаш зорбатоьхна, арайийлира Нажи-Йуьртан к1оштан «Маяк коммунизма», Гуьмсан к1оштан «Красное знамя», кхечу газеташкахь. Шерипан литературин кхоллараллин корматалла кхиъна, лакхайелира литературин «Пхьармат» цхьаьнакхетараллина, цуьнан декъашхо хилла, иза йукъавахча. Цуьнан стихаш арайевлира къоначу йаздархойн коллективни гуларшкахь: «1уьйренан сахьт», «Малх лаьцча», кхийерш а. Иштта, арайаьлла Шерипан кхо гулар: «Йиса, Нохчийчоь», «Теша, Даймохк», «Цхьа мерза-г1айг1ане мукъам». Шерипан стихашна мукъамаш йазбина меттигерчу композиторша. Поэтан стихашна т1ехь даьхна иллеш кест-кеста олу, эшарш а локху республикин эстрадин артисташа. Поэтан дуккха а стихаш оьрсийн а, балкхаройн а, х1ирийн а, кхечу а меттанашка йаьхна, йовзийтина луларчу республикийн литература йешархошна. Цул сов, Шерип ша а ву дика гочдархо. Цо нохчийн матте гочйина Д.Кугультиновн, Р.Гамзатовн, Ю.Кузнецовн, Ф.Алиеван, С.Гуртуевн, кхечу йаздархойн говзарш.

 Ала деза Шерипа 1987-чу шарахь Тбилисехь къоначу поэтийн Ерригсоюзни фестивалехь дакъалаьцна а, «Единая Россия» партин региональни отделенис д1айаьхьначу республикин литературин конкурсехь хьалхара меттиг йаькихина а хилар. Дукха хан йоццуш цо вовшахтоьхна «Нохчийн Республикин интеллигенци» клуб. Цуьнан президент Ш.Цуруев ву. Клубо боккха болх д1ахьо интеллитенцина йуккъехь. Вовшахтуху тайп-тайпана цхьаьнакхетарш а, республикин бевзаш болчу векалийн дахарехь хилла дика хийцамаш йукъараллина бовзийтар а, кхидолу г1уллакхаш а.

 Шерип Нохчийчохь «Яблоко» партин республикин региональни отделени йиллар д1адолийнарг а, 2004-чу шеран лахьаман баттера 2008-чу шеран чиллин батте кхаччалц оцу отделенин председатель а, ткъа 2008-чу шарера карарчу хене кхаччалц оцу партин Федеральни Советан Нохчийн Республикина т1ера декъашхо а ву.

Республикин культурин министерствехь йолчу йукъараллин Советан председателан заместитель ву Шерип. Къоман литература, журналистика кхиорна а, дуккха а шерашкахь кхоллараллин болх барна а «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца совг1ат дина цунна, Правительствон а, ведомственни а дуккха а кхин совг1аташ а ду Шерипан. Литература номинацехь «Дашо бух1а» совг1атан лауреат ву. Россин Йаздархойн союзан декъашхо, Нохчийчоьнан йаздархойн союзан правленин декъашхо, Россин журналистийн союзан декъашхо ву.

Магомаев Салавди