ЭЛЧАНАН АСХЬАБАШНА ТАIЗАР ДАР
Иймандиллинчу нехан Делах а, Делан Элчанах а (1.с.в.с.) тешар чIогIа долу дела, шайн динах ца бухуш, шайна дечу таIзаршна кIелахь бала а реза бара уьш. Дела реза хуьлда царна.
Ислам динан мостагIашна
Шайгахь ницкъ бу моьттинера.
Иймандиллинчу нахана
Iазап дан уьш хIиттинера.
Делан Элча (1.с.в.с.) бале лацарх,
Царна тоам ца хиллера.
Цхьанна а иза зене вацарх,
ТаIзарш дан а долийнера.
Шайн лаамехь дин тIелаьцна,
ГIийла, миска нах а хьийзош,
Къизалло шен орам хецна,
Зама йара дегнаш Iийжош.
Цхьа низам шайца доцуш,
Церан Iазап луьра дара.
Делан некъах шаьш ца бухуш,
Iазап лан уьш кийча бара.
Элчано (1.с.в.с.) шен туьрца кхерош
ТIеберзийна уьш бацара.
Бусалба дин шайна дезаш,
Элча (1.с.в.с.) къобал вина бара.
Элча (1.с.в.с.) къобалвина болчу,
Царна даим дара дагахь,
«ЛаилахIа иллаллахIу,
Мухьаммадур расулуллахI
Цхьана дийнахь Абу-Бакр
Элчанна тIе ваханера.
IубайдуллахIан кIант, ТIалхьат,
Ийман дилла цо вигнера.
Ша Делаца ийман дуьллуш,
Цу ТIалхьата тоьшал дира:
Шен дола деш Дела волуш,
Элча хилар даре дира.
«АллахI воцург кхин Дела вац,
Мухьаммад ву цуьнан Элча. (I.с.в.с.)
Iожал йоцуш вай лийр а дац,
ШапаIатан да ву Элча.
Хьол сийлахь верг цхьана хенахь,
Кху дуьненчу веъна ма вац.
Хьайчул сийлахь, йеза цIе а,
Цхьана дена тиллина йац».
И болх хиъча, ца тешаш берш,
ЧIогIа оьгIазбаханера.
Абу-Бакр, ТIалхьат аьшнаш веш,
Ший а вовшах вихкинера.
Абу-Бакра сацам бира,
Ша дIакхалха Хьабашате
Сихонца шен кечам бина,
Новкъа велира ХIижрате
Новкъахь цунна дуьхьал кхийти,
Шен тайпана тхьамда волу,
Ибн-ДугIун. Цо цуьнга хаьтти:
«Абу-Бакр хьо стенга воьду?»
Абу-Бакра жоп делира:
«Махках ваьккхина воьду со.
Дуьне ма-дду лела воллу,
Динан маршо кхузахь ца го».
Ибн-ДугIуна элира тIаккха:
«Махкахвоккху стаг ма вац хьо,
ЦIаверзахьа, хIай, Абу-Бакр.
Махкахь везаш стаг ма ву хьо».
Ибн-ДугIуна бохург дина,
Абу-Бакр цIавирзира.
Къурайшийн нах схьагулбина,
ТIаккха цаьрга цо элира:
«…ГIийлачарна ша гIодеш верг,
Вайна дика хIума деш верг,
Буобераш дукхадезаш верг,
Аш муха воккху и махках?!
Бохам хилла де эшна верг,
Зуламах ша ларвеш верг,
Миска нахана гIодеш верг,
Аш махках и муха воккху!?»
Ибн-ДугIуна шайга бохург,
Къурайшаша къобалдира.
Къобалвина нийсо лоьхург,
ТIаккха цара ма элира:
«Ахь дIаала Абу-Бакре,
Шен цIахь Далла гIуллакх де.
Къуръан деша, Iамал а йе.
Шена ма-луъу ламаз де.
Нах тIеийзош ма де хьехар,
Новкъарлонаш ма е ала.
Къуръан чIогIа, хезаш дешар,
Оха шена доьхку ала».
Ибн-ДугIуна Абу-Бакре,
Шега аьлларг дIадийцира.
Абу-Бакр аз айа ца деш,
Къуръан деша и вуьйлира.
Иштта иза Iаш а волуш,
Абу-Бакра ойла йира.
Шен декъа тIехь ша къахьоьгуш,
Цо цIахь маьждиг схьадиллира.
Цу чохь иза ламазаш деш,
Къуръан доьшуш Iен велира.
Наха цуьнга, баккхий а беш,
Хаза хеташ ладоьгIура.
Абу-Бакра Къуръан дешча,
Догдуткъалой велха воьлхуш,
Шайн берашна и дIахезча,
Дагахкхетарна шаьш кхоьруш.
Кхерабелла Маккий элий,
Ибн-ДугIуна тIекхайкхира,
Бехк баккхарца уьш бистхили,
Цара цуьнга дIахьедира:
«Шен цIахь Далла гIуллакх а деш,
Цхьанна новкъарло а ца еш,
Iийр ву иза тхайга аьлча,
Тхо тIетайра тхайга дехча.
Шен кертахь цо маьждиг дина.
ЧIогIа, хезаш Къуръан доьшу.
Йина чIагIо цо йохийна.
Делла дош шаьш юхаоьцу».
Ибн-ДугIуна тIаккха элира:
Абу-Бакр волчу вахана,
Вайн хилла барт ахь бохийна.
Со оцунна бехкал вахна.
Абу-Бакра элира тIаккха:
«Къайлах Iамал йийр ю аьлла,
Ас делла дош юхаийци.
Со цу новкъахь сецна ваьлла.
Дела везар тIех-совдаьлла,
Со сайн дашах воьхна хьуна.
Кху дуьнен чохь цула тоьлла,
Нийса, кхин некъ ца го суна.
Делан некъах гал ца вала,
Iазап лан а ву со кийча.
Бусалбашна хIун ду хала,
Сийлахь Дела-АллахI хилча».
Оцул тIаьхьа гуттар чIогIа,
Бале лецира Абу-Бакр.
Делах тешар дара чIогIа.
Дай хетара муьлхха таIзар.
Ислам динан юьххьехь цхьа а,
ТаIзар даза ца висира.
Иймандиллинчу цу наха,
Iазап ларца догIмаш зийра.
Хаббаб аьчкан пхьар ма вара.
ЧIогIа Iазап лайна вара.
Вайн Пайхамар Мухьаммадна (1.с.в.с.),
Дукхавезаш иза вара.
Умму-Анмар зудчо эцна,
Цунах шена лай винера.
Ислам динах шена хезча,
Хаббаба иймандиллинера.
Умму-Анмар карзах яьлла,
Цунна Iазап дан йуьйлира.
Ийман хIунда диллина аьлла,
ЦIийдина эчиг тIедиллира.
Ислам-дин дIатаса бохуш,
ТIех-сов къиза ша хьийзаварх,
Кхин а чIогIа динехь чIагIлуш,
Ийманехь и сов волура.
ЭхI! Масане бу уьш бийца.
Царах цхьаъ ву Абу-Зарр а.
Бала лайнарг доьналлица,
ГIифар тайпана и вара.
Иймандилла дага деъна,
Шайн махкара Макка веъна,
Абу-ТIалибан кIентан хIусмехь,
И сецнера Iали волчохь.
Iали волчохь хьаша хилла,
Кхо де-буьйса цо даьккхира.
ТIаккха цо ша иймандилла,
Элчанна (1.с.в.с.) тIе вигийтира
Цхьаъа тайпа шеко йоцуш,
Цуьнца ийман цо диллира.
ТIаккха КаIбат долчу кхочуш,
Аз айдина цо кхайкхира:
«Ас дог тешна тоьшалла до,
АллахI воцург кхин Дела вац.
Делан Элча (1.с.в.с.) ас къобалво,
Мухьаммадан расулуллахI!»
Цатешарш гIевттира тIаккха.
Абу-Зарр хьовзийра цара.
ГIоьртира и дохко ваккха.
И-м Делах сов тешна вара.
Исламан динах ца боха,
Хуьлура таIзар лан кийча.
Церан ницкъ кхочу сатоха,
Ислам-дин бакъ дин дуй хиъча.
И саннарш масане бара.
Царах цхьаъ – Хьабашин Билал
И цIена бусалба вара,
Iазап ловш цо хьегна бала.
Уьш, сийдеш, хьакъ ма бу, бийца,
Ийманехь шайн догIмаш зийнарш.
Цхьаннах а йиш йац уьш хийца,
АллахI воцчух цакхийринарш. Пашаев Нурди