Год истории-2024 год

Шеларчу жимчу Даудах лаьцна

Шелахь 1аш ву хьафизий школехь доьшуш волу жима Бисултанов Дауд Абдул-Бакиевич. Дауд вина 2014-чу шеран асаран беттан 22-чу дийнахь. 8 шо долчу жимачу Дауда дуьненахь а, эхартахь а шена пайде хин болу некъ хаьржина.

Оцу жимачу к1ентан дахарх  лаьцна ладоха а, цунах лаьцна статья йазйан а, кхиболчарна иза вовзийта  лиира суна.

Шеларчу хьафизий  школера директоран заместитель волчу Хадаев Шамаде цхьацца хаттарш дира ас, цо дийцира суна жима Даудах лаьцна:

«2022-чу шарахь т1еэцаран экзаменаш йара, оцу экзаменашка веана Дауд цигахь дика чекхваьлла  ву. Оццу шеран товбецан 5-чу дийнахь деша арадевла тхо. Тхан кхузахь, хьафизийн школехь уггаре а коьрта ши бехкам бу, 9-12 хенаш йолчарна, Къуръана т1ера т1аьххьарлера «1амма» жуз дагахь хааре. Дег1ана жима волу Дауд тхайна схьа гича, массара хьаста а хьаьстина, мел хан йу хьан? — аьлла хаьттира. Шен 8 шо ду элира Дауда. Ткъа оха 9 шо дерг бе д1а оьцуш ма вац, 8 шо хилча жима ву хьо, ларор вуй-те хьо, ницкъа-м хир бац-те хьуна? — аьлча, хир бац шен элира цо. Кхузахь хан йаккха волавелча, беттанаш д1аэха доладелча, ц1а сагатло хьуна, мамина сагатлуш хуьлу хьуна, аьлча, гатдийр дац ша элира цо. Мухха, жима ву  аьлла цкъа йукъа ца вуьтуш х1ума дира оха, ша йукъа ца витича, холча х1оьттина аравелира Дауд. Т1аккха массара а дехарш дича, чу а валийна цунна х1ун хаьа хьожуш хаттарш дича, вуно дика чекхвелира Дауд. Пхеаннаш дохуш  чекхвелира экзаменашкахь.

Дас-нанас т1ета1ийна а воцуш, шен лаамца веана ву Дауд хьафизий школе, вуно ч1ог1а ван  лууш веана. Дика доьшуш схьа вог1уш ву. Массо а х1уманна дика т1аьхьа кхуьуш ву иза, дика жам1ат ду цуьнан. Кхуза хьа веана х1окху 9 беттан чохь цкъа шен замечани йайтин вац иза. Массаьрца г1иллакхе а волуш, цхьамма цхьаъ деш гича, улле а х1уттий шега г1о дайта бохуш, оццул дика к1ант ву  Дауд. Сан лулахо ву Дауд, со воккха ве иштта лулахо сайн волуш».

Иштта вовзийтира вайна жима Дауд  директоран заместитела Ш. Хадаевс.

Дела реза хуьлда Даудан дена-нанна иштта ийманах дуьззина дог долуш к1ант кхиорна, иштта шайн доьзал ийманехь кхиош болчу дайшна а, наношна а.

Халидова Макка