ШАПТУКАЕВ ДОККА-ШАЙХ
Докка-шайх Девкар-Эвлара хилла. Бакъйолу цIе Iабдул-Iазиз хилла цуьнан, фамили – Шаптукаев. Тайпана – зандакъо. Накъшбандин тIарикъатехь болчу эвлайаийн силсилехь ву иза. Энгана-Эвлахь хьуьжар чекхйаьккхина цо. Докка-шайхан ден цIе Шоптукъ хилла, ненан цIе – ГIиста. Доккин хIусамнана ХIушта хилла. ЦIера Теркайистерчу Аьхкинчу-Борзера хилла уьш. Ши кIант: Iусама, Хасуха, кхо йоI: Бани, Меси, ХIали — доьзал хилла цуьнан.
Шоптукъ дуьненан Iилма долуш хилла. Къуръан деша хаарал сов, цуьнан маьIна дан а хууш хилла цунна. Шайн йуьртахь а, луларчу йарташкахь а къеда лаьттина иза дуккха а шерашкахь.
Докка-шайх дуьнен чу ваьлла 1838-чу шарахь. Доккин устаз Элах-Молла хилла. Шен устазан тешаме мурид хилла Докка. Элах-Моллас, ша махках ваьккхича, шен муридашка дIахаийтина хилла, шен метта Докка ву шуна дагадовла аьлла.
Лелош шен бахам хилла цуьнан. СагIа даларехь комаьрша хилла иза. Къамел дукха деш а ца хилла цо.
Эвлайааша вовшашца гергарлонаш лелош хилла. Эвтарарчу Iовдин а, Доккин а гергарло къаьсттина чIогIа хилла. Iовдас сих-сиха олуш хилла Докке: «Вайшиъ цхьана дийнахь дуьнен чу ваьлла, цхьана дийнахь эхарта дIаверза везаш а ву», – олий. Иштта нис а делла иза: 1914-чу шеран товбецан беттан 13-чу дийнахь Девкар-Эвлахь дIакхелхина хьалхо Сибрехара цIа веана волу Докка а, генарчу Калугехь волу Iовда а.
Докка дIавоьллина Девкар-Эвларчу кешнашкахь. Муридаша зерат дина цуьнан коша тIехь. Гергарнаш а, муридаш а хуьлу цигахь сих-сиха. Цара доIанаш до, Деле къиношна гечдар, дуьненахь а, эхартахь а гIодар доьхуш.
Дала зерат къобалдойла цига мел вогIучун!
М. Заурбеков