Год истории-2024 год

Нохчийн халкъо беза мах дIабелла тIарикъат лардан а, вайн устазашка а, эвлайаашка а сий-ларам хилийта а

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа

Вайн берриге а шайхаш, эвлайааш,устазаш Делан сийлахь-йоккхачу, йезачу цхьана зIенан йеза чIагарш йу. Церан хьехамаш тIаьхьенаша тIаьхьенашна буьйцуш схьабеана, кхул тIаьхьа дIахьур а бу. Уьш АллахI-Дала кхоьллина бу Шен лайш нийсачу некъа тIе нисбархьама.

Муьлхха вирд хьоьхуш хиллехь а, цара массара а собаре, гIиллакхе, оьзда, хьаналхиларе кхайкхина. Вовшийн дезаре, бертахь, муьтIахь хиларе кхайкхина.

Церан дегнаш массарна а диллина дара.

Арсанов Дени-шайх

ЭВЛАЙААШ ВАЙНА ДЕЛЕРА БЕРКАТ ДУ!

Вайн везачу Дала вайн халкъах къинхетам бина – эвлайааш бахкийтина вайна! Ша вазвинчу Мухьаммад-Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) уммат ийманехь латто Дала бахкийтина бу уьш вайна. Мурдашна бусалба динехь нийса некъ бовзуьйту цара. Къуръанчохь долу Делан дош нахана довзуьйту цара, вайн Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннаташ довзуьйту. Вай ялсамане дуьгуш болу цIена некъ бовзуьйту.

Нохчийн хIора стага къобалвина цхьацца устаз ву. Амма хIетте а, цхьана а бусалба стеган бакъо йац кхечу устазана инкарло[1] йан. Церан цхьатерра лерам бан беза масссара а. Бусалба динехь дIанисдала вайна гIодинчу эвлайаийн, шайхийн сий-ларам бан декхарийлахь ву массо а бусалба стаг. Уьш вайн устазаш бу. Устаз вайна дерриге а диканиг хьоьхуш верг ву. Уьш Делан а, пайхамарийн а (Делера салам-маршалла хуьлда царна) гергара бу.

Устазаш вайн махкахь дуккха а хилла, иштта церан сийдеш халкъо царна зераташ доьгIна. Дуккха а йарташкахь ду уьш.

Бусалба динан дезачу деношкахь – марха лоцуш, марха достуш, йа хIора оршот-йеарин, иштта пIераскан деношкахь дуккха а нах хуьлу зераташкахь. Цара шайн устазе шайгара бала балхабо, дуьненахь Iитталуш йолу халонаш йуьйцу. Делан а, пайхамаран а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) орцанца дегIера цамгарш дIайоху дарба доьху, шаьш массо а вуочунах лардар доьху, йишина, вешина, гергарчарна гIодар доьху, шайн дех а, нанойх а къинхетам бар доьху.

Доггах кхайкхича, орца а кхочу цаьргара. Синош къинойх цIанло. Ойланаш паргIатйовлу. Сих-сиха йухаван даггара нийат а хуьлу.

Дала оцу устазийн-эвлайаийн лерам бан ницкъ лойла вайна массарна а! Амин!

Джамалуллейл Саййид-Хьусайн

Джамалуллейл Саййид-Хьусайн Къурайшийн цIийнах волуш, Маккара хилла. Дуьненчу ваьлла 18-чу бIешарехь. Ден цIе – Саййид-Салахь хилла. Вайн Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIаьхьенах ву иза.

15-чу бIешарахь дуьйна схьайогIуш йу и фамили. Мухьаммад цIе йолуш, эвлайаъ хилла церан цIийнах. Цхьана а буьйсанна вуьжуш воцуш, 30 шарахь Iамал-Iибадат[2]дина цуо. ТIакккха тиллина цунна и цIе – Джамалуллейл. «Буьйса хазйеш верг» бохург ду и Iаьрбийн маттахь.

90 шарахь ваьхна иза. Цуо йаздина вайн махкахь Элча хестош мовлад вайнаха доьшуш долу 150 шо ду. Иштта ГIалгIайчоьнан а, Дагестанан а цхьайолчу йарташкахь а доьшу иза.

Саййид-Хьусайнан кхо ваша хилла: Акил, ХIашим, Iабдуррахьман. Жима волуш дешар шен деца Iамийнера цуо. КхидIа дешар Маккарчу кIорггера Iилма долчу Iеламнахаца Iамийра. Да Саййид-Салахь шен кхо кIант а эцна, Саййид-Хьусайн Маккахь а витина, Мединате дIакхелхинера. Цигахь вайн пайхамаран маьждигехь имам хаьржира иза. Ткъа Саййид-Хьусайн Маккахь Аль-Хьарам цIе йолчу маьждигехь имам лаьттира. Ша дуьненчохь мел ву бина цуо и болх. Дуьненчуьра дIакхелхина 1884-чу шарахь. ДIавоьллина ву Маалят-кешнашкахь, вайн Пайхамаран (с.а.в.с.) хIусамнана Хадиджин уллехь.

Дуьненчуьра ша дIаволуш, шен бахамах йалх дакъа сагIина дIадекъна цуо–буоберашна, бисина Iачу зударшна, гIийла бохкучарна, ткъа иштта бусалба динан новкъахь къахоьгуш болчу хьаьжошна. Дисина цхьа дакъа йолана (аренда) дIаделла. Цунах хуьлуш болу пайда, мискачу нахана дIалуо аьлла, весет а деш.

Цуьнан тIаьхьенах болу доьзалш вайн махкахь бехаш бу, дуккха а йарташкахь.

Церан сийдан Дала ницкъ лойла вайна! Ийман лойла вайна!

ШАЙХ МУХЬАММАД-ЯРАГIИ

Шайх Мухьаммад-ЯрагIи тайпана акхашо (лезгин) хилла. Дагестанан Яраг-йуьртара хилла иза. Цигара схьа йу цуьнан фамили Ярагский (ЯрагIи). Дуьненахь а гIараваьлла воккха Iилманча хилла иза. Имамийн ГIеза-Махьмин а, Хьамзат-Бекан а, Шемалан а хьехамча хилла ву иза. Ваьхна шераш – (1771-1838). Цуьнан ден ИсмаьIилан хьуьжар хилла. Дуьххьара цигахь дешна цуо. Цул тIаьхьа Дагестанерчу гIарабевллачу Iеламнехан хьуьжаршкахь Iилма карадерзийна. Дуккха а меттанаш хууш хилла цунна. Накъшбандин тIарикъат вайн махка схьаделларг ву иза. Цуьнгара схьаэцнарг, йуха и кхидIа кхайкхийнарг эвлайаъ Ташу-Хьаьжа ву. Иштта даьржина и тIарикъат вайн махкахь а, кхечанхьа а.

Мухьаммад-ЯрагIин хьехамаш Кавказан дерриге халкъаш цхьаьнакхетаре кхойкхуш хилла. Дагестанехь цхьа а ца хилла Къуръан хаарехь цуьнга кхочуш. Дала деллера цунна и. Дагестанан массо маьIIера бусалба нах тIеоьхура цунна. Цуьнан цIе лераме йолуш дIахIоьттира Турцехь, Бухарахь, Персехь. Далла гIуллакх даран новкъахь кхечарна масал хилла, дIахIоьттина, лаьттина и.

Шайн йуьртахь хьуьжарехь хьоьхуш хилла иза. Цуо хьоьхуш кхиийна гIарабевлла Iилманчаш, динан дай. И бахьана долуш церан жима йурт Вини-Яраг цхьана Кавказехь евзина ца Iара. Россехь а, Малхбалерчу ерриге бусалба пачхьалкхашкахь а евзира.

ХIусамнана йара цуьнан, Iайшат цIе йолуш. Доьзал бара: ши кIант – Хьаджи-ИсмаьIил, Исхьакъ; йоI – Хьафисат. КIентех бусалба динан Iилманчаш хилира, йоI имаман ГIеза-Мухьаммадан хIусамнана хилира.

Вайн махкахь накъшбандин тIарикъатехь болчу эвлайааша мурдашна тIедехкина вирдаш ду. Массо вирда йукъахь Мухьаммад-ЯрагIи ву. Цунна къастийна мел кхайкхабо цара.

Дала и мел дIакхачабойла! Дала Шен дуьхьа дойла и церан!