И М И Д Ж
Цкъа цхьаъ лаьцна белар, тигр схьакхетар дар-кх тхох, – олура Iалмана, со къовллий мара а вуллий, гонаха болчаьрга, воккха-жима бен а доцуш, cо гуча воллушехь, дIайоьрзуш доллу тезет и делахь а. Вуьйш бийлалора, и кхуьнан гIийла меттиг йуйла а хууш.
И тема шена уллора йолу дела, сох бахьана дора Iалмана, меттиг йолур-кх цунна и шен силдукха деза хIума хьахо. И хьахош самукъа а долура чIогIа. Шен аьлларг хилча, цIа а воьрзур вацара оцу Iаьмнашкара. Накъост а оьшура шеца дIалела.
Цхьана билгал даьккхинчу дийнахь, со а реза хуьлий, кечамаш бо охашимма, нIаьний а охкуш лаьттара.
И Адам боху цIоькъалом ду олу схьаэца дезаш, дера ву и чIогIа хьуьнаре а, говза а чIерийлецархо. Хьалха тилпо а тоьхна, Устрада-Эвлара и схьаэца вахана тхойшиъ, дукха веха Iа иза араваьлла ца волуш.
– И болх шена дика бевза дела ду хьуна цуьнан и хьаькаман гIиллакх-амал, – ойла хьоду сан, Хем енгуэйн «Cтарик и море» дага а тосуш.
Адам вистхилар кIезиг а долуш, цхьа ша-шеца ойланехь стаг ву, дукха тишйаларна зарзйелла самбреро а йолуш коьртахь. Машенан багажника чохь чIогIа лерина дIанисбо цо шен гIирс, цкъа дIабиллинчара йуха схьа а оьций кхечанхьа а Iуьттуш, кестта и гIирс кхин меттах хьебийр боцуш санна.
Басна Iаьржачу аматехь ву, йа иштта дIа мохо-малхо Iаржвина хила а мега, хин йистош ларйеш лаьттачахь.
Суьйранна довлу тхо новкъа, буьйса цигахь а йоккхуш, хин буха тосу мIерий а дугIуш аьлла. Iаржйаллале дIа кхиа а гIерта, машен чехка хахка а ца даьхьаш. Автоинспекцин белхалой хуьлу кIелонаш а йой Iаш, дитташ тIехьа левчкъина.
Оцу Iома цуххе дIакхачарца, массо а сихло шен-шен гIирсаш хи чу ласто. Со воцург. Соьгахь и говзалла йац. Iалмане сайн леска тIе луьйзуш йолу туьппалг нис а йойтий, жимма дIанехьа а волий, дIаластабо ас мIара…
Оцу балхо ткъех минот йойу, кхара гIам-гIим а деш, йуха Iалмана: – Хьай, даьдиса хьан, тигр, – бохуш.
Дарйелла берзалой санна схьахьовсу, аьлча а, тIебоьрзу хIорш суна. Кхеран лесканаш тIехула кхоьссина хилла ас сайниг, иштта дIа, пурх.
Со-м йуьхьIаьржа ву, тIехIоьттина лаьтташ а.
ТIаьххьара а вовшахтийсаделла долу мIерий дIаса а дохий, цхьабосса схьа хьовсу соьга. Со кхета. Гена вала бохург ду, схьагарехь, мелла а гена.
Йуьстаха а волий кхуссу ас хIинца-м мIара… Нана йала-кх оцу кхоссаран, шен нана…
Кхарна го. Боьлу. Хьалха ца боьлура, шайна зен дина хеташ.
Хьирчинчу сайн мIеран гIирсийн йуьхьиг а ца карайо суна, йа чаккхе а. Вехха воллу со, йуха, цунах гIуллакх а ца хуьлуш. Адаме-м олийла дац, кIорга хIара болх бевзаш волу, имидж лакхара а йолуш, Iусмане кхойкху Iалман: – Хьажахь, гIо дехьа оцу кIантана… Цахь Iийнехь а-м дацара хIуммаъ, – олий тIе а тухуш.
Со, вела аьшна а хуьлий, дIахьожу. Хичаш йо кхо, бIарга негIар а таIош, хурашкин лаба санна, – Шек дIа ма шека хьо, борз, шек дIа, все впереди! – мохь а тухуш.
Церга балда а лаьцна воллу со. Кхин ца хIутту со мIара дIаласто. Iаржлуш лаьтта. Леска йац а йой, тIе поплавок а йоьхкий, бердана улло чу кхуссу ас.
– ВохI, вохI, – воьлу Iалман, – хIинца рыбак хилла воллуш воллу, цхьа мекхаш-мирза такхо воллу шуна, воьлуш мохь хьокху Iалмана чIерашна хазарна а ца кхоьруш.
Оцу буса бинчу белхан жамI дича, цхьа соьман цIога ала мегар долуш чIеран хIума лаьцна Iалмана, оха кхаамма хIумма а ца лоцуш. Со-м стенна вуьйцура, буьйса дукха гена йалале, Iалманан «Волги» чохь дIавижна волу, стиглара седарчий а дагардеш, раз-пурх, айса Iам чу лестийначу мIеран лар-тачанца Iалашо лоьцуш санна…
…МIара лаьцна лаьтташ волчу хьуна хьалха, хин тулгIе а ойбуш, аренца буц санна тIе йевлла йараш а йолуш, инзаре боккхачу чIеран корта го, бIаьргаш хьуна тIе а бугIий, хьоьга хьожу, йуха, ша гиний хиъча, дIакерча, цIога а тухуш хьуна хьалха хи чу. Леска йулало пондаран мерз санна, хьо чу такхаво, мIара карахь а болуш…
Хи тIехула хахкавелла хьош ву хьо торпедан хьесапехь, вуха хьажа а ца ларош.
Маьхьарий хеза кхара хьоькху, кхаамме а:
– ДIахеца мIара, дIахеца, хи буха хьур ву хьо, дIахеца!!!
Иза генна тIаьхьа хеза хIинца.
Карара мIара дIахецале Iалашо лоцу ахь берда тIе, карара мIара дIахецча хьуо дIакхачийта, хин йуккъехь а ца вуьсуш. Кхерам хета йукъахь виса, чIеро дIакхалла а мега.
Цхьадика хьан Iалашо кхочуш хуьлу, бердаца лаьттачу йарийн къух шина декъе а доькъуш, гIамаран гIайре тIе хахкало хьо, гай дIа а хьокхуш, цхьа серло а хаалуш хьалха, мина иккхича санна… Самаэккха… БIаьргаш хьекхабо, хиллачух кхета гIерташ. Мохь бетташ хеза йуха а, хIинца-м самаха:
– ХIе-е-ей, мIара дIабаьхьна хьан, хьалагIатта, чай мукъане а мала, цIадахча хьох жоп дала а деза тхан, – бохуш бийла а буьйлуш.
ДIа къамеле девлча, дакх-даккхий чIерий дIадахана хуьлу кхеран, хеца а лой, кхара тIаьхьа мохь бетташехь, кхойкхуш, дехарш дешшехь.
Генна дIахьаьжча, Теркан аса йу гуш. Кест-кеста, куршки чуьра чайнан къурд а беш, бIарг кхарстабо Iалмана:
– Терка тIе дIадаха деза вай, хIара дош дац, хьенех 1овдал ца хилла, чуьркашка шен цIий а ца муьйлуьйтуш дIавижна волу… Вайл гIоле хилла…
– Уой, вай чIерий леца даьхкина ма ду, дийшина Iахка даьхкина ма дац,- олу Адама тIаххьар а, йуха дуьххьар а шен чIагIаллин дош.
– Иза а нийса ду, чIерий леца веанехь, чIерий леца деза, – тIетов важа шиъ.
Чай меллачул тIаьхьа, тхайн сал-пал схьа а гулйой, Терка йисте дIадоьлху тхо. Схьагуш уллохь хеттехь а, дикка генахь хилла и.
Йуха а дIаса баржабо оха гIирсаш. Адама, хин йахаллин барамца йуккъера меттиг дIалоцу, цхьаъ боьг1на а ца Iаш, ши мIара а бугIуш. Iалманний, Iусманний лакха хьала воьду. Кхин дIа коьллаш йу. Уьш кхераме йу, мIерий дIатийсадаларна.
Охьа ваьлча а йу коьллаш, дитташ а долуш лекха. IиндагI а лаьтта тIуналла а хаалуш.
Со дIаса хьоьжуш а лаьттий, охьанехьа волу, IиндагI мелла а шуьйра долче. Малх а бу гIаьттина а балале, йалгIу чохь санна кхарзалуш, мIара дIаласто меттиг а йац. Сан меттиг йу-кх, цIенна сан меттиг. ТIехула тIе мIара дIаласто цIахь Iамаде аьлла кхара соьга, шерачу майдана а валий.
Cуна-м кхаьрца цхьана могIарехь латтар а доккха дозалла ду. МIера тIе цхьа кегийчех (Адама даккхийнаш дIа а къастийна дисина долу) нIаьна а тосий, дIахIутту со.
Жимма хан йаьлча, мIара коьллех тасабелла а моьттий, ас леска хьалаозийча, чIеран корта ган кхуьу со, цо чIогIа хи буха озайо леска. Тохаделлачу дагца, цIий а хьодуш пхенашца хьала, йуха а озайо ас леска, туьппалгана тIе а луьстуш…
Хьалабоккху ас чIара, берда тIе, цициг санна кхоссалой саца а беш, йуханехьа хи чу ца божийта.
Адам цкъа схьа хьожу, сан лески тIехь бетталучу чIере, гарна кхоьруш санна, хазахетар ца доькъу-кх соьца. Бакъдерг дийцича, декхарийлехь а-м вац иза. Ца хууш лаьцна эр хир дара цо, йа иштта моьттина. Харц а хир вацара иза. Суна а ца моттара, айса иштта сиха чIара лоцур бу.
Кест-кеста Адам лаьттаче дIахьожура со. Наг-наггахь охьа а таьIий, мIеран гIаж а нисйеш, дIабоьгIна бIогIам санна лаьттара иза.
Иза иштта сарралц лаьттира цигахь, кхин меттиг а ца хуьйцуш, наггахь ас чIара лаьцча, цхьана мIаьргонна бат схьа а йерзош. Ас шийтталгIа чIара лаьцча веара иза суна тIе:
– Ванах, кIант, хьо стенца лоьцуш ву и чIерий, – доьхначу, лахделлачу озаца.
Ас, цо схьаоьцуш бисинчарех ши нIаьна дIагойту, сирнникел а боцу.
Iалманний, Iусманний а вогIу тхойшинна тIе:
– Адам, ахь мел хIун лаьцна?
– ВаллахIи-биллахIи, хIокху накъоста шега-м ца кхачийти цхьа чIара а…
– Кхахь, кхахь, кхахь, – олий, велало хIара шиъ, тIараш а детташ голаш тIе, – бой-м ца теснера кхо хьуна дуьхьал, Теркана пурх… Хьа-хьа-хьа! Ас элирий хьоьга хьастагIа, вайн полкехь кхин цхьа рыбак тIе кхета мега, аьлла, – ахI-ихI-ухI!.
– Уха йан йеза хIинца, уха, – олий, ша сийсара лаьцна болу чIара аьлча а, «чIеран цIога» кхуссу Iалмана сан чIерашна улло.
Ибаев Руслан