Год истории-2024 год

Хуур ду хьуна

Бусалба ох1ланах кхоьллина хьо волу

Ша цхьаъ веш, Элча бакъ велахь ва баьхна.

Хьох къайле ва йина, хьо кхалхон ва волу,

Хьайн Дела вицви ахь – хуур ду хьуна.

Б1аьргаца, лергаца, ког – куьг хьан нисдина,

Могашаллин совг1атна х1ара дуьне хаздина,

Дуьненан рицкъана йукъара ва хилла

Хьайн Дела вицви ахь – хуур ду хьуна.

Шен парзаш кхачушдар хьуна т1е диллина,

Дай, наний ва дезаш, лералахь, ва баьхна,

Уьш реза барца бен, гечдийр дац ва баьхна,

Делан дош дицди — хуур ду хьуна.

Кхоьллинчу вайн Деле хьо шайна вехча,

Къанделча, тишделча, 1алашдан везна,

Шаьш делча, д1адерзон йахь йолуш везна,

Дай, наний дицдий ахь – хуур ду хьуна.

Дуьненчу ваьлчахьана, хьох воккхавийна,

«Сан деган стом» бохуш, шен дагчохь хьистина,

Шен б1аьрган нур санна, хьо дукха везна,

Хьайн Дада вицви ахь – хуур ду хьуна.

Исс баттахь шен кийрахь хьо хала лелийна,

Дуьненчу ваьлчахьана, ахь дукха хьийзийна,

Шен дег1ан са санна, хьо дукха везна,

Хьайн Нана йелхий ахь – хуур ду хьуна.

Ийманан г1иллакхаш шаьш хьуна хьехна,

Ламазций, мархиций нисвалар лехна,

Эхартан 1азапах хьо ларван лиъна,

Дай, наний делхий ахь – хуур ду хьуна.

Шаьш шайна кхоийна, мерзаниг даийна,

Нийсарел тоьллариг ахь йуха ва лиъна,

Г1елвелла хьо вайча,  дог доьлхуш лелла,

Дай, наний делхий ахь – хуур ду хьуна.

Дай, наний чехадеш, йуьхь1аьржа х1иттош,

Шаьш санна болчарех и шиъ а хьегош,

Дел, ненал хьомсара хьайн зуда лоруш,

Церан дог дохий ахь – хуур ду хьуна.

Бакъ долу дай, наний – харц дина хьийзош,

Хьайн зуда бакъйина, и хьайха кхардош,

Доттаг1ий, лулахой т1аьхьашха белош,

Осала лийли хьо, – хуур ду хьуна.

Къинхетаме шен б1аьргаш мел-хица белхош,

Набар-тар д1атоьттуш, кхиийна нана,

Хестаме эшарца хьан ага техкош.

Ма атта йицйи ахь – хуур ду хьуна.

Ваханчохь хьевелча, тоха са доцуш,

Ц1а варе сатуьйсуш, дегнаш б1арзделла,

Баланехь дахкийна хьайн цхьаъ бен доцу

Дай, наний дицди ахь – хуур ду хьуна.

Вайн Делан ва кхиэле вирзина ваьлча,

Цу Делан ва 1едал барт хетта доьлча,

Дех, ненах дерг хоьттуш, хьо хьийзо волийча,

Байттамал, пайда бац – хуур ду хьуна.

Шен парзаш, суннаташ кхочушдеш леллехь а,

Дай, наний резадеш, хьо хилла вацахь,

Делан дош ч1ог1а ду – гечдац ша аьлла.

Дакъаза ца вала – ойла йеш хила.

Дай, наний ва хьастий, къинтера даккхий,

Летийнчу къиношна хьо дохко валий,

Кхоьллинчу вайн Деле хьо нисвар дехий,

Валарна кечлохьа – карор ду хьуна.

Умаров Султан