МУЗРИЯТ
Бисмиллах1иррохьманиррохьийми
- Йа Рабби солли 1ала
Мухтари мин музарий,
Вал эмбийа, вал жами
1иррусли ма зукиру.
2. Музарха ша хаьржинчух,
Дела, къинхетам белахь,
Пайхамарех, Элчарчех,
Уьш хьехабар мел лаьтта.
3. Асхьабашца, тайпанца,
Цунах къинхетам белахь.
И асхьабаш бу уьзуш, —
Динан къайле ларйинарш.
4. Цуьнца г1азот латтийна,
Делан дуьхьа къахьегна,
Х1ижрат дина, г1о лаьцна,
Элча шайга хьабийна.
5. Къинхетамах ц1енаниг,
Сийлахь кхиар сов дериг,
Халкъ 1абадеш, 1атт1ари, —
Салват Элчанна хуьлда!
7. Ц1енчу мисках иэдина,
Делан Ризван шех тоьхна,
Шен т1ийбах сов тоьхнариг, —
Салват Элчанна хуьлда!
8. Г1амаран-лаьттан буьртиган ц1арах,
Б1оллун, бецан хелиган ц1арах,
Седанан, жаг1ан 1аданан ц1арах,
Салват Элчанна хуьлда!
9. Хенан г1ан-патаран ц1арах,
Делан массо хьаьркан ц1арах,
Уьш дешаран, яздаран ц1арах,
Салват Элчанна хуьлда!
10. Ламанийн мискъалан ц1арах,
Хин т1адамийн 1ададан ц1арах,
Хин, дог1анан т1адаман ц1арах, —
Салват Элчанна хуьлда!
11.Акхаройн, олхазарийн ц1арах,
Ч1ерийн, даьхнийн 1ададан ц1арах,
Адамийн, жинийн, малийкин ц1арах, —
Салват Элчанна хуьлда!
12. Кегий, даккхий зингатан ц1арах,
Делан массо буьртиган ц1арах,
Массо чонан, пхьелаган ц1арах, —
Салват Элчанна хуьлда!
13. Хьан 1илмано гуобарехь,
Хьан кхоллам ша леларехь,
Хьуна лааран барамехь, —
Салват Элчанна хуьлда!
14. Азал заманахь дуьйна
Ахь халкъана деллачу
Хьан ни1матан барамехь, —
Салват Элчанна хуьлда!
15. Пайхамараш, маликаш
Шеца сийлахь хиллачу
Элчанан сийлаллин ц1арах
Салват Элчанна хуьлда!
16. Адам-Элчанахь дуьйна,
Ахь дуьненчохь кхоьллинчу
Г1овттадаллалц хиндолчу ц1арах, —
Салват Элчанна хуьлда!
17. Стиглан, лаьттан ох1лано
Б1арг айбарехь, туохарехь,
Хьажор, белларан барамехь, —
Салват Элчанна хуьлда!
18. Стигла, латта, ламанаш,
1арш а, курс а шех дуьзна,
Дуьненчохь а ца тарлуш, —
Салват Элчанна хуьлда!
19. Карийнарг ша д1аоьцуш,
Доцург ша карадойтуш,
Делан къудрат мел лела
Салват Элчанна хуьлда!
20. Дагардалар совдолуш,
Заманаш чохь ца тарлуш,
Хьуна доза ма хаъара,
Салват Элчанна хуьлда!
21. Мусалли шега хьоьжуш,
Г1аят, чаккхе шен йоцуш,
Зама, барам шен боцуш
Салват Элчанна хуьлда!
22. Салам шеца иэдина,
Массо дагардаларан ц1арах
Комаршонца сов доккхуш
Салват Элчанна хуьлда!
23. Дерриг 1адат шалха деш,
Цуьнан шалг1о совйоккхуш
Акъдаре Да, хьоьга кхойкху, —
Салват Элчанна хуьлда!
24. Хьуна лааран барамехь,
Ахь омра а ма-дарра,
Хьо реза а ма-варра,
Салват Элчанна хуьлда!
26 Х1ара салават диллинчунна,
Кхуьнга ладоьг1начунна,
Массо бусалбанашна,
Я Рабби, Ахь гечделахь!
27. Тхан дайшна, тхан наношна,
Доьзалшна, лулахошна, —
Тхо дерриг а хьашт ду Хьоь, –
Я Рабби, Ахь гечделахь!
28. Шайн дукхаллин сай йоцуш,
Къинош алсам хиларах, —
Хьайн гечдар Ахь сов даккхий,
Я Рабби, Ахь гечделахь!
29. Г1айг1а алсам хиларо
Сайн са къахьдеш, со хьовзий…
Хьесталуш, дог кегделла, —
Я Рабби, Ахь гечделахь!
30. Жаг1о тасбехь шен карахь
Динчу Элчанан дуьхьа,
Дуьненахь а, къематдийнахь –
Я Рабби, Ахь гечделахь!
31. Хьайн гечдарца тхан елаш,
Я Рабби, совъяхалахь!
Хьан къинхетам боккха бу!
Я Рабби, Ахь гечделахь!
32. Шен мадхьунгахь аяташ
Дала шега диссийнчу,
Халкъал дика ша волчу
Т1ах1а Элчанан дуьхьа.
33. Малх кхетаран барамехь,
Бутт къагаран замангахь,
Халкъал дика волчунна
Салват, салам хуьлийла!.
34. Пайхамарел т1ехьа ша
Динна г1о деш х1оьттинчу
Халифат-Сиддикъана
Дела реза хуьлийла!
35. Шен дашца харц-бакъдериг
Къастош-хадош волчунна
Хатт1абан во1 – 1умарна
Дела реза хуьлда-кха!
36. Шина нуьран да ша волчу,
Хазчу х1уманан Лам болчу
1аппанан во1 – 1усманна
Дела реза хуьлда-кха!
37. Хьасайн, Хьусайн, 1елина,
Пат1иматна, Зах1раана –
Сийлахь ох1ла болчарна
Дела реза хуьлда-кха!
38. 1убайдат, Зубайрана,
Са1ид Т1алхьат Са1дана,
1овпан во1 ша волчунна
Дела реза хуьлда-кха!
39. 1уьйре къагаран давамехь,
Буьйса йоларан заманахь,
Доьзалца, шен накъосташца
Дела реза хуьлда-кха!
40. Мовла ясалли васа лим
Даиман абадан
1ала хьабибика хайрил
Халкъи куллих1ими.
Комментарий к Музрияту:
1 Музархи – бух мудар. Уггара тоьллачех, бохург ду.
2 Х1ижрат – Элча Маккара Мединате воьдуш цунна т1аьхьа йа цуьнца бахар, олу. 3. Миска, т1ийба – хаза хьожа йог1у бецаш.
4.Ризван — реза вар.
5. 1адад –дагардаллар
6. Пхьелаг-мас.
7. Акъдаре-ницкъ.
8. Т1ах1а – Сийлахь.
9. Давамехь-барамехь.
Шен дас Джунайда олуш хезначуьра зорбане кечйина
Заурбеков Мас1уда