БАТУКАЕВ АХЬМАДДУКЪ-ХЬАЬЖА
Тайпана курчало хилла иза, накъшбандин тIарикъатехь а волуш. Вайн махкахь дуьххьара алссам ийман диллийтина волчу Берса-шайхан тIаьхьенах ву Ахьмаддукъ-Хьаьжа. Лаха-Неврерчу Iусман-Хьаьжас кхиийна хилла иза. Цуьнгарчу Iилманах, тIарикъатан некъах пайдаэцна Ахьмаддукъ-Хьаьжас.
БоргIанерчу Iабдуллаб-Хьаьжин мурид хилла иза. Цуьнга шайхалла делларг и ву бохуш, чIагIдо цуьнан муридаша. Ткъа цо иза схьаэцнера йезачу Мединатерчу шайхера Мухьмад Матзарера. Иштта йу оцу шайхийн накъшбандин тIарикъатан зIе.
Дала хиндерг хаар шега делла хилла Ахьмаддукъ-Хьаьжа. Iусман-Хьаьжа дIаваьллачу буса хьеший хилла Ахьмаддукъ-Хьаьжа волчохь. Iуьйра-ламаз дина ваьлча, хьеший самабаьхна цуо.
– ГIовттий, сиха лелалаш, Неврера Хьаьжа дIаваьлла шуна, – аьлла цо.
– Мила веана хаам бан? – хаьттина цхьамма.
– Веана стаг вац, гIенах цуьнан са стигала хьаладоьдуш гира суна. Цунах хаьа суна и бакъ хилар,
– элира Ахьмаддукъ-Хьажас
ХIорш, кечамбина, новкъа бевлча, дуьхьалкхеттачу стага и хаам беана кхаьрга.
Иштта бу оцу эвлайаийн белхаш, хила доллучу хIуманна синош тIекхуьуш.
Шайхан Ахьмаддукъ-Хьаьжин муридаш бу дуккха а йарташкахь. Дела везаре, вовшашца магаре, исламан динехь нисдаларе кхайкхина цо шен хьехамашца.
Дела хьехор алсамдаккхийта, вирдаш тIедехкина оцу устаза ша къобалвинчу муридашна.
Муридаша зерат дина цуьнан коша тIехь. ТIехьа-Мартан кIоштарчу ШаIми-Йуьртахь ду иза. Бусалба динан дезачу деношкахь дуккха а нах хуьлу цигахь, Деле дерриге а диканиг доьхуш, доIанаш деш.
Дала къобалдойла церан зерат! Дала жоп лойла бусалба наха дехначунна!
М. Заурбеков