Разное

Пайдаэца «Госуслуги» порталах!

Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон 2015-чу шеран хьаьттан (август) беттан 24-чу дийнахьлерчу №1/6080 планан 11-чу пунктаца (пачхьалкхан а, муниципальни а услугашна электронни кеп лелош болчу бахархойн терахь 2018-чу шарахь 70 проценте кхачор) а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон 2018-чу шеран хьаьттан (август) беттан 24-чу дийнахьлерчу №272 омрин 3.2 пунктаца а догIуш, Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалахула йолчу Урхаллин Байсангуровски кIоштехула йолчу миграцин отделас «Госуслуги» порталах жигара пайдаэцийтаран Iалашонца хаам а, кхайкхам а бо.

«Россин Федерацин пачхьалкхан услугийн портал/Госуслуги» – справочно-хаамийн интернет-портал (сайт) ю. Россин Федерацин терахьийн кхиоран а, зIенан а, шуьйрачу коммуникацийн а министерствос бинчу хаамца нийса а догIуш, оцу Портала тIехь дIаязбеллачу бахархойн терахь чекхдаьллачу 2017-чу шарахь 65 млн сов дара.

Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалахула йолчу Урхаллин Байсангуровски кIоштехула йолчу миграцин отделас хаам бо «Госуслуги» портала тIехь вахархо дIаязвелла хилчахьана (регистраци йина), Россин Федерацин вахархочун паспорт даккхийта а, хийцийта а, иштта, Россин Федерацин вахархочунна кхечу махка ваха-ван оьшуш долу арара паспорт даккхийта а, хийцийта а оьшуш долу кехаташ а, рагI а ца ларъеш, шен чуьрчу компьютера тIехь а, кисанарчу смартфона тIехь а чудала цуьнан йиш а, аьтто а хилар.

Цуьнан атталла а, дикалла а, гуш ма-хиллара, паспорт хийцийтаран а, даккхийтаран а гIуллакх сиха а, атта а чекхдаларца йоьзна ю.

Пайдаэца кхузаманахьлерчу хаамийн технологех! Пайдаэца «Госуслугех!