НАЗМА
(Элча дуьненчу валар)
Халкъ кхоьллинчу везчу Дала
Халкъ кхолла Шена бахьана хилча,
Хьомсар Элча кхолла лиъчи,
Макка цунна йазйир Дала.
Беркатаха Макка йуьзир,
1аламатах дуьне дуьзир,
Хьоме хьаша кийра кхаьччи
Даржехь лакха нана йелир.
И бер шеца долчу хенахь
Аминат д1а йижинера,
Аминате Везчу Дала
Г1ена кхоьлах хаам бира.
Ладаг1алахь ва Аминат
Хьоьга кхаъ Ша баккха волу
Шен ц1арах Ша ц1е хоьттина
Ша вазвинарг вай хьоьци-ма.
Массо а нахал Шена везна,
Наханачул Ша дукху везна,
1аламатах къинхетам беш,
Холкъа Эли вай хьоьци-ма.
Кхана-лама т1ейог1учу
Гергга йолчу заманашкахь,
И дуьненчу ваьлча хьана
Мохьаммад ц1е тилла цунна.
Т1аккха коча олла цунна
Ша кечдина йара хьайкал,
Амината боху т1аккха,
Наб йайна ша самайаьлча,
Кхетамана метта йеъна,
Б1аьрг биллина д1ай-схьай хьаьжчи,
Дашо йоза т1е йаздина
Уллохь х1айкал карийра шена.
Цу т1ехь Дала йаздинера
А1ийнуллах1, би1айниллах1,
Лаилах1а Ил-аллах1у,
Мохьаммад йа Расулуллах1.
«Халкъо йаьккхина назма»