Бамат-Гири-Хьаьжин (1овдин) вирд
Иштта ду 1овдас шеца тоба дайтинчу а, шеца ойла сецначу а муридашна т1едехкина вирдаш.
Хьалхара вирд
Х1ора ламазана т1аьхьа пхоьазза «Астаг1фируллах1» эр ду, 100-зза «Лааилаах1а иллаллаах1у» эр ду, пхоьазза пайхамарна «салават» дуьллур ду.
Мел иштта кхайкхор бу: А1уузу биллах1иминаш-шайт1оониррожиим. Бисмиллах1иррохьмааниррохьиими. Айса х1инцца лааиллах1а иллаллах1у бохуш динчу 100 зикран мел Делан Элчанна Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бели ас, сайн устазана бели ас, цаьршинна йуккъе баьхкинчу эвлайаашна бели ас. Веза-Воккха Дела, соьгара ц1ена совг1ат дай, и мел цаьрга д1акхачабе Ахь. Хьайгара къинхетам, Элчанера шапа1ат, устазера шапа1ат, беркат, шовкъ, марзо, хьал – пайда – асар соьга а, соьгахула со хьашт долчаьрга а кхачаде Ахь.
Аллах1умма соли 1алаа Мухьаммадивва 1алаа аали Мухьаммадив-ва саллим. Бихьурмати сирри сууратил-фаатихьах1, аьлла патихьат доьшуш дерзор ду.
Массо а вирда т1ехь дог1уш ду йух-йуха йаздина ца хиларх. Муьлххачу а вирдан мел кхайкхош бисмилла ала деза.
Шолг1а вирд
Х1ора 1уьйра ламазана т1аьхьа 100 салават дуьллур ду (дуьненчу малх кхетале). Кхи вирд даьккхича малх кхетар белахь, х1ара хьалха даккха, кхуьнан мел кхайкхор бац. Цунна т1аьхье 100 «къулх1а» доьшур ду (х1ора «къулх1анна» хьалха «бисмилла» эр ду).
Мел иштта кхайкхор бу: Айса б1озза дешначу «къулх1анийн» мел Делан Элчанна Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бели ас, сайн устазана бели ас, цаьршинна йуккъе баьхкинчу эвлайаашна бели ас, Элчана асхьабашна: Абубакар-Сиддикъана, 1елина, 1умарна, 1усманна бели ас (Розийаллах1 1анх1ум), Дела реза хуьлда царна.
Веза-Воккха Дела, соьгара совг1ат дай… (хьалхарчу вирда т1ехь санна чекхвер ву).
Важиб долу вирд чекхдели. Кхид1а кхоъ вирд ду суннат долуш.
1-ра суннат вирд
Дийнахь-бусий х1ора ламазана т1аьхьа цхьацца бІе, йа цхьаьна пхи бІе Лааилаах1а иллаллаах1у боху зикр дийр ду.
Х1ора бІенна хьалха кхузза астагІфируллахІ эр ду, т1аьхьа кхузза Аллоох1умма солли Іалаа Мухаммадивва 1алаа аали Мухаммадив-ва-саллим эр ду. (Пхи бІе цхьаьний доккхуш велахь — 15 астаг1фируллахІ, 15 салават). Мел иштта кхайкхор бу: Айса дешначу 100 йа 500 зикран мел Адам Пайхамарна бели ас, Хьан Элчанна Мухьаммад Пайхамарна бели ас, (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), сайн устазана бели ас. Адам Пайхамарна т1ера дуьйна Мухьаммад Пайхамарна тІекхаччалц (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Дала шайна Элчаналла делла бахкийтинчу пайхамаршна бели ас. Мухьаммад Пайхамарна т1ера дуьйна сайн устазана тІекхаччалц баьхкинчу эвлайаашна бели ас.
Веза-Воккха Дела, соьгара совгІат дай… (хьалхарчу вирда тІехь санна чекхвер ву).
2-г1а суннат вирд
Дийнахь-бусий х1ора ламазана тІаьхьа цхьацца бІе Лааилаах1а иллалаах1у бохуш долу зикр дийр ду, хьалха кхузза астагІфируллахІ эр ду, тІаьхьа кхузза Пайхамарна салават дуьллур ду. Йа цхьаьна гулдина 500 лааилааха иллаллаах1у боху зикр дийр ду, хьалха 15 астагІфируллахІ эр ду, тІаьхьа 15 салават дуьллур ду. Мел иштта кхайкхор бу: Хьан Элчанна Мухьаммад Пайхамарна бели ас (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), цунах хоттавелла веанчу сайн устазана бели ас, сайн дений-нанний бели ас (цІераш а йохуш).
Веза-Воккха Дела соьгара цІена совгІат дай… (хьалхарчу вирда тІехь санна чекхвер ву).
3-г1а суннат вирд
Х1ара вирд Іовдас тІедиллина дац, амма Іовдас вайн дена-нанна вирд т1едиллина хилча, Іовдица гІиллакх лаьцна, цуьнан дена-нанна даккхар нийса хетта Іовдин муридаша, 1овдера пурба а даьккхина, тІелаьцна лелош ду. Даькххича меле а ду, нийса а хир ду.
Дийнахь-бусий xIopa ламазана тІаьхьа цхьацца Лааилааха иллалаах1у бохуш долу зикр дийр ду, хьалха кхузза астаг1фируллах1 эр ду, тІаьхьа кхузза Пайхамарна салават дуьллур ду. Йа цхьаьна гулдина 500 Ла аилааха иллаллаах1у боху зикр дийр ду, хьалха 15 астаг1фируллах эр ду, т1аьхьа 15 салават дуьллур ду. Мел иштта кхайкхор бу: Хьан Элчанна Мухьаммад Пайхамарна бели ас (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), цунах хоттавелла веанчу сайн устазана бели ас, сайн устазан дений-нанний бели ас (цІераш а йохуш), устаз 1овда велахь (Мит1ина а, Жансуна а), устаз Іовдин Вели велахь (дена 1овдина а, нанна Муьилматана а).
Веза-Воккха Дела соьгара цІена совгІат дай… (хьалхарчу вирда тІехь санна чекхвер ву).
Иштта ду Іовдин вирд. 1овдин Іелин вирдан хьалхара вирдаш а иштта ду, кхид1а дерш Іелас тІейаздайтина ду.
М. Заурбеков