Общество

ВИРДАХ ЛАЬЦНА

Советан 1едал долчу заманчохь дерриге а маьждигаш дохийна, ерриге а хьуьжарш йохийна, берриге 1еламнах Сибреха оьхуьйтуш, х1аллакбеш, 1еламнехан х1у дайа г1иртина, эвлаяаш, д1а а лоьцуш, махках бохуш. Царна т1ехь лелла болу 1аткъам берриге а карла а баьлла вайна.

   Х1ун дара техьа, х1ун ницкъ бара техьа оцу ерриге халонашкахь вайн къам, динах ца духуш, оьздангаллех ца духуш, шен мотт ца бицбеш, вайн къоман шен махке болу безам д1а ца хедаш, х1окху дийне кхаччалц схьадар?

   Ткъа и дерриге беркат дар эвлияаш къобалбарх, цаьрца шайн Далла т1е боьду некъ лаьцна, оцу новкъа х1иттина, шаьш къобалвина лаьцначу устазо Далла гергабоьдучу некъах шайна хьаьхнарг лардарх. И некъ беш болчу нахах суфиюнаш олу. Суфийюнаш бохучу дешнийн маь1не хьаьжча, цхьаболчара цхьа терг1а духар лелош хилла олу цара (чоа, кетар, коч), даим цара и духар лело дела. «Т1арг1а» 1аьрбийн дош дара. Цу т1е доьг1на, суфийюнаш аьлла ду олу царах. Иза т1ехула къамел ду. Ткъа цуьнан маь1на х1ун дара аьлча, Шари1ато мага а дина, х1ара хьарам ду, х1ара хьанал ду аьлла, Шари1ато дозатохар ду цу шинна х1уманна юккъе – мегарг а, цамегарг а. И мегар ду аьлла билгалдина, схьадаьккхина долуш дерг лелийча, Шари1ат чохь нисвелла ву. Иштта ша нисвеллехь а, кхин а дика х1ун дича хир дара те бохуш некъ лоьхуш хилла цара. Масала, ас цхьа кица далор ду цу хьокъехь. Ламазна х1уттуш волчу боьршачу стагна голаш т1ера ц1онги т1е кхаччалц йолу юкъ д1ахьулйина хилчахьана, т1ехь коч яцахь, коьртахь куй бацахь, Шари1ато магийна ду. Ткъа суфийн т1арикъато: «Х1ай дукхавахарг, оцу ламазан х1уттуш волу стаг, Далла кхин герга хила йиш йоцчу метте гергах1оьттина, Делаца къамел даьш волчу заманчохь, муха х1уттар ву йоца хеча я ц1онга гуш, коьрта1уьйра» боху оцу тарикъатан ох1ланаша, хьо Далла дуьхьал х1уттуш вуй хаийта. Хьайн дег1 д1а а хьулдина, х1оттахьа Далла дуьхьал, кхоьруш х1оттахьа, хьасталой х1оттахьа бохуш болу некъе ла а доьг1уш, вайн къам оцу т1е г1иртина. Т1арикъатан некъо хьоьхуш дерг ду и. Цундела т1арикъатан некъах бозуш болчарах суфийюнаш аьлла. Вайн нохчийн къам дерриге а суфийн т1арикъата чохь ду. Накъшбандийн т1арикъат а, къадарийн т1арикъат а цу чохь бух болуш ду. Иштта цу шина а т1арикъатан шайн-шайн цхьацца дакъош ду. Уьш дерриге а орам-бух цхьаъ болуш бу. Цу шиннан а гаьннаш вайн Элчанан Шари1атнаи т1едог1уш ду. Т1арикъата юкъахь хиллачу эвлаяэх шайхаш аьлла ц1е яьккхина. Ткъа «устаз» боху дош вайн къомо мичара схьалаьцна аьлча, и 1аьрбийн дош ду. Устаз бохург – хьехархо бохург ду. Цуьнан маь1на – синкхача хьуна луш, хьан галдаьлларг меттах1оттош верг ву боху маь1на ду. Т1аккха устаз мила ву те, мурид мила ву те? Оцу устазо: «Со Дела вовзврехь х1окху некъа т1е кхаьчна хьуна, х1ара некъ ас хьуна а хьоьху хьуна. Х1окху некъаца, хьо ламаз дина ваьлча, истиг1фар даладелахь, «астаг1фируллах1» олуш, х1оккхул зуькар делахь, х1оккхул салават я къулха дешалахь» аьлла, цхьацца х1уманаш т1едехкина шен муридашна. И цара т1едехкина долу х1уманаш кхочушдеш верг мурид ву (послушник). Шега де аьлларг деш верг, кхин д1а-схьа а ца те1аш. Иштта муридаш кхиийна оцу устазаша. Оцу кеппара устазо цаьрца къамелдарца, Дала оцу муридашка хьажар делла эвлияашна, дуьненчохь а, эхартахь а вайна цаьрагара шапа1ат хир долуш. Цундела, цара де бохург а деш, церан новкъа д1авахар – Дела вовзаре кхачар ду, и везаре кхачар ду. Ерриге а 1алашо – Дела реза вар лахар ду.

   Вирд даккхар керстаналла ду, и доккхучуьнгахь ширкалла ду боху и дош а 1амийна, вайна юккъехь дин хьоьху шаьш, дин ц1андо шаьш, устаз лаца мегар дац, и лаьцча керстаналла т1едог1у бохуш, шаьш динехь кхетта а боцуш, маь1-маь11ехь шайна хезнарг цхьа х1ума ду моьттуш, хьекъалца ойла ян кхин къоргенехь а боцуш болчу наха схьа а лаьцна, церан идеологи иблисан т1аьхьенца кхиийна болчу нехан ингалсан спецслужбаша кечйина ю ваххабизм. Оцу буха т1ера схьа ду вирд даккхар ширкалла ду, устаз лацар ширкалла ду бохург. Цкъа а дага а ма ца деана цхьана а дена и вирд доккхуш волу стаг (Сесанара Хьаьжа, я Илсхан-юьртара Хьаьжа, я Рошни-чуьра, я кхиверг хуьйла и) Дела ву аьлла. Дог1ур а ма дацара царна иза. Тхо Далла т1е боьдучу некъа т1ехь нисдеш верг ву хьо боху ойла ма хилла цаьргахьа царна вирд доккхучеран. Оцу ойлан т1ера и д1а а даьккхина, уьш керстанаш бу бохуш болчу наха ладуг1ийла лаьара суна х1окху цхьана балхе. Къуръан чохь ду цхьа аят. «Шаьш ламаз дина, цунах парг1атдевлча, аш Дела хьехавойла, Элча хьехавойла. Шаьш лелачохь а, шаьш д1атевжинчохь а». Ткъа «ла илах1а иллалах1» ала боху-кх цо шен муридашка.  Кхин Дела вац, Аллах1 воцург боху-кх цо. Ахь Дела дукха хьехаварца хьан дагна тем бу хьуна. Иштта Делан ц1е яккхарех мичхьа ду ширкалла я керстналла?

   Шен бийца бух боцуш долу 1илма иблисан 1илма ду боху Элчано. Ша динехь нисвеш, хьалхаваьлла устаз воцчу стеган устаз шайт1а ду, цр «нисвеш» а ву и. Оцу шайт1анна карабаханчу наха вайна мел доккха зулам дина. Оцу зуламах х1инца довла г1ерташ дохку вай. Тахана, Делан къинхетамца, эвлаяийн беркатца, масса халонех чекхдовла ницкъ а кхаьчна, тарикъатан дайша вайна юккъе диллина долу ийман марзонан хьуца ларделла вайга. Церан беркат вайна юкъа хьийзаш хилар вайна тахана, д1асахьаьвсича, гуш ду.

   Бусалба нах болчу масса а мехкашхула лелла ду вай. Дин лардарехь ч1аг1белла севцинарш, эвлаяийн некъаш лардеш берш дукха ца карабо вайна. Марокко пачхьалкъехь вай долуш, конференцина вай гулделла заманчохь, вай оцу чу охьаховшале хьалха, вай зиярте дигира цара. Оцу баккхийчу эвлаяийн зиярте а боьлхий, оцу чохь Дела хьехавора цара. Т1аккха, динехь йолу хьан марзо меттахяьккхина шаьш бевлча, шайн тарикъатан болх д1аболабора.

   Мароккохь, деррига а халкъ аьлча санна, къадарийн т1арикъатехь дара. Эццахь долу хьал кхийолчу меттигашкахь ца адйна вайна, цхьа моттарг1анаш лелор бен.

   Тахана, Делан къинхетамца, вайн махкахь массо а меттехь маьждигаш доьг1на, хьуьжарш, жам1ат-маьждигаш, динан институт, университет ю вайн. Кхечу пачхьалкъехь вайн мута1елимашка дешита аьтто хилла вайн. Цхьана а заманчохь, я тхан цергахь моллин алапа хилла дац, х1инций бен. И деррига а беркат вайн куьйгаллехь волу Рамзан ша долчу ц1ийнах хиларна ду. Шена гонаха болчу нахе цхьатерра, муьлххачу а даржехь и велахь а, ламаз ца деш волчунна болх хир бац бохуш, ша царна юххе д1а а х1уьттуш, ламаз а, рузба а дойту цо.

   Цхьана заманчохь коьртахь йовлакх а долуш нохчийн зуда болх бан йиш йолуш яцара. Къоман юьхь, сий, дин д1адаккха лелош х1уманаш дара уьш. Тахана, мелхо а, и д1атилла бохуш, йовлакхан дозалла ду дуьйцуш.

   Шари1ат, т1арикъат бохург, уьш ца девзачу нахана уьш ша-ша дин ду моьтту. Шари1атах, т1арикъатах лаьцна иштта кица даладо вайн 1еламнаха. Т1ема даьлла доьду олхазар ши т1ам лестош доьду. И шари1ат а, т1апикъат а вайн динан ши т1ам бу. Со шари1атехь ву, суна т1арикъат хьашт дац бохуш волу стаг, цхьа т1ам а лестош, т1ома дала г1ерташ долчу олхазарх тера ву. Со т1арикъатехь ву, суна шари1ат хьашт дац бохург а изза ву.

   И вирд х1ун ду хуучохь ца хилча йиш йоцуш ду. Масо а 1аламшкахь Дела хьехор еза 1амал лерина ю. Дала ламаз дарна а, марха кхабарна а, Хьаждарна а, шен-шен билгал а йина, цхьа хенаш ехкина. Ткъа зуькар дарна а, Дела хьехорна а цхьаъ а барам ца биллина. «Х1ай Дела цхьаъ веш болу нах, аш Дела хьехавелаш. И  хьехаварехь дуккха а хьехавелахь аш». И ду-кх вайн вирд. Мичхьа ду цигахь ширкалла?

   «Массо а вуочу х1уманах хьо юхаветтарг ламаз ду хьуна. Амма Дела хьехор доккха ду хьуна». Оцу эвлаяаша цундела т1едиллина-кх вайна Дела хьехор. Массо а эвлаяийн къамел Делан аятех букъ тевжина ду-кх.

   Вайна Дала дина доккха дика ду, беркат а ду уьш вайн махкахь хилла хиларна. Цундела ала лаьара суна цхьаболчу нахе. Цхьаццанхьа вирдехь болу нах,  и ша лелош волу итт-пхийтта стаг бен ялсамане г1ур вац моьттуш хуьлу. Шен озабезам цуьнга хилар – и новкъа дац, амма ша леллош дерг ца лелош верг дакъаза ваьлла ма моттахьар цу нахана. Далла т1е боьдуш кхо б1е кхойтта некъ бара-кх шари1атехь. Цу кхо б1е кхойтта некъа чухула баьхкина бара и эвлаяаш а. И схьалаца дезар-кх вайн наха.

   Илсхан-юьртара шейхан цхьа дош дало лаьа суна сайн къамелехь. Тахана оцу т1ехь некъ беш, вайн паччахь Рамзан, Делан къинхетамца, вайх шен накъостий а дина, массо а вирдехь болу нах цхьанатоха лууш ву. «Дела цхьаъ веш, Пайхамар бакъвеш болу нах вовшийн вежарий бу шуна. Церан яккъаш тоелаш, вовшех къеста ма къесталаш, весаш ма елаш. Делах кхералаш, Дала де бохург деш, Дала дита бохург дуьтуш хилалаш. Т1аккха Дала шен къинхетам бийр бу шух». Оцу Къур1анан аятах серло а йина, и шена хьалха а лаьцна, некъ беш схьавог1уш ву Рамзан. Цундела вайн къам цкъа а ца хиллачу кепара, берта а дахана, беркат т1е а хьевзина дехаш ду. Иштта д1а мел доьду а, кхин а оцу беркатехь сов а дуьйлуш, кхуьуш д1аг1ур ду вай.

                                                                           Кадыров Хож-Ахьмад-хьаьжа

        ВИРД ДАККХАРАН ДОЗАЛЛА

   Дела хьехоран дозалла а, Деле шена гечдар дехаран дозалла а, салаватан, до1ин дозалла а – дерриге а чулоцу вирд даккхаро.

   «Вирд» бохучу 1аьрбийн дешан маь1на – билггал йолчу хенахь Къуръан дешаран я кхидолчу Дела хьехоран (зикран) дакъойх цхьа дакъа бохург ду.

   Вайн махкахь дин даржош, довзуьйтуш леллачу эвлаяша (Дела реза хуьлда царна) шайн мурдашна йитина йолу Дела хьехоран кеп ю иза, ламаз дерзийна ваьлачул т1аьхьа лелош йолу.

   Устазаша, эвлаяаша дитинарг – цара шайгара юкъадаьккхина дац. Лекха волчу Дала аьлларг а, Цуьнан Элчано ( Делера къинхетам, маршо хуьлда цунна) деанчух уггар диканиг а, вайна лело атта дерг а ду.

   Масала, вайн Устазийн (Дала къайле тайойла церан) вирдашкахь лелош долу «Астаг1фируллах1» Делан Элчано (Делера къинхетам, маршо хуьлда цунна) ша дийнахь кхузткъе иттанал сов олу аьлла. Ткъа кхечу хьадисехь аьлла и зикр ша дийнахь б1озза до.

   «Ла илах1а иллаллах1» бохург уггар дика зикр ду аьлла Делан салам хиларо.

   Салават дилла аьлла, бусалба нахе омра дина Веза-Сийлахь волчо Шен Къуръан чохь. Салаватан дозалла дуьйцуш дуккха а хьадисаш ду.

   Хьалха д1абаханчу вешан иманан вежаршна гечдар дехар ду, царна мела кхайкхор вайн декхар ду. Иза билгалдаьккхина ду «Хьашр» сурат чохь долчу уьтталг1ачу аято. Иштта хьадисехь а хьахийна ду, даим еш йолу 1амал, к1езиг елахь а, дикаха хилар. Делахь-х1ета, даим вирд лелош волчо шена эхартна дукха кхача гул ма бо, ял ма йоккху. Ткъа вирд дитинчо шена боккха эшам ма бо.

   Веза-Сийлахь волчу Дала Ша дукха хьехочарах дойла вай.

                                                                                          Муртазаев  

                                                                    Сайд-Мохьмад-хьаьжа