Хаттарш а, жоьпаш а шари1атца
Ха дечохь балхахь ву со. Ха даре терра буьйсанна сема хуьлу со. 1уьйкъана ламазаш до ас цигахь, ткъа 1уьйкъа ламаз, наб йохош, хьала а г1аьттина дан дезаш ду олуш хезна суна. И нийса муха хир ду, цунах лаций дийцахьа.
Буьйсанна ха деш волчун болх сема 1ен везаш бу, и болх буьйсане бирзина бу цуьнан. Цо йинна йолу 1амал цунна йал йазйеш йу.
Ламаз деш а волуш, мерах ц1ий деъча, ламазна йукъара а ваьлла, ц1ий д1а а даьккхина, ламаз д1адан мегар дуй йа йуха а эца деза и?
Ц1ий нажжаз ду. Ц1ий т1екхетта меттиг а нажжаз хир йолуш йу. Цундела, ламаз т1ехь волуш, шена мерах ц1ий доладелча, и меттиг ца бехйеш, йа куьг лаьцна а, йа делахь, кисанарчу йовлакхца, и саца а дина, цигара д1а а ваьлла, шен мара ц1ан а бина, йуьхь а йилина, шена ц1ий сецначул т1аьхьа, шен ламаз д1ахьур ду цо. Цуьнан ламаз доьхна дац, и шафи1ин мазх1абехь велахь. Хьанафин мазх1абехь болчара мерах ц1ий деъча, ламаз духуьйтуш ду. Нагахь и цу мазх1абехь велахь, шен ламаз эца а эцна, дийр ду цо.
Маьждиге даьхкича, хьурматан ши ракъа1ат суннат ламаз до вай. Цу чохь болх беш велахь а, цу чу веъанчуьра Къуръан доьшуш сецна хьо. Ткъа цхьацца г1уллакх а хуьлий, сих-сиха хьо цу чуьра араволуш, чуволуш хилча, и маьждиган хьурмат ламаз йух-йуха дан дезаш дуй?
Маьждиган г1улаккххой, цу чуьра кест-кеста чуй-арий бийлар нислуш берш, чуьра х1ума аракхоьхьуш-чукхоьхьуш болчу наха, цкъа ша чувахча, тахьийат ламаз (хьурмат ламаз) дичахьана, вер ву иза. Амма, оцу чохь сецна 1аш ву и, и1тикаф деш йа Къуръан доьшуш, аракхайкхи цуьнга цхьамма, йа цхьа бахьана а хилла, аравала дийзи цуьнан, и и1тикаф хадийна, оцу чуьра ара а ваьлла, уьйт1а вели и, не1 йиллина, не1арх аравели и, шен г1уллакх чекх а даьккхина, чувеа и. Йуха охьахууш, тахьийат ламаз дан дезар ду цуьнан. Ткъа цу чохь болчу белхахошна йолу парг1ато 1ибадат дан чуваханчу стагана йац. Оцу тахьийатан ламазах дерг хьахаделлачуьра т1етоха лаьа сунна. Нагахь санна, маьждига чувар молла кхайкхинчул т1аьхьа нисделлехь, оцу ламазна хьалхара раватибаш а ду, парз ламазах хоттаделла суннат ламазаш ду уьш. Хьурмат ламаз а дина, дан деза те и суннаташ, йа суннаташ дан деза те, и хьурмат ламаз 1ад а дитина? И хьурмат ламаз д1аойур ду ахь хьалхара динчу суннат ламазо. Хьурмат ламаз а дина, т1аккха важа ламаз дан г1ерта ца веза. Нагахь санна, къамат динчул т1аьхьа чувеана, ахь парз-ламаз дихкинчул т1аьхьа, хьурмат ламаз даза хиларна, хьо дагаваьлча, и ламаз дан дезий те? Ца деза. Оцу ахь динчу ламазо, суннат ламаз хуьлийла иза, парз ламазах хоттаделла, йа ахь дина парз-ламаз хуьлийла иза, сужуд шеца долчу ламазо д1аойу хьан хьурмат ламаз. Докъан ламазо хьурмат д1а ца ойъу, х1унда аьлча, цигахь сужуд дац. Цуьнца вай лоьхуш дерг х1ун ду? Сужуд до меттиг, 1ибадат до меттиг йу и маьждиг. Эццахь сужуд карадайтар – оцу ц1ийнан (маьждиган) хьурмат дар ду. Цундела и хьурмат динарг ву и ламазаш динарг муьлхха а.
Стаг больницехь а волуш, ламаз дар муха хила деза?
Больницехь вара аьлла, ламаз т1ера долу моьттуш волу стаг 1ехавелла ву. Ламаз карахь доцуш и велахь а, эцча а, и карахь лаьтташ вацахь а, ламаз дан дезаш ву и. Цуьнан некъаш башх-башха а ду. Ас тахана доцца ламаз т1ерацадалар хоуьйту. Т1ерадолуш долу меттиг муьлха йу? Хьерабевла нах чохь болчу больницехь болчарна т1ехь дац ламаз дар. Уьш кхетамчу баьхкина зама хилахь, ламаз дийр ду цара, ткъа ца хилахь, царна т1ехь дац и.
Цхьа а дег1ан меже хьан меттахахьовш йацахь а, хьо кхетамчохь а волуш, ц1ахь велахь а, больницехь велахь а, ламаз т1ера ца долу. Цундела и ламаз дан г1орта веза. Ткъа нагахь санна, лоьраш йаздина, меттах ма хье аьлла, х1ума делахь, сужуде ца воьдуш а, хьалий-охьий ца те1аш а, ламаз дан мегар ду. Д1авижина 1уьллучохь, шен мотт къилбехьа а берзийна, ша 1уьллучохь а дан мегар ду. Оцу лоьраша шайна дихкина долу х1ума дохош, ламаз дан г1ертар вац и. 1едалехь волчу лоьро вайна дихкина х1ума шари1атехь схьаэца боху вайга.
Ламаз т1ехь лаьтташ а волуш, хьоршам тоьхча, «Альхьамдулиллах1» аьлча, оцу ламазна новкъарло йуй цунах?
Суннатех цхьа 1амал йу, х1оршам тоьхча, «Альхьамдулиллах1» алар. Делахь а, ша ламаз чохь вуй а хиъна, ша ламаз чохь сацор хила деза хьалха, шен ойла оцу т1ехь ч1аг1йан йеза. Массо а х1ума шен дег1ах д1адаьккхина хила веза ламазна х1оьттинчу заманчохь.
Бакъду, «Альхьамдулиллах1» боху дош лекха ду. Цо-м ламаз ца дохо а мега. Хьоршам тохар вайн лаамза хуьлуш х1ума ду. Ткъа нагахь санна ахь хьоршам тухучу заманчохь хьо ламазан цхьа айат доьшуш а волуш, ахь «Альхьамдулиллах1» йукъа даладахь, цу айатан маь1на духу. Цундела ларвала веза.