Вопросы и ответы по Шариату

ХАТТАРШ А, ШАРИ1АТЕХЬ ЖОЬПАШ А

Вай жам1атехь ламаз дечу хенахь, фарз-ламаз д1а ма-делли до тасбийхь, цхьаболчара фарз-ламаз а дина, суннат-ламаз дича до. Цунах нийса муьлха ду, алахьа боху.

Жайнашкахь шина кепара хьахийна ду иза, ший а некъ магош а бу. Фарзах хоьттина долу тасбийхь деза ду, суннат-ламаз дича а, ца дича а т1едожош дац. Ас х1ун до аьлча, айса хьоьхучу хенахь суннатех хоьттина де олу, делахь а, ца мега аьлла, фарз-ламазца дар ца доьхку цхьанна а. Шина кепара ойла йолуш нах хилча, оцу маьждиган имама церан барт хуьлу аг1о а йина, къасто деза и тасбихь дар. Тхуна х1ара лаьа, х1ара нийса хетта бохуш, 1отта-баккхамаш бусалба нахана йукъахь дика бац. Дала берриге а бусалба нахана товфикъ лойла.

Ламаз дан х1оьттина а волуш, молла кхойкхуш хезча, и ламаз йуха дан деза йа йукъаравала веза?

Ламазан шурут1ех (бехкамаш) ду шен хеннахь ламаз дар. Хан хиллачул т1аьхьа бен молла кхойкхуш вац, и кхойкхуш хезча, ламазан хан хиларан билгало йу. Амма цхьацца бахьанашна и кхайкхаза висинехь, ламазан хан йуй хьайна билгал хууш делахь, ламаз дийр ду. Цул т1аьхьа молла кхойкхуш хазахь, ламаз ца дохош чекхдоккхур ду. Хьо ламаз дина ваьллачул т1аьхьа и молла шен хенна кхайкхинехь, ламаз йухадан деза, хенал т1аьхьа кхайкхинехь, йуха дан ца оьшу.

Вайна сахьт хьалха а, т1аьхьа а доккхуш хилар бахьанехь галваьлла, йа вицвелла, шен хеннахь моллалла ца кхайкхина, ткъа наха ламаз дина. Цул т1аьхьа х1ара шен г1алатах кхетта, молла кхайкха х1оьттича, наха шайн ламаз йуха дан дезий?

Нагахь санна оцу муадзина шен галвалар халкъана гучудаккхахь, уьш цунах кхета а кхетта, ламаз дийр ду цара. Амма гучу ца волуш 1адда 1ахь, оцу нехан ламаз меттара ду. Муадзина ша жоп лур ду шен бехкана.

Жимчохь шена 1аморе терра, кхин карла а ца доккхуш, ламаз дан мегар дуй?

Доьзалхо ворх1 шаре ваьлчахьана дуьйна, ша бусалба вуй хоьутйтуш, хьехам беш хила деза да-нана. Ламаз 1амо деза цунна, итт шаре даьлча, бер хьаьстина а, човхийна а ламаз дайта деза. Дала бакъдолчу дина чохь нисдалар лойла вайна.

Зударша ламаз дечу хенахь, дукхахьолахь, когаш гуш болуш, месаш а, чет-лаг гуш долуш, ламаз деш меттигаш хуьлу. Мегар дуй иштта ламаз дан?

Зударша шаьш ламаз дечу хенахь, Дала 1оврат йу аьлла, билгалйина йолу меттигаш, куьйгашший, йуьххьий йоцург, хьорканел лахара ши ког боцург, важа йолу меженаш хьулйан йезаш йу. Хьовсал шу, оцу Веза-Сийлахь волчу Дала, нахана ца гойтуш, хуьлйе аьлла, омра дина йолу меженаш, Далла дуьхьалх1уттуш, муха мегар дара гучуйаха. Ойлайел аш, йижарий, дег1 д1а а хьулдина дан деза ламаз, шен духар хила деза ламаз деш. Тхуна хьалха болу зударий а ма бац даима жайно ма-бохху духарш дуьйхина лелаш. Шаьш ламазана д1ах1уьттучу хенахь йехха коч а йуьйхина, ган йиш йоцуш йолу меттигаш д1а а хьулйина, дан деза зударша ламаз, иштта динарг бен ламаз дац.