Вопросы и ответы по Шариату

Хаттарш а, жоьпаш а шари1атца

Ламаз дечу хенахь цхьа меже к1амйелла, ма1ар хьакха лиъча, ламазна чекхвалалур воцуш велахь, йа ламазна т1ера ойла д1ахьовзош, ма1ар ца хьаькхча, новкъарло йолуш нисло. Иштта ламаз т1ехь лаьтташ, и ма1ар хьакха мегар дуй а дац?

Дукхазза ас тидам бина, Делан Ц1ен т1е (Хьаьж-Ц1а) боьду некъ – Дала Шен комаьршаллица алсамбаккхар бахьана долуш, х1окху ц1ахь болучу хенахь ламаз лерина лелош хилла болчу нахана, оцу 1аьрбийн мехкашка бахча, ламаз т1ехь лаьтташ, цигарчу бусалба наха, башхалла а доцуш, к1амвелча, ма1ар а хьокхуш, ламаз дихкина а долуш, буьйлабелла а лелаш, меттиг хьейелча, йукъара д1а а оьхуш гина царна. Иштта и х1уманаш шайна цигахь дайча, «х1ара аш ма ч1ог1а леладо, х1орш Макки чохь ма бу, х1орш Медината чохь ма бу, х1окхарна ца хаьа шуначул дика» бохуш, оха х1инццалц шайна хьехнарг 1адда а дуьтий, эццара и керла х1уманаш 1ама а дой, ц1а а оьхуш, шайна ма-луъу ламазехь хьала-охьа те1аш, ларбаларш к1езиг хуьлу, хьаьжой а хилла, цигара ц1а баьхкина болчу вайн нахехь.

И хаттар дина сунна т1ех хазахета, тидам бан безаш х1ума ду иза. Хьовсал, Дела реза хиларш, Хьанафин мазх1абехь бехкаме дац ламазехь меженаш меттахьейар, къилбехьа д1авирзина хилчхьана, шозза йа кхузза, доьазза меже  хьайича а, церан ламаз ца духу. Шафи1ин мазх1абехь ду вай, вайн мазх1абан имама цхьа меже кхузза хьайича, кхузза цхьана метте д1асахьаькхча, ламаз духуьйтуш ду, боху вайга. Цхьа ницкъ а хилла, цхьана х1умано къовзийна велахь, ма1ар хьакхарх новкъарло хир йац. Иштта хьо йуха а, йуха а хьоькхуш 1ийча, ламаз доха герга ду. Вайна иштта бехкамаш бина имам Шафи1ис (Дала къинхетам бойла цунах). Т1аккха, хьовсал, мог1аре х1отта везаш хилча, хьалхара т1ехьа, йа т1ехьара хьалха вала везаш хилча,  цхьа ког боккхий, шоллаг1а ког боккхий, д1анисло, амма цул сов кхозлаг1а ког баккха бакъо йац, и дан вайна бакъо ца йелла. Хьанафис волавелла д1о генна д1авахча а, ца духуьйту ламаз. Цундела маь1-маь11е ла а доьг1уш, ма эца и х1уманаш схьа, вайн мазх1абан имама магийтиначунна т1ехь лелон дезаш ду вай дин, цу т1ехь нисдаларехь Дала товфикъ лойла вайна!

Пхийтта шо кхачаза долчу берана ламаз карахь цахиларх Къуръан схьаэца а, деша а мегар дуй?

Къуръан 1амош итт шаре кхаччалц долчу берашна магийтина Къуръанах куьг тоха. Х1унда? Ламаз карахь латто даима хьунаре бац уьш, кхетаме бац уьш, кегий бу уьш. Делан деза и Къуръан дуккха а карахь ца лелийча а ца бовлу уьш. Къуръан шена т1ехь йаздина долу у хуьлийла церан иза, жуз хуьлийла церан иза, тетрадь хуьлийла церан иза, уьш итт шаре бовллалц, магийна царна карахь лело а, цу т1ехь йаздан а. Итт шо кхаьчча, царна 1амош волчу му1аллима, уьш нисбеш долчу дас-нанас «ламаз эцалахь, Къуръан схьа ма эцалахь, ламаз карахь доцуш» олуш, иштта нисбан беза уьш.

Коьртахь х1ума йоцуш ламаз эца мегар дуй зудаберана а, зудчунна а?

Корьтахь йовлакх доцуш ламаз эца мегар ду, нагахь санна и ламаз оьцуш йолу зуда кхечу зударшна йукъахь йелахь, мегар дац чохь божарий болуш йолчу меттехь-м. Т1аккха масхьу дечу хенахь шен йовлакхана чухула куьг кхачахь, чухула, т1ехула куьг кхачахь, т1ехула, шен масхьу дина йер йу иза, коьртара йовлакх д1адоккхур дац, божаршна йукъахь йелахь.

Ас нийат ди фарз-ламаз эца аьлла, кхин х1умма а ца доьшуш, ламаз эца мегар дуй?

Ламазех долу хаттар Дала бохучунна т1е нисвала г1ерташ волчо бен дийр дац. И тайпа хаттар наха дича суна хазахета. Цуьнан жоп иштта ду. Элчанан хьадис ду (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Массо къонахчунна цуьнан нийат дерриг ду». Ламаз оьцуш нийат дан деза «Ас нийат ди фарз-ламаз эцаран хьашташ долу х1умнаш хьанал  хилийта аьлла», йа «Ас нийат ди ламаз эцаран хьашташ кхочушхилийта» аьлла дан а мегар ду, иза 1аьрбийн матера гочдина нийат ду. Оцу кеппара, нийат йуьхь т1е хи тухучу хенахь хила дезаш ду. Цул т1аьхьа шен йила хьакъйолу меженаш йилчахьана, цо цхьа а вай деш долу до1анаш ца дича а (масала, йуьхь т1е шолг1а хи тухучу хенахь «Х1ай Веза Дела,дакъаза бевллачийн йаххьаш 1аржлучу дийнахь сан йуьхь нуьре йелахь, декъарлойн йаххьаш нуьре хуьлучу дийнахь, сан йуьхь ийманан нуьрца нуьре йелахь»), ламаз карахь хир ду цуьнан. Иштта бу цуьнан чулацам.

Ламаз оьцуш х1ора меженна деш долу до1анаш – уьш дерриге а таббаррукан (беркатан) ду. Уьш дича, дика а долуш, ца дича, ламаз эцарна эшам а боцуш ду. Нийат дина, йуьхь т1е хи тухучу хенахь, хьалхарниг хьалха а йуьлуш, т1аьхьарниг т1аьхьа а йуьлуш, меженаш йилча, и ламаз эцар кхачаме ду. Нагахь санна и до1анаш ца хууш велахь, цкъа а, шолг1а а хи хьокхучу хенахь, йуха а нийат дича, дика хир ду. Кхозлаг1а хи хьокхучу хенахь шах1адат даладар беркат лахарехь совдалар ду, 1ибадат совдалар ду. Цундела вайн хьалха д1абахана болчу 1елимнаха вайна, иштта хилча дика ду шуна бохуш, билгалонаш йитина (Дала къинхетам бойла царах). Цундела вай и до1анаш 1ама а до берашна, уьш жайнашкахь долуш а ду. Ламаз оьцуш нийат дича, и ламаз эцаран, меженаш йиларан г1уллакх чекхдаьллачул т1аьхьа ламаз карахь ду.

Цунах цхьа кица дало лаьа сунна, нахана пайденна хилийта. Масала, уьйт1ахь доьдуш хи хуьлу-кх, цу чохь лийча вахана волчо «ас нийат ди ламаз эцаран хьашташ кхочушхилийта», аьлла нийат а дина дег1 а хуьлдеш оцу хи чу а иккхина хьалаваьлча, ламаз карахь хуьлу цуьнан. Иштта лакхара т1е дуттуш хи а долуш, цуьнан дег1ан массо а метте хи кхаьчча, цо ламаз эцаран нийат динехь, ламаз карахь ду цуьнан. Цо гойту вайна, нийат дина хилчхьана, кхидолу до1анаш цо дан хьашт доцуш, цуьнан ламаз карахь хилар. Амма хьашт дац аьлла, ма дуьтийла хууш волчо. Ца хууш верг 1амо а г1уртийла, беркат сов лахаран дуьхьа.