Вопросы и ответы по Шариату

ХАТТАРШ А, ШАРИ1АТЕХЬ ЖОЬПАШ А

Ламаз динчул т1аьхьа хан-зама йаьлча, ша и шен хеннахь дина цахиларна т1екхиъча, х1ун дан деза?

Дела реза хуьлда и хаттар динчунна. Ламаз шен хеннахь ца нисдели шен аьлла, ша шек хиллачу заманчохь, цхьа билгало гучуйаьлча, хенал хьалха динехь, сихха йухадан деза, ламазан хан тила а ца туьлуьйтуш. Нагахь санна хенал т1аьхьа динехь, доькхуш дан деза. Дала билгалйина йу ламазан хенаш, цундела шен хена чу нисдан деза ламаз.

Мардех куьг кхетча ламаз духий?

Несан мардех куьг кхетча ламаз духуш дац, дай йо1ий ларало и шиъ шари1атехь, х1унда аьлча, к1ентан хилла зуда цкъа а йалон мегаш дац дас, ден долахь хилла йолу зуда к1анта йалон а мегаш дац.

Ламаз дан д1ах1оьттина а волуш, шен ламаз карахь цахилар дагадеъча, х1ун дан деза? Ламаз дечуьра йукъах а ваьлла, йухаэца деза йа ламаз чекхдакха деза?

Ламаз карахь доцуш вуй ма-хиъи, кхид1а ламаз дац цуьнан. Ша мог1аре х1оьттина велахь, чехкка мог1арера д1авала веза, ткъа имам хилла, нахана хьалха х1оьттина велахь, меллаша «сан ламаз карахь ца хилла, шух цхьаъ хьалхавала» аьлла, цхьаьннан ц1е а йаьккхина, д1авала веза, йуха сихха ламаз карла а даьккхина, оцу жам1ате схьакхиа а веза. Карахь а доцуш ламаз до аьлла, д1ах1отта мегаш дац.

Ламазан хан хилча, кхидерг хьалхадоккхий йа кино хьажа хуий, ламаз туьлуьйту. Наб хьалха а йолий пхьуьйра-ламаз ца деш хан а йог1у. Цунна х1ун къа хир ду?

Дела Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадис ду: «Шен уммат г1елдаларна ша кхоьруш ца хиллехь, пхьуьйра-ламаз буьйса йукъал т1ехьйаьллачул т1аьхьа де аьлла, т1аьхьатоттур дара ша» аьлла. Пхьуьйра-ламазан хан йеха йу, бода къовлабеллачул т1аьхьа сатассалц. Амма, цхьа х1ума ду, ламаз ца деш и д1авижча, г1аттарна тешаме велахь, т1аьхьататтарх х1ума дац, жимма наб а йина, хьалаг1аьттина, шен ламаз дийр ду цо. Кхидолу ламазаш шайн хенна дарх лаьцна аьлча, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисана т1едоьг1на эр ду вай, уггаре а йеза 1амал, шен хеннахь дина ламаз ду. Дала бохучунна т1ехь нисдалар лойла вайна.

Божарех къаьстина шайна меттиг хилча, зударий рузбане баха мегар дуй?

Рузбан-ламаз «салатул камилийна» аьлла. Камал нехан ду и ламаз аьлла, зударий цу йукъахь хьахийна бац. Дала кхолларехь зударий а, божарий а башх-башха кхолларна, зударшна т1ехь дац рузбане бахар, амма болхахь, йал хир йу царна. Шайна къаьстина чубаха не1 а йолуш, божаршна гуш боцуш, йукъахь тесна кирхьа а долуш меттиг хилча, баха мегар ду, шайн ламазаш дан а, къаьсттина, хьехамашка ладог1а а. Имаман хьехамашка ладоьг1ча, церан дин довзар лакхара хир ду, цунах цара доьзал кхиорехь пайда а оьцур бу.

Хьалха даза дисина долу ламаз доькхуш муха дича бакъахьа дара-те? Х1ора ламазца хоьттина дан деза иза йа мичча хенахь дича а мега?

Хенах тилла долу ламаз декхча бен декхарх валалац, ма-кхуьъу сихо йан йеза, 1ожаллех тешам бац. Парз-ламазца х1оьттина дан деза бохург, хьесап дан атта хилийта ду. Цхьана метта д1ах1оьттина, хьайн корта хьийза болабаллалц, дан мегаш ду доькхуш долу ламазаш. Шунт идам т1ебахийта лаьа сунна цхьана х1уманна. Доькхуш ламазаш деш хилча, суннаташ дан ца оьшу бохуш, шайггара х1уманаш леладо. Иза нийса дац. Доькхуш долу ламаз, ша эрна, йал йоцуш йоккхучу заманчохь а деш, парз-ламазашца цхьаьна дан деза суннат-ламазаш. Ша доькхуш дечу ламазана шена хезаш молла кхайкха веза (нахана парз-ламаз хан хилла ца моттийта). Дала йоле дуьллийла шен дуьхьа вай мел деш долу ламаз!

Ийман диллина волу керста стаг ламаз дан 1амийча, мел буй? Ламаз дан цунна 1амо мегар дуй?

Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен да1ват керста нахана диллина, цаьрга ийман диллийта. Керста нахана дуьххьара бина цо хьехам, уьш иймане бахкийта. Керста стаг иймане варе сатесна, хьайна цаьргара хила кхерам бацахь, Къуръан дешахь а, хьехам бахь а йал йу. Нагахь санна хьуна цаьргара кхерам белахь, къайлах бан беза и хьехам. Цундела, керста нах иймане бахкаре са а тесна, царна дин 1амийча, бехке хир дац, мелхо а, сийлахь хир ду.

Ламаз до ша боху зудаберо, амма коьртахь х1ума ца лелайо, шена къа хир дуй хоьтту, месашна басар дан мегар дуй а хоьтту.

Оцу шина хаттарх хьалха жоп шолг1ачунна ло ас. Зударшна месашна басар дан мегар ду, х1унда аьлча, г1ина диллар вайна шари1ато магийна ду. Цунах хила новкъарло йац. Ткъа коьрта1уьйра лела мегар дуй аьлча, мегар дац. Ламаз дечу зудчунна-м муххале а мегар дацара иза,цадечунна а мегар дац. Хаза, мас д1ахьулйеш, йовлакх а тиллина, ламазан духар а дуьйхина, шен ламаз дан деза, цул т1аьхьа а коьртахь йовлакх лелор т1ехь ду. Далла гергахь а сийлахь ду и зудабер, нехан лерам а хир бу цуьнга.

Верх1итта шо кхаьчна к1ант ву шен, мотт хууш а, хезаш а вац. Цунна ламаз ца 1амало шега, цунах къа-м хир дац шена, бохуш хоьтту.

Нагахь санна д1ааьлларг т1аьхьара схьаалалучу хьолехь и бер делахь, ламаз 1амадо вай цунна, амма и схьадийца цахаарх а, цо схьалоццург хьеха деза цунна. Схьабийца мотт ца хаахь, ламаз деш санна, хьала-охьа те1ча, а йал йу цунна. Вайна бийца мотт белларг а, ни1маташ делларг а Дела ма ву, Цунна гуш ма ду вай Шен дуьхьа деш дерг. Дала Шен йоле йуьллийла цуьнан 1амал.