Хаттарш а, жоьпаш а шари1атехь
Шаьш некъаш ц1андеш болх беш ду. Дукха меттигаш нисло машенашкахь лелаш болчу наха корах шишанаш, совйаьлла мел йолу х1ума аракхуьссуш. Некъаш бехдарх лаций алахьара боху.
Шен кертара ша араваьлча, кертара нехаш аракхиссичхьана, урам бехбеш, шена ма-луъу лела веза моьттуш болу нах – уьш оьзда боцу нах бу. Зен ду цара дийриг, царна шаьш мел ц1анбелла моттахь а.
Х1ора зудчо а, стага а ша халкъана пайда берг дешву-те, йа зен дешву-те аьлла, терза х1отто деза. И санна долу г1иллакх бер жима долуш, цуьнан коьрта чу диллина хила деза. Тахана вайн республикехь арабевлла некъаш, урамаш ц1андеш нах бу. Церан сий дан деза, хам а бен беза. Вайна д1адаха а, ц1а дахка а оьшуш йолу меттигаш, б1аьрг бузош ц1анйо цара. Церан сий ца деш, и некъаш бехдеш берш шайн сий дойуш бу, шаьш шайна т1е сиз хьокху цара.
Цкъа а лийр воцуш санна дуьне а лаха, кхана лийр волуш санна эхарт а лаха олуш хезнера шена, цунах кхетам лахьара боху.
Кхана лийр волуш санна эхарт лаха бохург х1ун ду аьлча, хьо кханене вер вуй хууш дац, иза вайна къайлехь ду. Дуьненах 1еха ма ло бохург ду иза, со 1ибадат дан кхуьур ву бохуш ма 1е бохург ду. Кхана дийр ду ас, тахана са а даь1на бохуш ма 1е бохург ду.
1ожалла маца хир йу ца хаьа хьуна, кханене ваьлча, хьайх дика стаг хиларе сатуьйсу ахь. Дала аьлла: «Вай тоьхнарг йу хан, цул т1аьхьа а тоттур йац Вай и хан, цул хьалха а узур йац».
Дала, Шена гергахь, вайна лучу рицкъана билгалйина йу вай хенаш.
Цкъа а лийр воцуш санна дуьне лаха бохург х1ун ду? Даларан ойла йеш вай чохь хевшина 1ийча, г1уллакх хир дац, кхид1а даха рицкъа лахар ду вайна т1ехь. Амма и рицкъа лаха деза шен динна эшам ца беш, хьаналчу новкъахь.
Беран да велла, нана кхечанхьа маре йахана. И бер кхабар денанна т1ехь ду йа ненананна т1ехь ду?
1аьрбийн къоман санна вайн тайпанаш дегахула ду. Доьзалш ненан тайпана ма ца хуьлу, ден тайпана хуьлу. Нагахь санна ненананас, х1ара доьзал шега кхабийтахьара аш аьлла дехча, и магош жоп луш г1иллакх хилла вайн, х1унда аьлча, ненанана алсамо къинхетаме йу.
Бакъду, доьзал ненананас кхабахь, царна напха хилийтар дехошна т1ехь ду – бераш церан ду.
Нагахь санна, царна йукъахь муьлхачо кхаба деза бераш аьлла къовсам баьллехь, ден аг1о толор йу. И къовсам цабалийтар, берех къинхетам бар, царна там хилийтар ду-кха вайн, баккхийчеран, декхар.
Доьзалхо кхиош долчу дена-нанна, доккха хилча, и бер муьт1ахь доьзалхо хилийта, ийманехь, махкана пайдехь хилийта х1ун дан деза?
Шайн доьзалхо дуьнен т1е ваьлча, дас-нанас шайн дахар хийца деза. И доьзалхо церан гергарлонна бина шад бу. И доьзалхо кхиа воьлча, дас а, нанас а вовшашца болу барт гайта беза, царна масал хилийта. Дас-нанас вовшийн сий деш ца хилча, беро цу шиннан амал схьаоьцур йу.
Бер доккха хуьлуш нахана йукъадала доладелча, цо х1ун леладо-те, самукъа муха доккху-те, шайн бераца чувог1ург мила ву-те олуш къайлах-къулах 1уналла деш, терго латто йеза.
Къинхетаме волчу Дала оцу кеппара тидам а беш доьзал кхиор лойла вайна, ийманехь, махкана а, халкъана а пайдехь болуш!
Цхьа х1ума т1е1оттаделча, Делан кхиэл хилла олий, туьду вай. Масала, мелла волчу стага авари йича, йаздина хилла олу. Цунах кхетам лахьара, боху.
Азаллехь йазйина Дала вайна т1ехь лела йолу кхиэл, цунна бахьанаш а йаздина. Дала Къуръана чохь боху: «Шуьга кхочур бац кхаччане а баланех бала, Ша йаздина долуш бен». И кхиэл шина декъах лаьтташ йу: мубрам а, му1аллакъун биссабаби а. Мубрам – х1ара дуьне хилар а, эхарт хилар а, вай лийр хилар а – иза вайна лиъча а, ца лиъча а лелар йолу кхиэл йу. Му1аллакъун биссабаби – бахьанашца х1оьттина кхиэл йу. И бахьанаш леладахьара, лардалар хир дара вайна. Дала 1алашдойла вай!
Цхьаволу цомгаш стаг, масала, йовхарийн цамгар-ун дерг шех нахана иза йаларх ларлуш хуьлу. И цамгар йолу стаг маьждигашка лела мегар дуй?
Шеца и лазар долчу стагана а, зудчунна а хаа дезара ша ларвала везий. Вайн г1иллакхашца дог1уш дац цомгаш вара аьлла стаг чуцаваийтар, цо бер хьаьстича, цуьнга и ма хьаста алар. Цундела цомгаш волу стаг ша ларлуш хила веза и цамгар кхечарна йаларх.
Шена дуьненчохь халонаш т1е1иттайелча, кхид1а ваьхна а дац дан х1ума олий, ша-шен 1ожалла йеш меттигаш нисло. Цунах лаций дийцахьа боху.
Дала вайна дуьненахь луш болу муьлхха а бала эхартахь шена дуьхьал дика нисдина бу. Дуьненахь жоп ца лахь а, эхартахь зовкхехь хир ву цу балех чекхваьлла стаг. Дала шена делларг ца лайна, ша шена 1ожалла йинчу стагана кийчча жоьжахатен йу, Дала бусалбанаш ларбойла оцу балхах. Дала Шен, барх ца кхачалуш болу къинхетам бойла вайх.