Вопросы и ответы по Шариату

  ХАТТАРШ А, ЖОЬПАШ А – ШАРИ1АТЦА

Бицлуш болчу нахехь йерг цамгар йу ала мегар долуш, ламазехь вицвалар бахьана долуш бала хьоьгуш нах бу. Х1ун дан деза ламаз дарна а, эцарна а?

  Иштта вицвалар Дала стеган хьекъал д1аайар ду. Иштта вицвелла стаг бехке хир вац цхьана а х1уманна, х1унда аьлча «Таклиф ох1ла» волчуьра д1аволу иза. Иштта ша вицваларна, цхьаьнга схьа а хоуьйтуш, дан деза аьлча, ца деза аьлла, жоп делла. И цуьнга Дала х1оттийна хьал ду, тоххара таза волчу хенахь дина долчу ламазел лекха лерина Дала х1инца цо, шена дан а луш, дина ламаз. Цундела цунах тешна хир ду вай, Дала мукъ лахь.

Йалхийтта шо кхаьчча бен рузбане ваха ца волавелла ша. Цул хьалха цавахарна Дала гечдийр дуй шена, бохуш хоьтту.

   Дела реза хуьлда цунна и само йарна. Пхийттара валлалц т1ехь дац рузба, амма пхийттара валаре ца хьоьжуш вахча, йал алсам хир йу. Х1етталц ца вахча, къа йаздеш дац иза. Дала ийманехь нисвалар лойла цунна.

   Т1ера бедар ламазна ц1ена цахилар коьртера а даьлла ламаз динехь йа ламаз дина ваьллачул т1аьхьа бен и бедар боьха йуй ца хиънехь, х1ун дан деза?

    Ламаз дарца саготта волуш, боьха бедар хийца вицвелла йа ламаз динчул т1аьхьа бен и бедар боьха йуй ца хиънехь, х1ун дан деза аьлча, ламазан хан тилаза йелахь, шен бедар хийца а хийцина, йухадан деза ламаз. Нагахь санна ламазан хан тиллачул т1аьхьа шена и хиънехь, шен маса ламаз дисина дагар а дина, доькхуш дан деза. Дала товфикъ лойла царна нисбаларехь.

   Верх1итта шо кхаьчна к1ант ву шен, мотт хууш а, хезаш а вац. Цунна ламаз ца 1амало шега, цунах къа-м хир дац шена, бохуш хоьтту.

   Нагахь санна д1ааьлларг т1аьхьара схьаалалучу хьолехь и бер делахь, ламаз 1амадо вай цунна, амма и схьадийца цахаарх а, цо схьалоццург  хьеха деза цунна. Схьабийца мотт ца хаахь, ламаз деш санна, хьала-охьа те1ча а, йал йу цунна. Вайна бийца мотт белларг а, ни1маташ делларг а Дела ма ву, Цунна гуш ма ду вай Шен дуьхьа деш дерг. Дала Шен йоле йуьллийла цуьнан 1амал.

Ламаз т1ехь руку1е воьдуш а, и1тидале хьалавог1уш а, куьйгаш айдаран хьокъехь тайп-тайпана дуьйцу. Цуьнах лаций бакъахьа дерг дийцахьара.

   Куьйгаш айъарх лаьцна дерг шари1атехь дийцина ду. Куьйгаш ойъур ду ламазна хьала-охьа таь1ачу меттехь, ламаз доьхкуш ма-айъара, хьала а дохуьйтур ду, йуха охьа а дохуьйтур ду аьлла, билгалдина ду. Цхьаболчу имамаша и магийна схьаэцна. Царах ву вайн мазх1абан имам волу Шафи1и. Цхьаболчара и схьа ца эцна, ткъа царах ву Абу-Хьаннифат. Оцу мазх1абехь сецна волчу стага шайн имама хьехнарг лелийча, и бехказа ву. Шафи1ин мазх1абехь куьйгаш айъа сацам бина, ткъа вай цу мазх1абехь ду.