Общество

Ша веллачун кошан тIе воьдуш, я уьш тодан воьдуш, боьршачу стага а, зудчо а лардан дезарг а, цара тIе тидам бахийта безарг а хIун ду?

Каш тIе вахар зерат ду аьлла вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Цига ваханчо хIун дан деза а билгал дина цо. Дийна волуш, ша цунна гергахуьлучу барамехь хилла лерам, велла волуш а, хила беза цуьнца. Дийна волуш, шен цуьнца хиллачу лерамел соввийла а ца веза и, цунна хьурмат дан гIертарехь. И муха ду? Кошан барзана тIеветтавалар а, чуьртах хьерчаш велхар а. Уьш лело оьшуш дац. Кешнашка воьдуш, ламаз а эцна, хьурмате а волуш, оцу веллачунна, хьуна и ца гахь а, хьо цунна гой а хууш, хьайн къамел цунна хезаш хиларх тешна а волуш, иштта цуьнца лараме хила веза. Цига дIакхаьчча, кошан барзана гергахь саца а сецна, деша хаахь, Къуръан а дешна, ца хаахь, салават а диллина, я къулхIа дешна, я зуькар дина, шен ойла тайина, шен веллачунна гечдар доьхуш, доIа дер цо. Къаьсттина, лардан дезарг шен дегIа тIехь тамбоцу духар ду. Веллачунна тIевахарца хIун лаха дезаш ду аьлча, валар дагадаийтар ду. Ша валар дагадоуьйтуш волчу стага шен некъана терза хIоттор ду, хIара дика дерг ду-те соьца я хIара вуон дерг ду-те соьца, аьлла. Вуониг дIадаккха деза. И велларг санна, ша а лийр ма ву аьлла, и валар цунна дагадаийта, вайна суннат дина кешнашка дахар. Къаьсттина зударийн духарх аьлча, шен бусалба динехь долчу духарца, хила ма-еззара, оцу кешнашка йоьдучу заманахь Iатар доцуш, шен Iоврат дIа а хьулдина, зудчо шен веллачун коша тIехь Къуръан деша а, доIа дан а мегар ду. Кошан барза тIера буц дIаяха мегар дац. Оцу бецо тасбихь до, оцу веллачунна пайдехь ду и. Кир тоха а, цу тIе поппар хьаха а бакъо йолуш дац шариIатехь. Оцу веллачун доIа дар ду вайна тIехь, Делан къинхетаме са а туьйсуш. Везачу Далла хьакъдоллу хьурмат дар лойла вайна вайн гергарчеран дийна болуш а, беллачул тIаьхьа а.

Хаттарна жоп делларг КЪКФО-н Iеламнехан кхеташонан куьйгалхо Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа