Новости

Соьлжа-Г1алахь 300 доьзал чукхалхо комплекс схьайиллина

Соьлжа-Г1алахь,йоха гергаяханчу  х1усамашкара нах д1акхалхо 300 доьзална лерина комплекс йина. Х1усамийн дог1анаш д1аделира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ЖКХ-н  г1олацаран, терго латтаран кхеташонан председатела Степашина Сергейс, иштта корпорацин генеральни директора Цицина Константина.

«2025-чу шо кхачале кхочушъян лерина хилла йолу федеральни проект, хенал хьалха кху шарахь  чеккхаъяккха дагахь ду. Кхаа шарахь 33 дукхапетарийн кхо ц1а дина, 3.5 эзар стаг цу чу д1а а кхалхийна. Оцу терахьаша гойту 1аламат боккха болх бина хилар», – элира комплекс д1айоьллуш Кадыров Рамзана.

Кху шарахь республикехь «Х1усамаш а,г1ала хьал а» («Жилье и городская среда») къоман проектан гурашкахь кхин а дукхапетарийн 13 ц1а дийр ду. Кхалхор 2017-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1 де т1екхачале йхарна кхераме аьлла билгалйаьхна йолчу х1усамашкара 1.5 эзар вахархо.

И бахьнехь региональни программица бан лерина белхаш чекхбохур бу регионо.