Ненан кийрахь доьзалхо д1акхалхар нислахь, хьакъикъат дан дезий цунна т1ера?
Шафи1ин мазх1абехь хьакъикъат дан деза эр дац цунна т1ера, Хьанифин мазх1абехь хьакъикъат дан деза эр ду. Цундела, чохь са долуш дуьненчу даьлла ца хилча, хьакъикъат дан деза олийла дац. Амма шен таро-аьтто а болуш, дика х1ума дан лууш велахь, дарх новкъарло а хир яц. Саг1а хир ду иза, Далла муьт1ахь хилар а хир ду.