Общество

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дагалоцуш…

Мел дукха цунах лаьцна дийцарх, дийца дуьсуш дерг кхин а алсам хуьлу. Цунах лаьцна олуш долу дош цкъа а кхачалур дац, х1унда аьлча, цуьнан х1ора дашна т1ехьа лаьтташ даккхий а, сийлахь а г1уллакхаш хиларна… Политика ницкъаца а, герзаца а д1акхехьалуш яц. Политика д1акхехьа хьекъал, кхетам, 1илма оьшу. Далла бу хастам, и кхо х1ума шеца долуш вара Ахьмад-Хьаьжа. Хьалха дуьйна политикина юкъахь ца хиллехь а, 1едалан балхахь ца хиллехь а, куьйгаллин белхан зеделларг ца хиллехь а, Ахьмад-Хьаьжа сиха т1аьхьакхуьура мел чолхечу х1уманна. Цунна хаьара хьалха х1ун х1отто деза, т1аьхьа х1ун теттича, бакъахьа хир ду. Цуьнан къайле стенах йоллура аьлла, сайга хаьттича, ас жоп лур дара: «Цунна дика хаьара халкъана, мискачу нахана х1ун оьшу, цара сатуьйсург х1ун ду, цара лардеш дерг х1ун ду». Цуьнга хьаьжжина, дан дезачун ц1етухура цо. Ахьмад-Хьаьжа республикин куьйгалхо х1оьттича, кестта дахаро гайтира Ахьмад-Хьаьжа оцу деза-доккхачу даржана хьакъ хилар. Х1инц-х1инца кхоллалуш долчу 1едална юккъе нах озарехь, оцу 1едална хьалха декхарш х1итторехь, и декхарш кхочушдан некъ гайтарехь Ахьмад-Хьаьжас гучуяьккхира йоккха говзалла а, ша озабезамаш беш цахилар а, г1уллакхах дог лозуш хилар а. Уггаре а коьртаниг: нах бекъа ца боькъура цо, х1орш к1айн буй, х1орш 1аьржа буй бохуш. Юккъера д1адаьккхира «оппозици», «позици» бохург, «дудаевец», «масхадовец» бохург. Цо мохь туххуш д1акхайкхира: «Вай нохчий ду – дехьарнаш а, сехьарнаш а!». Цо шена хьалха х1оттийра шера 1алашо: «Цхьа халкъ, цхьа дин, цхьа мохк!». Гайтира цунна т1евуьгу некъ: машар, масла1ат. Ахьмад-Хьаьжас олура: «Сан уггаре а луьра мостаг1 – т1ом бу». Оцу шен мостаг1на дуьхьал а велира иза, хан, ницкъаш, шен дахар ца кхоош. Референдум д1аяхьар, Нохчийн Республикин Конституци т1еэцар, президентан харжамаш вовшахтохар – и дерриг йоццачу хенахь кхочушдан ницкъ кхечира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин. И болх д1абахьа к1орггера хьекъал, ира кхетам, доккха 1илма оьшура. Цуьнца цхьана Ахьмад-Хьаьжина хиира Россица, цуьнан куьйгаллица цхьатерра бакъонаш йолу юкъаметтигаш лело, луларчу халкъашца доттаг1аллин уьйраш таса, кхечу пачхьалкхаца хила ма-еззара з1енаш ч1аг1ъян, кхио. Цо цхьамма дира, цул хьалха хиллачу нохчийн тхьамданашка б1ешарийн йохаллехь дан цаделларг. Ахьмад-Хьаьжина ша халкъах схьаваьлла вуй хаьара. Цундела иза оцу халкъана гена ца велира (цхьаберш санна). «Ас деш мел долу х1ума, ас сайна хьалха мел х1оттош долу декхар, ас даима г1айг1а беш дерг цхьа х1ума ду: халкъан хьашт кхочушдар», – иштта олура Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. «Баккъал а, халкъан дуьхьа, мискачу нехан дуьхьа вехара иза. Муьлхха а къамел юкъадаларх, х1уъу а дийцаре дарх, Ахьмад-Хьаьжас цкъа а шена х1ума ца доьхура. Цо мел бохург, цо мел лоьхург цхьана х1уманна т1ехьажийна хуьлура – нохчийн мехкан а, нохчийн а хьашт-дезаршна», – иштта тоьшалла до В.В. Путина.

«Нах бацахьара, со президент а хир вацара», – билгалдоккхура ша Ахьмад-Хьаьжас. Цуьнан не1 (балхахь а, ц1ахь а) даима йиллина яра, цуьнгара г1о-накъосталла эшна т1е мел вог1учу стагана. Мехкан а, халкъан а, дуьхьа болчу къийсамехь цо терзанан цхьана аг1ор диллира уггаре а дезаниг – шен дахар. Шениг диллина ца 1аш – доьзалниг а. Муьлх-муьлххачо а дийр долуш х1ума дацара иза. Бусалба динан, нохчийн халкъан сирлачу кханенан дуьхьа, юкъ а йихкина, заманан дорцехула чекхвелира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Шена аьттонаш ца лийхира цо. Дийнна халкъан, х1ора нохчичун лазам шена т1еийцира. Шен дагах чекхбалийтира махкана т1ебеана бала. Дала ницкъ белира цунна (ц1еначу нияте хьаьжжина) и беза мохь д1абахьа. Къонах боху еза ц1е шен хьацарца а, ц1ийца а яьккхира цо. Мах хадо йиш йоцу, кхин цхьа дика а дира Ахьмад-Хьаьжас: вайна юккъера ша д1авоьдуш, шен меттана к1ант Рамзан витира цо… Шен 1ожаллица дахаран толам баьккхира Ахьмад-Хьаьжас.

… Шарна т1аьхьа шо долуш, болар сихдина д1аоьхур ю зама. Дукха х1уманаш хийцалур ду вайн лаьттан букъа т1ехь. Ца хийцалуш дуьсур ду цхьа х1ума: къонахчун еза ц1е а, цу къонахчо динарг а. Иза гуттаренна а ду. Сулейманов Ахьмада ма-аллара, х1ара дуьне-м къонахийн белшаш т1ехь лаьтташ дай!

Лорсанукаев Увайс