Аналитика

Г1иллакхан мехалла

Х1ора халкъан шен г1иллакхаш ду, иштта шен г1иллакхаш ду вайн халкъах а. Динехь а бакъо елла халкъана шен г1иллакхаш, 1адаташ лелон, и г1иллакхаш, 1адаташ динна дуьхьал ца хилчахьана. 1елам наха аьлла боху: «Динна дуьхьал ца хилчахьана шайн г1иллакхаш, 1адаташ лелон мегар ду, – аьлла. Цо гойту дино уьш доьхкуш цахилар. Вай лакхахь ма-аллара, динна дуьхьал хила йиш яц хаза долу г1иллакхаш я 1адаташ. Масала, билгалдоккхур вай зуда ядоран 1адат. Тахханалц и 1адат вайн халкъана юкъахь лелла ду. Цу тайпа 1адаташ динехь магош дац. Х1унда аьлча, хийрачу зудчух куьг тохар хьарам ду. Цхьа а г1алат доцуш х1ума атта хуьлуш дац. Наггахь иштта г1алат дерг нислахь а, 1аламат хаза 1адаташ, г1иллакхаш долуш ду нохчийн халкъ.

     Къаьсттина, вайн халкъан г1иллакхийн мехалла билгалъяккха лаьа кху статья т1ехь, иштта адамийн юкъараллехь г1иллакхо д1алоцу меттиг хьахон а. «Г1иллакх» аьлла, вай и схьакъастор х1ун ду хьуна аьлча, вай лакхахь д1адуьйлалуш, г1иллакхца цхьана 1адат хьахийна дела, цуьнах и «г1иллакх» боху дош схьакъастор ду иза. Цхьадолу г1иллакхаш 1адаташна чохь нислахь а, гуттар тайп-тайпана кхетамаш болуш ши дош ду и шиъ.

     Вай х1инца хьаха ма-дарра, дино магадо г1иллакхаш (Магадо аьлча а, динехь долуш ду-кх и хаза г1иллакхаш): воккханиг т1евеача хьалаг1аттар, воккхачунна некъ битар, цуьнгахь цхьа ларча елахь, цунна и д1ахьош г1о дар… Масане ду уьш. И г1иллакхаш бусулба дин т1еэцале вайн халкъана юкъахь хилла ду. Историкаша билгалдаккхарехь, вайн г1иллакхашца дог1уш ду аьлла т1еэцна вай бусалба дин. И дин т1еоьцуш, цхьаммо ницкъаца т1еэцийтина дац: бина т1ом, кхоьссина топ, тоьхна тур дац. Дукхахьолахь, нийсонца т1ом ца бо, т1ом харцонца бо. Цо гойту вайн халкъан г1иллакхаш, нийса, хаза хилар. Х1унда ду уьш нийса а, хаза а г1иллакхаш? Дера ду уьш Далла а дезна х1умнаш долу дела. « Г1иллакх ялсамани чуьра схьадеъна а ду, юха ялсамани чу даха дезаш а ду»,-бохуш дуьйцу дешначу наха. Цо гойту г1иллакхан мах мел лекхара бу.     

    Ткъа г1иллакх вайн халкъан ц1ийца хилла ду даима а. Вайн дайша гуттар лардина г1иллакх. Царна хууш хилла цуьнан мах. Ма-дарра  аьлча, г1иллакхо, адамашна юккъехь уьйраш кхуллий, и уьйраш хазйой хууш хилла царна. Цундела церан юкъаметтигаш хаза хилла, гергарлонаш ч1ог1а хилла. Церан г1иллакхаша кхоьллинчу гергарлонаша з1е хуттуш хилла т1аьхьа бог1учу церан доьзалийн а. Бусалба динехь ч1ог1а лерина ду гергарло лелор. Дайша лелийнна гергало д1алелор а ду ч1ог1а даздина хьахийна. Ткъа гергарло хадош волу стаг ч1ог1а вуон вийцина, цунна кхерам хилар а билгалдаьккхина. Дешначу наха шайн хьехамашкахь кест-кеста иштта билгалдоккху и.

   Г1иллакхаша гергарло хуттуш хилча, уьш ца лелийча гергарло хедарг хилар билгалдолу. Ткъа гергало хадор стагана дуьненахь, эхартахь ч1ог1а эшам болуш, кхерам болуш х1ума ду. Цу дерригенна а юкъахь лаьтташ дерг г1иллакх хилча, ма ч1ог1а оьшуш х1ума ю и г1иллакх! Вайн халкъо цундела ма лелийна и, цуьнан буьззина мах хууш. Тахана вайн дайша, дедайша, наноша, ненананоша хьоьхуш лаьтташ ду уьш. Уьш х1унда хьоьху цара? Дера хьоьху вайна юкъахь ларам, марзо хилийта. Юкъахь ларам, гергало кхуллуш санна, адамашна юкъахь марзо а кхуллу г1иллакхаша. Ма-дарра аьлча, «гергарло, марзо» боху ши дош маь1не диллича, синоним делахь а, дикка ойла йича, тайп-тайпана кхетамаш бовлу цу дешнашкара. Кхетамаш бохург х1ун ду аьлча, кхин а жимма т1е шекар, я кхийолу х1ума т1етесна, кхачанан чам кхин а тобеш нисло-кх вайн? Иштта гергарлонаш кхин а тодо оцу «марзонаш» бохучу дашо. Гергарло еккъа чукаре-т1екаре я хьо-со делахь, ткъа марзо–уьйрашца болу синхаамаш бу адмашна юккъера.

     Дагера, синера дерг мерза а, ц1ена а ду. И мерзаниг а, ц1енаниг а ду вайна баккхийчара схьахьоьхург а, вай схьалаца дезарг а. Даима санна, баккхийчара вайна схьахьоьхучуьнца г1иллакх ду, ткъа Нохчалла г1иллакхашца ю. Вайн дайша санна, г1иллакхаш вай леладахь, дуьззина Нохчий хилла дуьсур ду вай. Ткъа и г1иллакхаш вай ца леладахь, вайн Нохчаллина эшам хир бу, боккха эшам, дег1а т1ера цхьа аг1о д1аяьккхича адамана мел эшам хир бара и? Иштта эшам хир бу-кх! Х1унда аьлча, вайн халкъан цхьа аг1о бу г1иллакх. Вайн фольклорехь а гучадолу и иштта хилар. Дукха меттигаш ю вайн фольклорехь вайн халкъан дахарехь г1иллакхо мел йоккху меттиг д1алоцуш хилла гойтуш. Ишттачарех ду Джамбеков Ша1ранис х1оттийначу «Нохчийн фольклор» ц1е йолчу книги т1ехь долу «Г1иллакх» ц1е йолу дийцар: «Исмайлин Дуда хиллера шен некъа воьдуш. Дуьхьалкхетта цунна жима зуда, керахь бер а долуш. И шена дуьхьалвог1у гича, нана, и бер охьа а диллина, юьстах яьлла.

   Чехкка т1екхиъначу Дудас, и к1ант вуйла шена ма-хиънехь, цунна юххе шен юкъара схьа а яьккхина, тапча охьайиллина.

   Цу к1антана зуда ялийча, верта а, герз а, кхин долу совг1ат а дохьуш, воккха хиллачу Дудина т1ееанера оцу к1ентан нана».

   Мел хаза г1иллакх гойту оцу дийцаро. И тайпа меттигаш вайн халкъан дахарехь 1аламат дукха хилла. Хилла аьлла дита а ца лаь суна иза. И тайпа г1иллакхаш жимма хийцаделлехь а, х1инца а хаза г1иллаккхаш долуш, оцу г1иллакхашна дукха нацкъара а ца долуш схьадеана вайн халкъ.

    Иштта г1иллакх долуш хилла вайн дай-наной. Оцу г1иллакхех туьлуш ду вай бохуш, мохь-орца дохурш а хуьлу. Вай лакхахь ма-аллара дукха нацкъара ца девллехь а, к1ез-к1еззиг хера довлуш-м го вай. Делахь а, долчуьнгахь тахана а ду г1иллакх. Оцу г1иллакхо хаздина адамаш го дуккха а. Цара дог а дохдо, кханенах тешам а кхуллу. Вайн дайша лелийна хаза г1иллакхаш кхид1а а дехар ду аьлла хета иштта нах гича. Ишттачу дайн-нанойн т1аьхье а хир ю иштта г1иллакхе. «1ожана 1аж гена ца бужу», – олуш ду. Иза ч1ог1а нийса аьлла ду. Дукхахьолахь, шайн чохь кхетош-кхиоре хьаьжжина кхуьу бераш. Ма-дарра аьлча, воккха-жима башхалла а яц, оцу адаман леларе хьаьжча, цуьнан доьзал х1ун доьзал бу гуш хуьлу. И г1иллакх долуш велахь, цуьнан х1усамехь берш г1иллакх долуш, г1иллакх-г1уллакх девзаш буй хаьа хьуна, и стаг г1иллакх доцуш велахь, цуьнан х1усамехь берш г1иллакх доцуш, г1иллакх-г1уллакх ца девзаш буй хаьа хьуна. Массо х1усамехь а иштта ду аьлча а вай нийса хир дац. Куьйга т1ера пхи п1елг а бац цхьатерра. Оьрсийн олуш цхьа х1ума ду: цхьаъ телханаг воцуш доьзал ца хуьлу ( в семье не без урода). Массо цхьатерра дика а ца нисло, иштта массо цхьатерра вуон а ца нисло. Вай буьйцурш: г1иллакх, г1уллакх доцуш нислуш болу доьзалш, оцу доьзалера г1иллакх, г1уллакх доцуш бовлуш болу доьзалхой бу. Уьш вайна юккъехь к1еззиг бен бац. Вай ала хьийзориг: ша хьала кхуьуш долчу юкъаралле хьаьжжина адам хьалакхуьу бохург ду. Иза психологаша, социологаша иштта билгалдоккхуш а ду. Бер, ахь Африке дигна, царна юкъахь дитахь, цуьнах африкахо я индейхо хир ду, 1амарке дигахь – 1амаркахо а, Франце дигахь – франкахо а. Церан амал, церан лелар, церан 1адаташ, кхетам хир бу оцу берехь. Юкъаралло шех д1атардо адам. Цундела боху вай и 1аш волчу доьзале хьаьжжина хуьлу стаг. Иза дика велахь а, иза вуон велахь а, цуьнгахь г1иллакх-оьздингалла елахь а, я и яцахь а, дукхахьолахь бехке ерг-юкъаралла ю. Даима а цунна юкъаралла бехке ю аьлча, иза ч1ог1а нийса хир дац. Юха а, т1аккха а вай оцу юкъахь къастам беш бу «дукхахьолахь» аьлла. Вай хьеха ма-дарра, оцу т1ехь вайн юкъаралла 1аламат дика ю. Адам г1иллакхца а ду, г1уллакхца а ду.

    Дуьххьара санна ца хуьлу х1ума. Хан мел йолу х1ума эшам хуьлуш д1адоьду. Юха а билгалдаккха лаьа, хенан йохалла, мел белахь, эшам ца хуьлуш ца дисина вайн халкъ шен г1иллакхашна а, г1уллакхашна а. Амма, дуккха а къаьмнийн а г1иллакхашна, г1уллакхна хиллачу эшамашка хьаьжча, вайн халкъах воккхавево. Цхьана хенахь шайн г1иллакхаш, г1уллакхаш долуш хилла долу цхьадолу халкъаш, оцу шайн г1иллакхех, г1уллакхех хаьдда, дисина. Дукха хан а яц оцу юкъа йоьлларг, цхьа б1е, цхьа б1е ах б1е, ши б1е шо бен. Оццул йолу хан-зама тоьъна къаьмнийн культурашна оццул бакхий хийцамаш бан. Дено-дено глобализаци ю дуьненахь хуьлуш. Цо халкъан кхин долчу х1уманашна т1е1аткъам бина ца 1аш, культурина а т1е1аткъам бо. И ду оцу халкъашна хилларг а. (Церан, х1окхеран  культурина т1е1аткъам хилла, эшам хилла, бохуш, церан ц1ераш яха ца лаьа дела, и халкъаш ца хьахадо вай). Глобализаци ца хуьлуш хир дац таханалерчу заманахь муххале а. Х1унда аьлча, халкъийн уьйраш хоттаяла атта ду. Хаамаш д1асакхачон миноташ ца оьшу, ваха-ван а ду атта. Иштта цу бахьанашца мелла а вовшашкара т1е1аткъам хуьлу. Цхьангара цхьа ламаст, 1адат, г1иллакх схьаоьцу, шегара цхьа ламаст, 1адат, г1иллакх д1ало. Иштта вовшех д1аоь и культураш. Д1аэр (интеграци) хуьлу-кх иштта. Цхьаволчо-м ала тарло интеграци муха хуьлу шен махкахь а волуш, цхьаннах д1аэн цхьана кхечу халкъана юкъахь хила ца веза хьо? Тахана лерачу заманахь, хьо цхьана халкъана  юкъа д1авахана, цу халкъана  юкъахь хила оьшуш а дац. «Виртуальни дуьне» («Виртуальный мир») олуш дуьне ду. Цо, карахь телефон, компьютер йолуш волу стаг вериге а юкъаозийна. Хьо тахана массо а халкъана юкъахь ву. Муьлххачу халкъаца а интеграци ярна кхерам болуш ду, и телефон, компьютер бахьана долуш.

Йиш юй вайн, вайн г1иллакх д1адала? Яц. Иза гайта йиш-м ю вайн. Ма-дарра аьлча, оьцучуьнга цуьнах масал эцийта йиш ю. Г1иллакх д1адаьлча, адам, адамаллех духуш ду. Вайн адамаллех доха йиш яц.

    Ткъа Глобализацех дерг аьлча, оцу  «Глобализаци» бохучу дешан кхетамах, тайп-тайпанчу наха, тайп-тайпана шайна хетарг а дуьйцу. Цхьаболчара глобализаци хилийта ца еза, шайн халкъан х1ума лардан деза боху. Вукхара глобализаци хилийта еза, дерриге халкъаш цхьана х1уманна т1ехь хила деза боху. Глобализаци хилийта ца еза бохурш, шайн къоман культура езаш, цуьнан мах лакхара хетарш бу, ткъа и глобализаци хила еза бохурш, шайн къоман культурех хаьддарш, оцу шайн культурин мах ца хетарш бу дукхахберш. Соьга хьаьттича, глобализаци 1илманехь, искусствехь хила еза. Глобализаци хила еза аьлла, г1иллакхах, г1уллакхах вала ца веза. Г1иллакх хаза х1ума ю. Адам хаза х1ума дезаш, хазчу х1уманан мах хадон хууш хила деза.

    Цхьана нохчийн поэтан цхьа дешнаш дара-кх: «Мел лелийлча а тишцалург г1иллакх ду», – аьлла. Иштта дан а ду иза, ахь мел лелийча а тиш ца ло г1иллакх, я цуьнан мах охьа а ца болу. Мелхо а, ахь лела мел до г1иллакхан мах хьала болу. Нахана хазло и, нахана тов и. Г1иллакх долуш волу стаг нахана веза. Нах болчу наха цуьнца г1иллакх леладо, и лара а лору. Х1унда аьлча, цаьрна г1иллакхан мах хаьа. Шайгахь г1иллакх доцчу наха цуьнца г1иллакх ца леладо, цуьнца ларам а ца хуьлу церан. Цара муха леладо цуьнца г1иллакх, цаьргахь г1иллакх ца хилча. Шегахь оьшуш йолу х1ума ца хилча, и х1ума дан ма ца ло! Цундела царна цуьнан мах ца хаьа. Цхьаволчо ала мега: «Мелхо а, ша оцу х1уманехь къеллица хилча, оцу адамна оцу х1уманан мах хьаьа», – аьлла. Иштта а ду иза. Х1уманан шен-шен аг1о хуьлу. Цу хаттарна иштта жоп дала лаьа: «Х1инццалц х1ара х1ума йоцуш я х1ара х1ума доцуш вай муха 1ийна хилла-те», – олу вай. И х1ума ца хиларе терра цуьнан хьашталла ца хууш 1ийна. Иштта, г1иллакх доцчу стагана а оцу г1иллакхан мехалла ца хаьа, и шегахь доцу дела. Амма цкъа и шегахь хила а хилла, оцу шен г1иллакхца юкъараллех воьлча, х1ара доцуш со мух 1ийна хилла-те, аьлла хетар дара. И иштта хеташ берш хийлазза нис а ло. Цхьана хенахь муьлх-муьлххачу пхьоьханах д1а а бетталой, кхано г1иллакх, г1уллакх, яхь йолчу нахах шаьш кхетча, ма 1овдал хилла со, ма эрна д1аяхийтина ас хан, бохуш 1а. Оцу нахах кхетта, г1иллакх, г1уллакх, яхь йолуш  д1аволавелча, шега болу ларам го цунна. Оцо мах хадабойту цуьнга.

    Олуш цхьа х1ума ду-кх вайн: «Г1иллакх доцчу стагана ахь г1иллакх лелийча, ахь х1ун леладо ма ца хаьа, иза 1адвита, цуьнца г1иллакх ца лелош»,- олий. Иза а нийса ду. Иза кхеташ ца хилча, ахь кхин х1ун дийр ду! Г1иллакх лелон атта ма даций, ахь х1ун леладо хууш я ахь лелочун мах хууш ца хилча-м муххале а! Юха, цуьнца г1иллакх лелор дац ас,- аьлла,- хьо цуьнца г1иллакх ца лелон ваьлча, цуьнах тарлой-те хьо?- аьлла хаттар а кхоллало. Верриге хьо цуьнах тарло аьлча-м нийса хир дац иза. Х1унда аьлча, хьо цуьнца бен вац г1иллакх ца лелош. Делахь а, цуьнан амал дехьа волу хьо, меллалц валахь а. Ахь дика ойла йича, оцу хатттаршна луш долу жоьпаш масех аг1о йолуш ду.  Цундела цу хаттаршна жоьпаш юкъара 1аддитча нийса хета.  

   Т1ехь мел беркъа велахь а, стагехь г1иллакх делахь, и стаг хазво оцу г1илликххо, амма цу стагехь г1иллакх дацахь, мел кечвелла и хиларх, маьттаза волу. Ткъа хаза хилча, хаза ду, маьттазниг наха т1е ца оьцу.

   Г1иллакх д1аьдаллчул т1аьхьа кху дуьнен чохь ваьхна а х1ун до? Х1ун маь1на ду вахаран? Г1иллакх цахилар-ларам ца хилар ду. Вовшийн ларам ца хилча, мел ирча хир дара дуьне. Дуьне юкъаметтигаша хаздеш ма ду. Ткъа юкъаметтигаш, вай ма-аллара, г1иллакхаша хуьттуш ма ю! Цундела, «Г1иллакх д1адаьллачул т1аьхьа кху дуьнен чохь ваьхна а х1ун до?», – аьлла сайн х1оьттинчу хаттаро, цкъа маццах оццу ойланца айса язйина  «Г1иллакх» аьлла йолу байт дагаяийти суна:

Кура байракх йина,

Г1иллакх, хьо дуог1а лаьа.

Хьоьл исбаьхьа синан

Кхин х1ун хир ду ца хаьа.

И хьан хазалла гина,

Вахаран чам ца хьаьа.

Ма дожа сан къина,

Хьоьл т1аьхьа 1а ца лаьа.

    Бакъ а долуш, г1иллакх исбаьхьа х1ума ю. Оцу г1иллакхан хазалла д1аяьллачул т1аьхьа вахаран маь1на ца го. Юх-юха а и билгалдаккхарх дукха а ца хета. Оцу г1иллакхца цхьана бог1уш ма буй ларам а. Хьайн нахаца а, нехан хьайца а г1иллакх, ларам боцуш хьо муха вехар ву?! Ваха лур вара аьлла а ца хета. Цундела ю г1иллакх мехала х1ума. Берашна цуьнан мехалла гайта еза дукха жима долуш дуьйна. Цунна дог1уш цхьа дийцар ду вайн халкъалахь лелаш: «Цхьана стага цхьана хьекъалче хаьттина хилла «Бер маца дуьйна 1амон деза», – аьлла. Бере хьажна, «Мел хан ю кху беран»?-хаьттина хилла стага . «Ялх бутт бу», – аьлла дас. «Нийсса ялх бутт т1аьхьависина хьо»,-аьлла хьекъалчас. Бер дуьненчу даьллачу дийнахь дуьйна 1амон деза бохург ду цу дийцарехь гойтург. Лаа олуш ма дац, «Серах х1оз балур бу, хьокханах х1оз балур бац, хьокха саттабахь, каглур бу». Цу берана етта езаш яц, цуьнга баха дезаш дац. Цунна и дерриге хьайн леларехь гайта дезаш ду. Ахь дийриг схьаоьцур ду цо. Ингалсан пачхьалкхан литературни критика, лексикографа, поэта Сэмюэл Джонсона аьлла: «Масало хьехамочул а дукха ч1ог1а т1е1аткъамбо» («Пример всегда воздействует сильнее, чем проповедь»). И ду вай дуьйцург. Ахь оцу х1уманан лелоре хьаьжжина гуш хуьлу цуьнан мехалла. Беро и х1ума мехала дацахь а схьаоьцу, х1унда аьлча, хьекъал кхиъна даьлла дац цуьнан дика-вуон къасто а, х1уманан къорггера ойлян а. Иза х1инца а цкъа лехамехь ду. Цундела цунна диканиг дика дуй а, вуониг вуон дуй а хоуьйтуш хила веза, олуш а, хьайгара масал гойтуш а. Ткъа воккханиг ахь дуьйцучух, ахь шена гойтучу масалх кхета йиш йолуш ву, и беран хенара ваьлла. Иза дуьйцучух кхета йиш йолуш велахь а, цунна хьеха ца оьшу, амма хьайн леларца масал гайта деза цунна, иза ца кхеташ лаьтташ вац, и масал оьшуш лаьтташ ву (Вай вуьйцург лела ца хууш волу воккханиг ву, ма-дарра аьлча, г1иллакх доцуш волу воккханиг. Х1унда аьлча, г1иллакх доцург ву лела ца хууш верг). Г1иллакх санна долу х1ума цадевзарг х1уманан мехалла ца евзаш ву. Цхьацца долу адам оцу х1уманах кхеташ а, оцу х1уманан мах хууш а хиларх, ша волчу юкъаралло и х1ума лелош ца хилча, оцу х1уманна т1екхийдаш ца хуьлу. Берриге а бехк харцахьалелачун а ца хуьлу даим а. И иштта х1унда ву? Цо и х1унда леладо? – аьлла, хаттар х1отто деза уггаре хьалха. Суна схьахетарехь, цунна хир долу жоп оцу х1уманехь цуьнгахь къелла хилар ду аьлла хир ду. Ма-дарра аьлча, вай йолийначу темехь и къелла масаллин къелла бохучунна т1едог1ур ду. Цо гойту массаллин мел мехалла ю.

    Гиллакх шена дагадеача лелош, шена дага ца деача 1аддуьтуш дац. Г1иллакх массо хенахь лелон дезаш ду. Ма-дарра аьлча, шен сица хила дезаш ду. Сица долу х1ума гуттаренна хьоьца хуьлу, хьоьх даккха а ца ло. Масала, г1иллакх долу стаг массаьрца а г1иллакхе хуьлу, бер дара аьлла ца 1аш, бераца а. И т1еч1агдеш кхузахь дагадаьхки суна Резванова Айзин цхьа дешнаш: «Г1иллакх долчу стеган бераца а хуьлу г1иллакх» аьлла долу. Уьш бакъ дешнаш ду. Иштта дан а ду иза. Иштта, хьал-бахам бара, дарж дара аьлла, цхьанца г1иллакх лелош, къен-миска вара, дарж дацара аьлла, цхьаьнца и г1иллакх ца лелош ца хуьлу г1иллакх долу стаг. Вай лакхахь ма-аллара, цуьнан сица и делахь, цуьнга и къестамаш балур а бац, и массаьрца а цхьанаэшшарахь хир ву. Ткъа и иштта дацахь, цо лелориг моттарг1а ю. Цо лелориг моттарг1а елахь а, г1иллакх-м ду иза, амма моттарг1ех дина г1иллакх ду-кх. Ткъа моттарг1анехь дина х1ума билггал ца хуьлу. Ткъа лелон хала долу х1ума моттарг1аца хуьлуш нисло. Халонца бен ца кхочу х1уманан лакхалле. Ткъа лакхахь верг массарна а гуш хуьлу. Иштта, адамаллин лакхане а кхочу гиллакхца, и оцу шен г1иллакхца гуш а хуьлу г1иллакхна б1аьрзе боцчу нахана. Г1иллакх лелон хала делахь а, оцу г1иллакхо адамах дуьззина адам до.

Банжаев Аьрзу