Разное

Беркате болх

Нажий-Юьртарчу Бенахь, халкъан кхоллараллин «Бенахь б1аьсте» фестивало цхьана тоьхначу кхеташонехь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун г1оьнча Хататаев Ахьмада куьйгалла дечу хи далоран хьокъехь долу г1уллакх хьахийра Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо дийцира «Ясси» хи т1ера Г1алайт1а юьрта кхаччалц шаьш бирг1анаш ехкина хилар, 20 юьртарчу 40 эзар стагана тоьар долуш хи а хир долуш.
Куьйгалхочо иштта билгалдаьккхира, к1оштахь дуккха а нах т1елелаш зераташ хилар. И зераташ долу меттигаш тояр т1едиллира цо.
Билгалдаккха лаьа, сийлахьчу меттигашка лелаш дуккха а бусаба нах хилар, царах цхьаъ Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а хилар.
И бахьана долуш Нохчийчохь долу зияраташ меттах1иттош а, тодеш а ду.