Разное

Сан хьоме нана

Уггаресайн дахарехь суна дукхаезарг нана ю, уггаре х1окху дуьнен чохь хазаниг сан нана ю. Ялсамани ненан когаш к1ел ю олуш ду. Сан нана комаьрша дог, беркате аьхна куьйгаш долуш, к1еда-мерза хабар долуш, доьзалехь барт латто хууш, мерза адам ду. Сайн нана ц1ахь хилар тхайн ураме ма кхаьчча хаьа суна, цо тхуна кечбинчу мерзачу кхачанан мерзачу хьожано юзе хуьлу тхан юкъ, со цхьана гена махкара ц1авог1уш санна елалой дуьхьала йолу сунна сан хьоме нана, т1аккха хаьа суна сайл ирсе к1ант х1окху дуьненчохь кхин воций.

6-чу «А» классан дешархо Арзимов Муслим