Разное

Нохчийн меттан истори

Мотт – г1ирс бу, кхидолчу муьлххачу х1уманна вай лелош болу г1ирс  санна, адамаша вовшийн хаамаш д1асалуш болу, олуш 1едал ду журналистан Тумчаев Адаман. Суна а цунна т1етан лаьа.      

     Мотт– хаам бу, иштта юкъараллина юкъара з1е а ю и. Нийсса аьлча, мотт – г1ирс бу… Г1ирс бу и, и ца хилча адамашна мел эшам хир бара ойла а ца ялуш болу. Маттаца вайн лаамаш буьйцу вай: д1аолу вай, схьаолу вайга. Адамашна юккъера хаамийн з1е ю мотт. Мотт ца хилча, х1инцца вай лакхахь ма-хьахадарра, ма-торру шега хаам схьакхача а, я шегара хаам д1акхачон а аьтто хир бацара нехан. Нийсса аьлча, и аьтто гуттар а къен хир бара: и аьтто куьга ишарца, иероглифца, я петроглифца хила там бара вайн. Вайна цу кепара къахьега а ца дезаш аьтто бу вовшка хаам д1акхачон. Ткъа и дерриге меттан беркат ду. Дукха хан ю нохчийн халкъ цу беркатца дехаш долу. Масех эзар шарера дуьйна схьа, беха орам бу нохчийн меттан. И орам Урарту олучу цивилизацера схьа бу. Иза 1илманчаша къобал дина ду. Нохчийн, г1алг1ийн меттанашца бен, кхин цхьана а маттаца талла ца делла цу цивелизацех дисина долу йозанаш. Цо гойту вайна орамаш мел гена доьлху! Вевзаш волчу урартолога И. М. Дъяковс шен белхашкахь боху: «Хурритийн, урартийн, малхбалехьарчу Кавказан меттанаш гергара хилар билгалдаьккхина лара мегар ду»(уггаре хьалха цо буьйцурш вайнах бу). Иштта боху Вевзаш волчу 1илманчас-лингависта Ю.А Дешериевс а шен «Урартун а, Нохчийн а лексика, морфологи, синтаксис», аьлла болчу 1илманан белхашкахь. И.М. Дъяковс бохург т1еч1агдеш санна, оцу дакъошкахь Урартийн мотт вайн нехан маттаца ч1ог1а бог1уш хилар хоуьйту цо. Ткъа дуккха а кхечу тайпана ойланаш ерш а нисло. Вайн орамаш Урарту доьлху, я уьш Урарту ца доьлху аьлла, и т1еч1аг1дан а х1уьттур дац вай бохучу маь1нехь ю церан ойланаш. Х1унда аьлча, иштта ду и аьлла, цунна зайл тоьхна, и цу т1ехь сацон к1орггера бина талламаш дукха бац 1илманчаша, я царна  и талламаш бан цу цивилизацех дисина иштта дукха йозанаш а дац, боху цара.

      Ткъа ша Урарту йоккха цивилизаци хилла хилар билгал ду. Шайн дика эскар хиларе терра, дуккха а мехкаш схьалецна а хилла цара. 1илманчаша бахарехь, иза х1инца Эрмалойчоь йолчу меттехь хилла. Лакхахь ц1ераш яьхначу 1иманчаша бахарехь, ткъа цо вай цу аг1ор 1ийна хилар билгалдоккху.

     Урарту цивилизаци 1амор ч1ог1а мехала ду историкашна, археологшна тахана. Дуккха а къайленаш юьсуш, вайн эре схьакхаьчна вай. Х1етта а вайн эрехь дерг а ма-дарра хууш дац вайна. Маттаца доьзначун дуккха а къайленаш йисина вайна кху эрица а. Б1аьвнашна т1ехь, чарташна т1ехь, цхьацца герагашна т1ехь, иштта д1а кхечанхьа Нохчийчохь дукхазза а карадо тайп-тайпана йозанаш, хьаьркаш, петроглифаш… Цара а билгалдоккху Нохчийн мотт «селхана» кхоллабелла цахилар.  Къаьсттина билгалбаккха бог1у  IV-чу б1ешарахь гуьржаша вайна бина т1е1аткъам. Мотталлархоша яздо, цу хенахь йина хиллачу вайн г1ишлошна т1ехь гуьржийн элпашца яздина йозанаш карош хилла хилар.

     Кхин а хьахон лаьа, тахана а Нохчийчохь вайна карош лаьтташ ду идеографически йозанаш а. Къаьсттина уьш карадо ширачу б1аьвнашна т1ехь, чхернашна т1ехь, чарташна т1ехь. Тайп-тайпана и идеографаш к1езиг яц… Говзанчаша билгалдаккхарехь, гуонна юкъахь йолчу ж1аро – дуьненан йиъ аг1о, беккъа гуоно – абаде, иштта д1а кхин а х1уманаш билгалдохуш хилла цу идеографаша. Цундела юха а цкъа ала йиш ю вайн, вайн къам шира хилар а, вайн къоман шен маттана оьшуш йолу билгалонаш йозанехь лелош хилла хилар а.

      Пайхамаран (Делера салам-маршала хуьлда цунна) асхьабаш баьхкина Дагестане дин довзуьйтуш, бусалба дин даржадоладелла Къилбаседа Кавказехь. Дагестанера схьакхаьчна Нохчийчу бусалба дин. Дин довза, 1амон буьйлабелла нохчий. И 1амош, оьшуш хиларе терра 1арбийн мотт 1амон буьйлабелла уьш. Цу маттаца мелла а уьйр тасаелла. Динца дерг мелла синна гергара хиларе терра, нохчаша 1аьрбийн алфавит т1еэцна. Ткъа 1аьрбийн маттахь элпаш мелла а к1еззиг ду, вайн маттахь долчу аьзнашца дуьстича: церан ткъе ворх1 аз-элп ду, ткъа вайн шовзткъе исс. Цундела, дуккха а аьзнашна элпаш карон дезаш хилла. И бахьана долуш, 1аьрбийн алфавитца дерг нисцаделла.

      Цул т1аьхьа Услара Петара нохчийн алфавит х1оттийна оьрсийн графикин буха т1ехь. (Досов Къеда хилла олуш берш а хуьлу цуьнца цу балхана юкъара. Амма, ас х1ара язъян материалаш йоьшучу хенахь со цуьнан ц1арна т1е ца нисвелла). Ткъе варх1 элпах лаьтташ хилла и алфавит. Дисинчу аьзнашна элпаш лоьхуш, кхечу къаьмнийн алфавитах пайдаэцна царшимма. Уьш хилла латийнин а, гуьйржин а элпаш. Цо бинчу балха т1ехь йоза 1амош г1алахь схьайиллина школа а хилла. Цу  школехь дешархоша сихха лаккхара кхиамаш бохуш а хилла. Цу ханчахь а, цул т1аьхьа а нохчий шайн амале берзон, цаьрна шайн идиологи д1акхачон йоза 1амон г1иртина хилла олу уьш. Иза иштта хирг хиларх теша а теша. Церан 1алашо нохчашна шайн амал, лелар чудилла 1алашонца хиллехь, я ца хиллехь, Услара а, и санначара а бина и болх бахьана долуш, дешарехь мелла а кхиадоладелла вайн халкъ. Цундела,и церан хилла лаам вайна 1овжаме белахь а, вайна хаа деза цуьнах вайна баьлларг пайда буй.

      Ч1ог1а мехала хилла цул т1аьхьа 1908-чу шарахь Эльдарханов Таьштамира х1оттийна абат. Оьрсийн графикин буха т1ехь х1оттийна хилла иза. Цхьацца хийцамаш хиллехь а цу т1ехь, коьртачу декъана Услара Петаран бинчу белхашна т1ехь бина хилла цо и болх. Дуккха а цуьнан графика аттачу яьккхина а хилла цо. Услара гуьржийн маттера т1еэцначу элпийн билгалонийн меттана цхьацца оьрсийн элпаш а т1еэцна хилла цо, цхьаццадолчу элпийн билгалонаш иштта д1а а яьхна Таьштамира. 36 элпах лаьтташ хилла и алфавит. Цул т1аьхьа 1911-чу шарахь юха араяьккхинехь а Таьштамиран абат, амма, Услара бина болх санна т1е ца эцна иза, я иштта шуьйра баржа а ца баьржина Таьштамаран и болх.

     Юха а 1аьрбийн алфавита т1едевлла. 31 элпах лаьтташ хилла и ерриге алфавит. Вай лакхахь ма-хьахадарра, ткъа иза вайн маттахь долчу аьзнашка хьаьжча, 1аламат к1езиг хилла. И бахьана долуш, язъечу хенахь дуккха а хьаьркаш яхка езаш хилла. Оцо ч1ог1а халчу доккхуш хилла йоза. Оцу ерриге халонашца, 1910-г1а шо кхаччалц цу алфавита т1ехь хилла Нохчийн йоза. Оццу 1910-чу шарахь Гайсумов Со1ипа цу алфавита т1ехь книга арахецна. Цу книги т1ехь цхьацца хийцамаш а бина цо. Цо бина и болх бахьана долуш, цхьацца вайн элпаш доцуш долчу аьзнашна элпаш а карийна хилла. Цу алфавитан а ца хилла беха кхоллам. Цул т1аьхьа иттех шаре бен ца яьлла и книга а. Нийсса аьлча, 1920-чу шаре кхаччалц хилла цуьнан кхоллам. Цул т1аьхьа цхьа шо даьлча, 1921-чу шарахь соавтор А.Турчаев а волуш, Эльдарханов Таьштамара юха оццу алфавита т1ехь абат арахецна. Юха цхьацца хийцамаш бина а хилла цо цу абат т1ехь. И абат а ца яьлла цхьана шаре гергга бен. Х1уъ а дича а, д1анислуш ца хилла алфавитца дерг. Оццу шарахь Сугаипов Шах1аба хийцамаш бина юха а цу т1ехь. Х1инца хаъал элпаш сов девлла а хилла. Уьш 39 хилла. Цу хийцамашна т1ехь севцца мелла хан-зама еана.

    Советийн 1едал т1едеанчул т1аьхьа а нахана йоза 1амон г1ерташ къахьегна 1едало. Цу хенахь хьалхадаьккхинарг хилла «Дуьнена юкъара революци» а, малхбузехьарчу къаьмнашна пролетариат а бохург. Вай лакхахь ма-аллара, шайн идеологи чеккхархьама хилла церан нахана и йоза 1амон г1ертар. И дерриге латинийн алфавита т1ехь дан хьийзош а хилла. Цхьайолчу республикаша т1еэцна хилла латинийн алфавит. Ткъа Нохчийчохь цу алфавита т1едовларна дуьхьал хилла нах. Къаьсттина дуьхьал хилла динан дай. И бахьана долуш, цкъачунна чекх ца долуш дисина хилла и г1уллакх.

   1925-чу шарахь нохчийн областан президиуман ЦИК-хь т1е а ч1аг1йина, т1еэцна Ошаев Халида, Сельмурзаев Мохьмада кечйина латинийн графикин буха т1ехь йолу нохчийн алфавит. 1927-г1а шо кхаччалц вайн газеташ оьрсийн, 1аьрбийн, латинийн графики т1ехь арадийлина. Амма, 1927-чу шарахь дуьйна йоза дерриге а латинийн графики т1ехь сецна.

    Шайн идеологи чекхъяккхархьама, вайна шайн йоза 1амон г1ерташ хилла уьш аьлла, вай билгалдаьккхинехь а лакхахь, 1аьрбийн маттехула нохчашна хуьлуш болу т1е1аткъам юхатоха шолг1а 1алашо а хилла церан. Церан цу 1алашонехь кадаккха санна, латинин графика 1аьрбийн графикел дуккха а атта хилла. Йоза яздар гуттар атта каредоьрзуш хилла.

   Цул т1аьхьа, мелла а хан яьлча, т1аьхьа юха а 1едало шайн хьалха хиллачу лаамашна, хьежамашна, т1еберзабо шайн лехамаш. Х1инца церан интернационализм, малхбузехьа йолу пролетаризм боху х1ума оьрсийн патриотизм бохучу кхетамца хийцало. Йозаш йолу республикаш кириллицин графикин бух т1ехь хила еза боху кхетам хуьлу церан хьалхьабоккхий. Иза дерриге Россех кхидолчу кигийчу къаьмнашна д1аэн атта хилийта а хуьлу церан. ЦИКан къаьмнашкахула йолчу кхеташонехула низамдоккхий, и дерриге халкъера долуш санна, «халкъийн дехаршца», бохуш, оьрсийн графики т1едоккху цара йоза. Иштта 1938-чу шарахь т1еэцна ю тахана вай лелош йолу алфавит. Цу хенахь дуьйна цу алфавита т1ехь ду вай.

   ( Дагадаийта лаьа, 1990-чу шерашкахь юха а латинийн графикан т1едовлар дийцаре деш хилла хилар. Амма, вайна ма-хаара цунах а г1уллакх ца хилира.).

Пайдаэцна И. Ю. Алироевн, Р. В. Гудаевн книгех.

Банжаев Аьрзу