Нохчийн къоман сий долу к1ант Кадыров Абубакар
Х1ара статья лерина ю турпалхочунна, нохчичунна т1емалочунна, бакъволчу патриотана, нохчийн къоман кханенан дуьхьа шен дахар д1аделлачунна.
Милицин старшина Кадыров Абубакар Шайхмагомедович вина 1976-чу шеран мангалан (июлан) беттан 23-чу дийнахь. Шаьш динца юкъаметтиг ч1ог1а йолуш хиларе терра, дас-нанас динца а, нохчийн г1илллакхашца а кхиийра Абубакар а, цуьнан йижарий а. Абубакар воцург кхин божабер цхьаъ бен дацара доьзалехь, цундела цуьнан белшаш т1ехь доккха жоьпалла дара дена-нанна кертахь оьшучунна г1одарехь а, йижарий кхетош-кхиорехь а.
Ворх1 шо долуш (хьалха Ц1оьнтара), х1инца Ахьмад-Юьртарчу №1-чу школе деша вахара Абубакар. Абубакара Нохчийн Республикин Куьгалхочуьнца, Россин Турпалхочуьнца Кадыров Рамзанаца цхьаьна классехь дешна.
Школехь доьшуш волуш даима самукъане вара и к1ант. Бераллехь дуьйна, кхечарех къаста лаам бара цуьнан. Иза къасталуш вара, вокхачун санна хьежам хиларца, кхетам хиларца. Оцу аг1онаша г1о дира цунна школа дика чекхъякка. Школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа к1ид1а дешарх г1уллакх ца хилира цуьнан Нохчийчохь хилла т1емаш бахьана долуш. Ша жима вара аьлла ца 1аш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжина (Дала г1азот къобал дойла цуьнан!) т1аьхьах1оьттина, Нохчийчохь машар д1ах1оттош къахьега нийат хилира цуьнан.
Нохчийн Республикин Администрацин куьгалхочун кхерамазалла ларъеш вара Абубакар. 2000-чу шарахь зуда ялийра цо. Абубакар вевзаш хиллачара майра, къонахалла йолуш, низам долуш вара бохуш вуьйцу и. Цуьнан белхан накъосташа белхан г1уллакхашца лерина ца 1ара и, иза тешаме, нийсо лелош, дог ц1ена хилар бахьана долуш лорура цара.
«Иза шен дашна тешаме вара. Массо х1умана т1ехь хьалхадаьккхина эхь-бехк, нийсо дара цуьнан. Тхо даккхийдера цуьнах, дукха а везара и. Ч1ог1а самукъане, дика ойланаш йолуш адам дара Абубакар. Иза ч1ог1а тешара, вайн кхане ирсе хирг хиларх. Шен ницкъ ма-кхоччу иза иштта хилийта хьажа а хьаьжира и»,-дуьйцу цуьнан б1о-накъосташа.
2001-чу шеран асаран (июнь) беттан 8 дийнахь масех машенахь республикин куьйгалхочун администрацин белхалойн машенийн ковр яра Ахьмад-Юьртара Гуьмсехьа йог1уш. 1уьйранна иссалг1ачух ах ала мегар долуш хан яра и, 1аларой-Эвла чуволлучохь коврана т1ехьа доккха эккхар хилира. Доккхахдолу зен т1аьххьара йог1учу Абубакар чохь волчу «Нива» машенна хиллера. Хиллачу чевнех циггахь декъал хилира иза. Шен гергара к1ант д1аваьллий хиъча, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ша арадьккхина г1уллакх дитина ц1авеара.
Кадыров Рамзана дуьйцу Абубакар ч1ог1а бакъахьа, г1иллакхе, тешам болуш, майра т1емало, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъана ч1ог1а тешаме накъост хилла хилар.
«Хьоме ваша Абубакар террористашна дуьхьал т1ом беш д1акхелхина. Цуьнан 25 шо дара. Иза д1акхелхинчул т1аьхьа дуьненчу ваьлла цуьнан к1ант. Абубакаран к1анта хьакъ ма-ййу д1акхоьхьу шен ден ц1е. Сийлахь Къуръан дагахь 1амийна, шен 13 шо кхочуш хьафиз хилла цуьнах. Цул сов, цомгаш волчу шен дедега хьожуш а ву, дукха жима волуш дуьйна», – билгалдаьккхира республикин Куьгалхочо Абубакар дагалоцуш.
Кхелхинчул т1аьхьа Кадыров Абубакарна Кадыровн орден елла. Абубакаран нанна «Ненан Сий» («Материнская Слава») мидал елла. Кадыров Шайхмохьмадан Абубакарн ц1е лелош урам бу Ахьмад-Юьртахь, иштта Соьлжа-Г1алийн «Нохчийчоьнан Дог» ц1е йолчу маьждиган дуьхьалара майда а.
Нохчийн къомо даима а дагахь латтор ю, шен мостаг1ашна а, динан мостаг1ашна а дуьхьал д1абаьхьначу къийсамехь кхелхинчу шен сийлахь к1ентан ц1е. Дала г1азот къобал дойла цуьнан.
«Турпалхой» республикин проект