Общество

ТIарикъат довзийтар

Бисмиллахиррохьманиррохьим

(Юьхь 2021 шеран

4-чу номерехь)

Тасаввуф шега хьашто йолуш Iилма хилар

Бусалба динан историн юьххье вай хьаьвсича, вайна карадо, тасаввуф – шега чIогIа хьашто йолуш Iилма хилар. Цо, историн йохалла, динан дог, цуьнан бух ларбина, къаьсттина, тIемаш барца кхиболу мехкаш схьабаьхначул тIаьхьа цуьнан хьехам баржийна. Йохк-эцар лелорца я муьлххачу кхечу агIор – тасаввуфан Iеламнаха хIара дин дуьненан массо маьIIе (малхбале, малхбузе, къилба, къилбаседа) дIакхачорна тIехь болх бина. Оцу тIехь коьрта белхахой хилла уьш, оцу новкъахь чIогIа луьра халонаш лайна цара. И болх цара атта ма ца бира, шайн чIогIачу ийманна тIедоьгIна долчу тасаввуфо а, церан нийсачу дегатешамо а, уьш АллахIан нийсачу новкъа нисбаларо а, церан чIогIачу лаамо, собаро а бен.ТIаккха цара атта лайра шайна тIеIитталуш йолу халонаш; шаьш бинчу белхан кхиаме жамI шайна гича,уьш баккхийбера шаьш къахьегарна.

Шайна дуьхьало ян цхьаьннан ницкъ ца кхаьчначу монголийн-гIезалойн эскарна дуьхьало ян, уьш юхатоха, уьш лаьхкина дIабахийта ницкъ кхаьчна тасаввуфан Iеламнехан. Иза – тасаввуфан беркате кхайкхамаш церан паччахьийн, куьйгалхойн, эскаран баьччанийн дегнашчу бижар бахьанехь хилла. Оцу кхайкхамаша цаьргара куцхIотталур доцу вуон, цара гIийлачу къаьмнашкахь латтош йолу къизалла диканца хийцира.

Тасаввуфан къонахаша еш хилла цхьайолу Iамалш вайна йовза лаахь, Дамаскерчу Iарбийн Iеламнехан кхеташонан декъашхо, Индера Iеламнах шена тIетевжаш волчу шайх Абу аль-Хьасан ан-Надавиг ладогIа деза вай. Цо шен «Индехь болу бусалба нах» цIе йолчу жайни тIехь оцу пачхьалкхерчу тасаввуфах, нахана цунах долучу беркатах лаьцна дийцина. Цо аьлла: «Баккъал а, хIара тасаввуфан охIла АллахI цхьаъ варна, дог цIандарна, суннатна тIаьхьабазарна, къинойх, зуламах, дог дакъадаларх тоба дарна тIехь нахе чIагIо йойтуш, сийдолу гIиллакхаш тIелацарна, сийсаза дерг (куралла, хьагI, оьгIазло, зулам, дарж дезар) дитарна, синош цIандарна, кхиорна церан безам т1е бохуьйтуш бара. АллахI хьехор, АллахIан лешна хьехам бар, шайгахь долчух тоам бар, кхиверг шел гIоле хетар Iамадора цара нахана. Къаьсттина, шайхана а, цуьнан муридашна а юккъехь йолу кIорггера уьйр гойтуш йолу хIара чIагIо яйтина ца Iаш, уьш даима нахана хьехамаш беш, церан дегнашкахь АллахI везаран марзо, Иза резаваран лаам чIагIбеш, синош цIандаре, хьал дикачу агIор хийцаре церан чIогIа безам бохуьйтуш бара».

Цул тIаьхьа – церан гIиллакхаша, деган цIеналло, Iилмано, кхетош-кхиоро, кхеташонан гуламо юкъараллехь, адамийн дахарехь йитинчу лорах лаьцна дийцира цо, оцу историн хиламна тIе серло тухуш долуцхьадолу масалш далош. ГIазот хилла волчу шайх Ахьмадах (Дала къинхетам бойла цунах) лаьцна дуьйцуш, цо элира: «Баккъал а, цхьанна ца боьрзучу кепара нах тIебирзира цунна. Цхьана а шахьарна тIех ца велира иза, цуьнан карахула дуккха а наха тоба деш, цунна чIагIо еш бен. Калькутта шахьарахь шина баттахь Iийра иза. Цуьнга чIагIо еш берш багарбича – цхьана дийнахь эзар стагал кIезиг ца хуьлура, буьйса юьккъе яххалц дIахьора чIагIо яр.

Адамаш дукха гулделла хиларна, хIоранга чIагIо яйта аьтто ца хуьлура, цундела вархI я бархI чалба дIакховдайора цо. Наха уьш схьа а лоций, АллахIе гечдар а доьхуш, чIагIо йора. ХIора дийнахь 17-зза я 18-зза и болх бар Iадат дара цуьнан».

Исламан шайха Iалауддинах (Дала къинхетам бойла цунах) лаьцна дуьйцуш, цо элира: «Цуьнан заманан тIаьххьара шераш – шена чохь массо тайпана вуон белхаш, хьарам долу къаьркъа, Iосалла, зулам, шовкъе ловзарш, зинаш, и санна мел дерш лахдаларца къаьстина дара. Уьш наггахь бен хьахош дацара. Даккхий къинош летор – керсталла дар санна кхераме хетара нахана. Гуш риба (процент) яккхарца белхаш бан, закат ца луш даьхни къайладаккха эхьхета буьйлабелира нах. Базарахь пуьташ боттар, хIума юстарна, терза озарна тIехь ямартло яр, нах Iехабар лахделира».

Цул тIаьхьа цо элира: «Баккъал а, хIара суфийш, шайхаш кхиор, цаьрца цхьаьна охьахийшар – нахана пайда баре адамийн безам бохуьйтуш, церан гIуллакхе хьажарна, царна гIо дарна тIехь сутара веш дара».

Шайх Абу аль-Хьасан ан-Надавис (Дала къинхетам бойла цунах) шен «Робба́ниййа ла́ рохIба́ниййа» цIе йолчу жайнин17-18-чуй агIонашна тIехь хьахийна: «Шеко яц, ихьсанан дарже, къайлах долу фикъхI довзаре кхаьчна болу хIара цIена синош долу нах (суфийш) ца хиллехьара, бусалба нехан юкъараллин дегатешам боьхна хир бара, нийса боцчу, зуламечу материалистийн кхайкхамаша умматан дисина ийман, динца йолу уьйр дIайоккхур яра. ТIаккха – бусалба нехан АллахIаца йолу дегнийн уьйр, шен дегIаца, юкъараллица гIиллакх лардеш вахар гIеллур дара, дегацIеналла, шен дегIан хьесап дар дIадер дара, къайлаха йолу цамгарш яьржар яра, дегнаш, синош телхар дара, царна дарба дан лор карор вацара.

Нах, бIаьрзе хилла, дIадердолчу дуьненан бахамаш лоьхуш хир бара, Iилманан дай сийлалла, даьхни, дарж къуьйсуш хир бара, царна тIехь дуьне, дозалла дезаро толам боккхур бара. Шена тIе пайхамаралла доьгIна долчу дакъойх,– дегнаш цIандар, нах ихьсане, къайлаха долу фикъхI довзаре кхойкхуш долу мехала дакъа дIадер дара».

  Устаз волчу ан-Надавис (Дала къинхетам бойла цунах) цул тIаьхьа билгалдина, хIокху хьехамаша беш болчу Iаткъамо, нах дине бахкаро, уьш шарIана муьтIахь хиларо Калькуттехь къаьркъа, и духкуш йолу базар дIаяьккхина хилар. Иза Индийн йоккха шахьар, Ингалс-пачхьалкхан марказ (центр) ю. И базар сацар бахьанехь церан хьеша цIенош (гостиницы) къеделира; къаьркъа доккхуш берш пачхьалкхан куьйгалхошна хьалха бехказбевлира – базар дIакъовлар, духкучуьра къаьркъа сацар бахьанехь налог яла шайн ницкъ ца кхочу аьлла.

Цул тIаьхьа цо элира: «Баккъал а, шаьш бахьанехь хIокху яккхийчу шахьаршкахь дукха нах нисбаларца, цара Iосаллех, шарIо дихкинчух, дегIан лаамашна тIаьхьабазарх тоба дарца хIоьттина долу хIара хьал хIокху дикачу нехан гIиллакхо, хьехамаш бечу суфийн Iеламнаха, шайхаша бинчу белхан жамI ду».

Оцу белхан таллам баран чаккхенгахь, устаза ан-Надавис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Баккъал а, хIокху суфийн шайхаша къахьегар бахьанехь Индийн бIеннаш шахьаршкахь даккхий IиндагIаш долу дуккха а дитташ ду, новкъа лелачу къепалша, кIадбеллачу некъахоша шайн IиндагIехь садоIуш, оцу садаIаро гIора даларца цара кхидIа шайн некъ беш».

Шайх Абу аль-Хьасан ан-Надавис (Дала къинхетам бойла цунах) «Рижа́луль-фикри вад-даIвати филь-Ислам» цIе йолу жайна яздина. Суфийх, дин даржадарехь цара йитинчу лорах лаьцна дуьйцуш, шен къамелан юьххьехь гIараваьлла суфи, воккха муршид волу шайх Iабдул-Къодир Гилани (Дала къайле цIинйойла цуьнан) хьахош, аьлла: «Цуьнан мажлисе 70 эзар гергга стаг вогIура, цуьнан карахула 5эзар сов жуьгтичо, эрмалойн динехь волчу бусалба дин тIеийцира. Иштта цуьнан карахула 100 эзар сов обарго тоба дира, цуьнан гIап тоба дечарна, чIагIо ечарна даима йиллина яра, оцу гIопехула АллахI воцучуьнга багарбалур боцуш дукха нах чакхбевлира, церан хьелаш, дин тоделира. Уьш кхиош, церан доладеш, царна хьалхаваьлла куьйгалла деша вара шайх. Шаьш цуьнга чIагIо йина, тоба а дина, ийман карладаьккхинчул тIаьхьа, цуьнан муридаш шайна тIехь долу жоьпалла девзаш хилира. Царах дукхах болчарна, – шена гергахь ира кхетам, динехь нисвалар, муридаш кхио ницкъ болуш ву аьлла билгалваьллачунна, шайхо муридаш кхио пурба делира. Цул тIаьхьа уьш дуьненан массо агIор дIасабахара, халкъ АллахIан дине кхойкхуш, синош кхиош, АллахIаца накъост лацарна, динехь керла юкъабевллачу белхашна, жехIлаллина, мунепакъаллина дуьхьал тIом латтош. Исламан мехкашкахь динан кхайкхамаш баьржира, ийманан хIусамаш, ихьсанан хьуьжарш, вежараллин кхеташонаш денъелира».

Шайх Абу аль-Хьасан ан-Надавис (Дала къинхетам бойла цунах) шен «Рава́иIу икъба́л» цIе йолчу жайнахь аьлла: «Баккъал а, ас даима олу: «Уьш (суфийш), церан къахьегар ца хиллехьара, Индийн цивилизацис, цуьнан философис Ислам дIахуьйдина хир дара».

Оцу хьокъехь,иштта, устаз, шайх, Исламан вевзаш волу яздархо, сийдолчу АзхIарехь хьехархо волчу Ахьмад аш-Ширбахьис шен «Ну́рут-тахькъи́къ» цIе йолчу жайни юьххьехь аьлла: «Шена чохь хьесапдалур доцу дуккха а даьхни, дегIана иэшам бийр боцу дарба, деган доврдоцу нур долуш, йоккха, тамашийна а хазна ю. Ахь суна дийцахьа, и хазна муьлхачу меттехь ю, цунна тIебоьду некъ, цунна тIекхача ахь хьега деза къа, бан беза болх а хьайна цхьамма бийцича, ахь хIун дийр дара? Хьайн ницкъ ма-кхоччу дIагIоьртар вацара хьо, шена чохь дуьненан сийлалла, эхартан дозалла а долчу оцу хазнина тIекхача?! Тасаввуфан болх иштта бу хьуна, хIай сан доттагI. Баккъал а, иза гуш доцу дарба, хьулйина хазна, Iилманан къайле ю. Иза хьан дегIана, кхетамна, гIиллакхашна оьшуш долу дарба ду, бакъду, хьо цунна тIекхачалур вац я ахь цунах пайдаоьцур бац, хьайн ойланашца хьо цунна дуьхьал ваххалц, хьайн бIаьргашца, хьекъалца хьо цунна тIеверззалц, цуьнга кхача, цу тIехь саца хьо кечвеш долу хьайн карахь, дегIехь мел дерг, хьайн мел йолу хан ахь цунна т1ехьовзаяллалц. Оцунах хIумма а кхочушдиний ахь, баккъал а, хьуна оцу ниIмате боьду некъ бовза ма бевзина?!

Суна лаьа, хьо хьайн балха тIехь хьекъал долуш, хьан дино, хьекъало довзаре кхойкхуш долу сийдолу хIуманаш девзаш хуьлийла. Цундела, тасаввуф ца Iамийча йиш яц хьан, – хьайна хета ойла цунах кхоллаяла, и довза, цунах кхета, тIаккха и ма-дарра хьайна девзинчул тIаьхьа иза къобал дан я дита. Билгалдарехь ас кхин соввоккху хьо, ас хьоьга олу: «Баккъал а, тасаввуфехь, цуьнан исторехь, цуьнан Iеламнехан дахарехь а, тасаввуфах ду бохуш, харцо кхуллучара юкъатийсина хIуманаш нисло. И бахьанехь бакъдерг харцоно хьулдо, цундела бакъдерг хьулдина йолу харцонан дуьхьало дIа а яьккхина бакъонан серлоне вала аьлла омра до хьоьга хьан дино. Ткъа иза тоьаш дац тасаввуф Iаморна тIехь хьо сутара ван?!

ХIай бусалба вежарий! Баккъал а, тасаввуфо шун дахарехь, исторехь доккха дакъа дIалоцу, аш иза зен дайира дуккха а заманахь, тоьаш ма ду шуна шайгахь хилла долу хьал, шу тIедерза тасаввуфна, цуьнгахь ма бу кхача, дарба. Баккъал а, АллахI ву Шен леш нийсачу новкъа нисбеш верг».

ХIара вешан таллам берзош, тасаввуф – ша Iамо, шеца догIмаш кхио чIогIа оьшуш Iилма хилар карадо вайна, къаьсттина дегIан лаамаш, нах бусалба динах, цуьнан рукнех, ийманах, цуьнан баххех, гIиллакхех, АллахIана тIевуьгучу некъах, цуьнан Iилманах генабохуш долу хIуманаш шена чохь даьржинчу хIокху заманахь.

Кхидолчу хIуманал вайна гIоле ма ду, Iилма девзаш, нах кхетош-кхиош болчу Iеламнахе дерзар, цаьрца цхьаьна охьахийшар, цаьрца кхиар, цаьргара гIиллакх, Iилма Iамор а, церан новкъа довлар – дуьненахь, эхартахь декъалхилархьама.

Цул тIаьхьа, вай цаьргара Iамийнарг дIадахьа, иза нахе дIакхайкхо деза вай, ерриге а шахьаршкахь и даржийта, АллахIан лешна дика болх хилийта, вайна безарш тоьлла хилийта, АллахI вайна реза а волуш ваьш Цунна дуьхьалкхетталц. Веза-Сийлахьчу АллахIа боху: «АллахI реза хилла царна (уьш Шена муьтIахь хиларна)‚ уьш а реза хилла Цунна (Цо шайна бинчу бекхамна)» («Аль-Маидат», 119).

Тасаввуфан некъ

Тасаввуфан некъ – иза Исламан некъ бу. Къуръанна, суннатна а, хьалха баханчу дикачу нахана тIаьхьавазаран некъ бу – адамийн синош кхиош, уьш сакхтех цIандеш, адамаш дог цIандаре, ихьсане, АллахI а, Цуьнан Элча а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везаре, АллахIах кхераре, Цунна хьастадаларе, кхечунна тIе ца буьллуш, Цунна тIе болх билларе,кхиверг шел гIоле хетаре, вовшашна гIо даре, дегацIеналле, бакълере, собаре хиларе, динехь нисдаларе кхачош болу.

  Цо адамийн синошна дарба до, куралла, бIаьрмецигалла, ша-шех тамаш бар, хьагI, моттаргIанаш, цабезам, аьшпаш боттар, оьгIазло, мостагIалла, дуьнене сатийсар, сутаралла, дозалла, нахах цавашар, ямартло, мекарло, Iехавар, зулам дар, къизалла, уьш санна йолу цамгарш дIа а йоху.

И дарба дарехь тасаввуф хIокху белхашна тIетевжаш ду: тоба дарна, гечдар дехарна, ша мел дечу хIуманехь АллахIана ша гуш вуй хаарна, АллахIах, Цуьнан Iазапах а кхерарна, АллахI дукха хьехорна, Цунна тасбихь дарна, парзаш лардарна, буса деш долу тахIажжуд ламаз санна йолу суннат Iамалш дукха ярна, кхийолу дегIана гIиллакх Iаморан, са кхиоран Iамалш ярна. Тасаввуфан низамехь долу хIара дерриге Iамалан дакъош, хIорш доцурш – уьш дерриге а – бусалба динан мехала дакъа ду, ша сица доьзнарг, къайлаха долу фикъхI, ийман чIагIдар, динан рукнех цхьа рукна йолу ихьсан а чулоцуш долу.

Шайх Мухьаммад-Ами́н аль-Курдис (Дала къинхетам бойла цунах), тасаввуфан низам хьоьхуш, аьлла: «Тасаввуф – иза дегIан сийлахь, сийсаза долу хьелаш довзуьйту Iилма ду, – иза сийсазчух цIандаран, сийдолчуьнца дузаран, цунна АллахIана герга вуьгу некъ а хьоьхуш долу».

Тасаввуфан Iилма девзар доцуш Iилма ду,

Хьекъал долуш, бакъо евзаш волчу стагана а бен,

И Iилма ца девза цуьнга хьаьжна воцчунна,

Маьлхан зIаьнарш муха гур ю ша бIаьрзе волчунна.

Цуьнан Iалашо – дегнийн, догIмийн Iамалш цIаньяр, тояр а ду.

Цуьнан стом (пайда) – дегнаш кхиор, ерриге къайле хууш волу АллахI вовзар, эхартан Iазапах хьалхавалар, АллахI шена реза хиларца декъалхилар, даима долчу ирсе кхачар, сийлахь белхаш, тамашийна хьелаш, кхечунна ца гуш дерг гайтарца дог нуьре дар ду.

Цуьнан дозалла, Iилманашна юьккъехь уггаре дезаниг – АллахI вовзар, везар а дуьйцу Iилма ду иза, ткъа тасаввуфан Iилма оцу Iилманех уггаре сийлахь дерг ду.

Кхидолчу Iилманашка хьаьжча, тасаввуф оцу Iилманийн бух, бехкам а бу, хIунда аьлча цхьа а Iилма, Iамал кхочуш ца хуьлу, АллахIана тIеверзаран ниййат шегахь дацахь. Ткъа кхечу Iилманашна тасаввуф хьашт хилар, – дегIана са дезарх терра ду. Баккъал а, цуьнан низамна тIаьхьабозуш бара сийдолу асхьабаш, табиIи́наш, табиIи́нашна тIаьхьабаьзнарш, хьалха дIабахана дика нах, шайн Iилманца Iамал еш болу Iеламнах а. Хан-зама дIаяхарца цунна инкарло ма ца йина, жехIил волчо я хьагI лаьцначо, я цабезам, я мунепакъ волчо, я шен дегIан лаамашна, я дуьненан бахамашна тIаьхьаваьллачо а бен.

Вайна гIоле ма дара тасаввуфан некъана тIаьхьадазар, иза Iамор, лардар, иза вешан дахарехь лелор, цуьнга нах кхайкхар а. Ма чIогIа оьшуш ду-кх вайна иза, къаьсттина, хIокху заманахь.

ХIокху некъана тIаьхьаваза тасаввуфан некъ юьхьарлаьцна, цуьнан маьIна девзина, цуьнгахь бакълийна, нах нисбеш, кхиош, АллахIана тIе нисбеш, Iилма хьоьхуш а волчу шайхана тIаьхьа ца ваьзча йиш яц, хIара некъ схьалаца лууш верг цуьнан ма-дарра долчу маьIнех кхето, цуьнан Iалашоне кхачо а ницкъ болуш. Иза – вовза ма-везза АллахI вовзар, Иза резаван Iамал яр, Цунна муьтIахь хиларна тIехь къахьегар, Цуьнан низамехь дIавахар а ду, Иза реза а волуш ша Цунна дуьхьалкхетталц (ша валлалц), оцу балхаца дуьненан, эхартан а ирсе кхочуш. Иштта, хIокху низамехь дIаваха тасаввуфан охIланца гергарло лелор, цаьрца дерг даггара хилар а оьшу, цаьргара Iилма Iамо, пайдаэца а.

(ТIаьхье хир ю)…

ХIоттийнарг – доктор

Мухьаммад Хойр ФатIимахI

Гочдархо – Магамедов Сулиман