Общество

Терачуьнга терра лелаш ца хуьлу

Терачуьнга терра лелча, — изза хуьлу хьо а. «Г1алх» деш  ж1аьла хилча, цунна дуьхьал «г1алх» ма ца дой ахь, и ша долччохь 1ад дуьтий, д1авоьду хьо. Иштта, г1иллакх доцчуьнга терра ца лела оьзда стаг. Оьзда стаг даима адам хилла виса лууш хуьлу, ж1аьлех тарвала лууш ца хуьлу. Цунна ша адам дуй а, адам муха хила деза а хаьа. Шегахь адамалла йоцучунна, ахь шена дуьхьал х1умма а ца аьлча, хьан ала х1умма дац, я хьо шех озавелла моьтту. Ткъа хьо и тайпа нах айхьа церан терго ян а, уьш бахьана долуш ши дош вовшахтаса а уьш ледара нах буй хууш 1ад1а.

Банжаев Аьрзу