ГIиллакх доцчуьнгахь гIуллакх хир дац!
Хастам бу Далла, Iаламаш кхоьллина, уьш кхобуш, кхиош Волчу. АллахIера салам-маршалла хуьлда Дала Iаламех къинхетам беш, хаза гIиллакхаш кхочушдан ваийтинчу вайн Элчанна Мухьаммадна, цуьнан доьзалшна, асхьабашна, царна тIаьхьа мел баьзначарна.
Лераме бусалба нах!
Исламан коьрта Iалашо ю бусалба нах шайна юкъахь барт болуш, шайн дахар ирсе долуш, маьрша бехаш хилийтар. Амма церан дахар ирсе хир дац, цара вовшашца йолу юкъаметтиг гIиллакхца ларъеш ца хилахь. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Ийман кхочушхиллачех бу хаза гIиллакхаш дерш» (Ахьмад).
Адамийн дуьненан дахар ирсе дина ца Iаш, церан эхартахь долу дарж ойбуш ду хаза гIиллакх. Абу Дардаа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Къематдийнахь бусалба стеган терзанна тIехь хазачу гIиллакхал деза хIума хир ма дац. АллахIана ца веза оьзда доцу къамелаш а деш, оьзда воцург». Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), ялсамане вохуьйтур волу хIума дийцахь аьлла, шега дехча, жоп делла-кх: «Делах кхераро, хаза гIиллакхаш хиларо вохуьйту стаг ялсамане» (Тирмизи).
Дала кхоьллинчу Iаламах шен гIиллакх уггар хаза а, деза а долуш верг ву вайн Элча Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Къуръана чохь иза хастош, Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, сийлахь-деза ду хьан гIиллакхаш» («Аль-Къалам», .
Цхьа а шеко йоцуш, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахар бусалба нахана къеггина масал ду Делаца а, нахаца а гIиллакх лелорехь пайдаэца хьакъ долуш.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Делан Элчанца дика масал дара шуна – Делах а, къематдийнах а кхоьручарна, Дела дукха хьехочарна» («Аль-Ахьзаб», 21).
Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Баккъал а, со ваийтина сийдолу гIиллакхаш кхочушдан».
Бусалба стеган гIиллакх хаза хилар, иза оьзда хилар гучудоккхуш дуккха а белхаш бу, царах коьрта берш хьахор бу вай:
- Дена-нанна муьтIахь хилар.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Хьан Дала омра дина, Ша воцчунна Iибадат ма дойла аш, деца-ненаца дика а хилалаш, аьлла. Хьуна гергахь цаьршиннах цхьаъ я ший а къаналле кхачахь, ахь цаьршинга ма алалахь «уффай!», чеха а ма делахь и шиъ, ахь ала цаьршинга хаза дош» («Аль-Исраъ», 23-24).
Вайн дайша чIогIа лардеш хилла деца а, ненаца а долу гIиллакх, цаьршиннан бакъ цIе а ца йоккхуш, кIеда-мерза бистхуьлуш хилла уьш. Шайн балхехь цаьршиннах дагабовлуш хилла уьш, цаьршингара пурба доцуш арабовлуш ца хилла уьш. - Воккхачун лерам бар, жимачух къинхетам бар.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Вайх ма вац баккхийчеран сий ца динарг, кегийчаьрца къинхетаме ца хилларг».
Воккхачун сийдар бохучо юкъалоцу – цул хьалха цуьнга хьал-де хаттар, цуьнан некъ ца хадабар, и чувеача хьалагIаттар, цунна охьахаа меттиг ялар, и вистхуьлучу хенахь ладогIар, оьшучохь цунна гIо дар. - Хьаша-да тIеэцар.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Делах а, къематдийнах а кхоьруш волчо хьешан лерам бойла» (Бухари, Муслим).
Вайн дайша шаьш хIусам ечу хенахь, хьаша-да тIелаца чоь билгалъеш хилла, и ша волчу веача цуьнга паргIат буьйса яккхийтархьама. Цунна билла къаьсттина мотт а, баа кхача а латтош хилла цара. - Сий-ларамечу нехан, церан тIаьхьенийн (къурайшийн тайпанан, эвлияийн) маслаIатца доьзначу дехарна жоп далар.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, бусалба нах вежарий бу, аш маслаIат де шайн шина вешина юккъехь» («Аль-Хьужурат», 10).
Нохчийн къоман хазачу гIиллакхех ду, дика нах а, церан тIаьхье а ларар, церан даше ладогIар. Церан беркат бахьана долуш хийла Iана тарлуш долу цIий ца Iенаш дисина, шех беркат ца долу дов-тIом маслаIатца дIабирзина. Эрна ца аьлла вайн хьекъалечу дайша: «МаслаIатан мотт сецча, цIий Iаьнна». - Бусалба нехан гIуллакхе хьажар, церан хьашташ кхочушдар.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Шен вешин хьашт кхочушдеш верг милла велахь а, Дела хуьлу цуьнан хьашт кхочушдеш». Муслим.
Вайн дайшкара схьадеана гIиллакх ду, ялта чудерзош я хIусам еш, я и санна накъосталла оьшучу меттехь белхи вовшахтохар. - Юьртахь, лулахь тарлуш хилар.
Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Жабраил-малик соьга весет дечуьра саца ма ца сецира, суна лулахочо сох ирс оьцур ду мотталц». Бухари, Муслим.
Вайн дайша олуш хилла: «Генарчу вешел уллехь волу лулахо гIоли ву».
Лулахь дика-вуон деача, нохчаша шайн кевнаш дIадоьллу, дехьа-сехьара баьхкинчу нахе шайн хIусамашкахь ламаз дойту, царна баа кхача а ло. - Ша оьгIаз вахча, шен дегIан доладар.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Нах охьабеттарх дац ницкъ болуш хилар, баккъал а, ницкъ болуш верг – ша оьгIазвахча а шен дегIан дола далуш верг ву».
Нохчийн халкъана чIогIа сийсаз, осала хеташ хилла, шел гIийлачунна ницкъ беш верг. Делан дуьхьа хIума гечдина, къинтIера волург доьналла долуш къонах ву, олуш хилла вайн дайша. - Нахана юкъахь оьзда мотт лебар.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Баккъал а, оьзда воцуш хилар, мотт оьзда боцуш хилар – бусалба динах дац. Баккъал а, бусалба динехь нисбелларш – гIиллакхаш хаза хилларш бу».
Вайн дайша олуш хилла: «Iеламнах болчохь мотт сацабе, эвлаяаш болчохь дог сацаде». Цара иштта олуш хилла: «Герзо йина чов йирзина, матто йина чов йирзина яц». - Оьзда духар лелор, коьртахь хIума лелор.
Пхийттара ваьллачул тIаьхьа коьртахь хIума йоцуш лелар эхь лоруш хилла вайнаха. КоьртаIуьйра лелаш волу стаг тоьшаллина магош ца хилла Iеламнаха. - Зударийн лерам бар.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Зударийн сий ца до сийдолчара бен, уьш сийсаза ца бо сийсаза болчара бен».
Нохчийн халкъан Iадатехь, кIант йоIе вистхуьлучу хенахь, цаьршинна уллехь зуда ца хилча, эхь лоруш хилла. - Куралла цаезар.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Ялсамани чу гIур вац, шен даг чохь мискъала зарратал куралла ерг».
Кура стаг осала хеташ хилла вайн дайшна, иза дакъазавала хьаьхна ву, олуш а хилла цара.
Лераме бусалба нах!
Вайн дайша схьадеана, бусалба динца догIуш долу цIена гIиллакхаш дицдан мегар дац вай, уьш дендарехь ю вайн халкъан кхане. ГIиллакхан барамехь бен къонахалла ца хуьлу стагехь. Ткъа «гIиллакх доцчуьнгахь гIуллакх ца хуьлу», – эрна ца баьхна вайн дайша. Дала гIиллакх-оьздангаллехь совдохийла вай!
Магамедов Сулиман