Основы поклонения

Ламаз Iамадар

(Юьхь 2021 шеран

4-чу номерехь)

Ламаз

Ламазах Iарбийн маттахь сола́т олу. Сола́т бохучу дешан маьIна доIадар ду.Ткъа шариIатан Iилманехь, ламаз – иза Делан дуьхьа долчу ниййатца, Алло́хIу Акбар аларца долалуш, салам даларца чекхдолуш, шатайпана бехкамаш болу дешнаш алар, меженаш меттахъхьеяр ду. Цунах солат аларан бахьана – шена чохь доIанаш дукха хилар ду. Ламаз дар важиб (дича мела хир болуш, дитича къа хир долу Делан омра ду) ду хIора бусалба стагана, зудчунна тIехь.Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Аш шайн берашка ламаз де ала, церан ворхI шо кхаьчча; церан итт шо кхаьчча, аш и ламаз бахьана долуш царна тоха, дIабуьйшучу меттехь дIаса а къастабе уьш» (Абу Давуд).

Ламаз важиб хиларан бехкамаш

Ламаз важиб ду хIара бехкамаш шеца болчунна:

– Бусалба хилар;

Керста волчо бусалба дин тIеэцахь, дине валале хьалха шен дисина ламазаш доькхуш дан ца деза. 

– Пхийттара валар(ялар);

Делахь, итт шаре бевллачул тIаьхьа берашка ламаз дайта деза,ца дахь, човхийна я яйн муьшка йина.

– Хьекъалехь (иэсехь) хилар;

Хьераваьллачунна, иэсах ваьллачунна тIехь важиб дац ламаз дар. Шена гIоли хилча, дисина ламазаш доькхуш дар дац цунна тIехь.

– БIаьрса, хазар долуш хилар;

БIаьрзе, къора волуш дуьненчу ваьллачунна тIехь важиб дац ламаз дар, иза вистхуьлуш велахь а. Нагахь санна пхийттара ваьлча цуьнан бIаьрса, хазар дайнехь, ламаз дар важиб дац цунна тIехь. Ша товелча, шен дисина ламазаш доькхуш дан ца деза цо.

– Бусалба дин девзаш хилар;

Динах хезна хIумма а доцуш волчунна (бусалба дин кхачазчу меттехь вехачунна) важиб дац ламаз дар. Шена дин довзале хьалха дIаяханчу хенахь ца дина ламазаш доькхуш дар а дац цунна важиб.

– Зуда хIора баттахь догIучу цIийх, берах паргIатъяьлла, (цIанлуш) догIучу цIийх цIена хилар.

Оцу хьолехь йолчу зудчунна важиб дац ламаз дар, я цIанъеллачул тIаьхьа – и дисина ламазаш доькхуш дар.

Ламаз дитаран хьукма 

Лаамаза (вицвелла, набкхетта висина) ламаз дисинчунна къа дац, шен дисина ламаз доькхуш дичхьана волуш ву иза. Амма ламаз важиб дац, аьлла,и ца деш дуьхьал ваьлларг керсталли чу вужу.

Ламаз нийса хиларан бехкамаш

Ламаз къобал хир дац, хIара бехкамаш кхочуш хилча бен:

– Ламазан хан тIекхачар;

– Ламаз эцна хилар;

– ДегI, бедар, ламаз до меттиг цIена хилар;

ДегIана я бедарна тIехь боьхалла хилар ца хууш (я и дIаяккха вицвелла) дина ламаз къобал хир дац. Юхадан деза цо и ламаз. Нагахь санна боьхалла хьакхаелла меттиг билгал яцахь, ерриг бедар я дегI дила деза.

– Iаврат (хьажа хьарам йолу меттиг) дIахьулдар;

Стеган Iаврат – голашна, цIонгина юккъера меттиг ю. Зудчун Iаврат – юьхь, куьйгаш доцург, дерриге дегI ду. Дерриг Iаврат я цунах цхьа дакъа гуш дина ламаз къобал хир дац. Амма махо я кхечу бахьано Iаврат гучудаккхахь, сихха шен Iаврат дIахьулдина, ламаз кхочушдан мегар ду.Ткъа и ца хьулдеш хьелахь, ламаз духуш ду цуьнан.

– Къилбехьа (Маккарчу КаIбатехьа) верзар.

Фарз ламазаш

ХIора бусалба стагана тIехь ду, цхьана дийнахь-буса пхи фарз ламаз дар. И хIора ламаз шен-шен хенахь деш ду.

1) Хьалхарниг – 2 ракаIатехь долу Iуьйра ламаз ду (ши Бисмилла, цхьа Этхьиг). Оцу ламазан хан Iуьйрана малх кхетале йолу хан ю. Iуьйра ламазехь ший а Бисмилла чIогIа доьшур ду.

2) ШолгIа ламаз – иза 4 ракаIатехь деш долу делкъа ламаз ду (диъ Бисмиллий, ши Этхьиггий). 

Цуьнан хан малх делкъенга баьллачул тIаьхьа хуьлуш ю. Цунна ниййат иштта дийр ду: «Ас ниййат ди, сайн фарз диъ ракаIат делкъа ламаз Далла дан», – аьлла. Iуьйра ламаз деш санна, ши Бисмилла, Этхьиг дешна ваьлча, салам ца луш, юха а ши Бисмилла, цхьа Этхьиг дешна лур ду салам. Ламазехь мел доьшуш дерг шена хезачу барамехь доьшур ду. 

3) КхоалгIа ламаз – 4 ракаIатехь деш долу малхбуза ламаз ду (диъ Бисмилла, ши Этхьиг). Цуьнан хан – малх делкъал тIаьхьенга лестина, мажбала болабелча хуьлуш ю. Малхбуза ламаз, делкъа ламаз санна, деш ду. Цаьршинна юккъехь йолу башхалла – иза ниййат дар ю. Малхбуза ламазна ниййат иштта дийр ду: «Ас ниййат ди, сайн фарз диъ ракаIат малхбуза ламаз Далла дан», – аьлла.

4) ДоьалгIа ламаз – 3 ракаIатехь деш долу маьркIажа ламаз ду (кхо Бисмилла, ши Этхьиг). Цуьнан хан малх чу ма-буьззи хуьлуш ю.

Цунна ниййат иштта дийр ду: «Ас ниййат ди, сайн фарз кхо ракаIат маьркIажа ламаз Далла дан», – аьлла. Iуьйра ламазехь санна, ши Бисмилла, цхьа Этхьиг дешна, хьалагIаьттина цхьа Бисмилла дешна, рукуI, сужданаш дина, шолгIа Этхьиг дешна, аьтту агIор салам лур ду, юха аьрру агIор салам лур ду. ХIокху ламазан хьалхара ши Бисмилла хозуьйтуш, юккъерчу озехь доьшур ду, ткъа дисина цхьа Бисмилла шена хезачу барамехь доьшур ду.   

5) ПхоьалгIа ламаз – 4 ракаIатехь деш долу пхьуьйра ламаз ду (диъ Бисмилла, ши Этхьиг). Цуьнан хан, малх дIа а буьзна, цуьнан цIелла дIаяьллачул тIаьхьа (герггарчу хьесапехь, цхьа сахьт ах сахьт даьлча) хуьлуш ю. ХIара ламаз, делкъа, малхбуза ламазаш санна, деш ду. 

Цунна ниййат иштта дийр ду: «Ас ниййат ди, сайн фарз диъ ракаIат пхьуьйра ламаз Далла дан», – аьлла. Цуьнан башхалла – хьалхара ши Бисмилла, маьркIажа, Iуьйра ламазашкахь санна, чIогIа доьшур ду, ткъа дисина ши Бисмилла шена хезачу барамехь доьшур ду.   

Ламаз даран кеп

1. Ламазан арканаш (бIогIамаш)

Рукна (дукхаллин терахьехь – арканаш) хIума латтаран бIогIам, хIуманна тIетовжар, гIортор бохург ду (Iарбийн маттера гочдича). Рукна кхочуш ца хилча, Iибадат къобал ца хуьлу. Ламазан кхойтта рукна ю:

1. Ниййат дар;

Ниййат дагахь дийр ду, маттаца алар суннат а ду.

2. Ламаз дехкаран Алло́хIу Акбар (такби́ратуль-ихьра́м);

Алло́хIу Акбар шена хезачу(къаьстачу)озаца, массо элп доккхуш ала дезаш ду ламаз ша деш велахь, я имамана тIаьхьа доьхкуш велахь. Иштта, ламаз доьхкуш ирахь лаьтташ хила а веза.

3. Ламазан Бисмилла ирахь волуш дешар;

Ирахь латталуш вацахь, хиъна Iаччохь дан мегар ду ламаз; хиъна ца Iалахь, тевжина волуш а. Адам кхетамчохь мел ду, ламазах хьалхадуьтуш дац иза.

4. Ламазан Бисмилла (Фатихьат) дешар;

Фатихьат дагахь ца хаахь, Къуръанна тIера деша мегар ду, я цхьанна тIаьхьара олуш деша мегар ду. 

Фатихьат нийса дешаран бехкамаш:

ХIара бехкамаш (условия) кхочушбеш ца дешахь, ламазан Бисмилла къобал хир дац, цуьнца цхьаьна ламаз ца хуьлу къобал:

а)шена хезаш дешар;

б)аятийн рогIалла ца хуьйцуш дешар;

в) аяташна юкъа дукха хан (паузы) цо юлуьйтуш дешар;

г)элпаш нийса дахар, шалха элпашна тIехь терго яр;

д) аятан маьIна хуьйцуш долу гIалат ца даккхар;

е) аятан дош я элп ца хийцар;

ж) Iаьрбийн маттахь дешар;

з) кхоччуш (дерриге) дешар, я (ца хаахь) цуьнан метта шена хууш долу Къуръанан кхин аяташ дешар. Аяташ деша ца хаахь, Фатихьатан дохаллин барамехь Дела хьахор ву. Иза а ца далахь, Фатихьат дешна волучу ханна вист ца хуьлуш ирахь лаьттар ву.

5. РукуIе вахар (куьйгийн пIелгашца когийн голаш лоцуш, букъ (цIенкъица) пурхнехьа нисбеш, охьатаIар);

РукуIан бехкамаша юкъалоцу:

а) рукуIехь тем бар(пауза);

б) рукуIе вахар бен дагахь цахилар;

в) ирахь волуш рукуIе вахар.

6. РукуIера хьаланисвалар;

РукуIера хьаланисваларан шен бехкамаш бу. Багарбийр бу вай уьш:

а) рукуIера хьаланисвалар бен дагахь ца хилар. Нагахь санна кхеравелла хьаланисвеллехь, къобал хир дац цуьнан хьаланисвалар;

б) хьаланисвеллачохь тем бар, дегIан меженаш рукуIе вахале йолчу кепара дIанисъяллалц.

7.  Ши сужда дар;

Ши сужда даран бехкамаш багарбийр бу вай:

а) корта, ворта тIеязъеш, хьаж лаьтта диллар;

б) тем бар;

в) хьаьжа тIехь хIума цахилар (хьаж дерзина хилар);

г) сужда дар доцург кхин хIума дагахь цахилар;

д) сужданехь вархI меженна тIевазвалар (хьаж-мара; ши куьг; когийн ши гола; шина коган пIелгийн геш);

е) шена тIерачу бедарна тIе сужда ца дар, нагахь санна и бедар цуьнца цхьаьна меттахъхьийр йолуш елахь.

8. Шина сужданна юккъехь охьахаар;

Шина сужданна юккъехь охьахааран бехкамаш буьйцур бу вай:

а)тем бар;

б) охьахаар бен кхин ниййат цахилар.

9. Тiаьххьара Этхьиг деша охьахаар;

10. ТIаьххьара охьахиъча Этхьиг (ташаххIуд) дешар;

Этхьиг дешарца боьзначу бехкамашна тIе тидам бохуьйтур бу вай:

а) шена хезаш дешар;

б) еха соцунгIаш ца яр;

в) хиъна волуш дешар (хиъна Iалуш вацахь, бехказа ву);

г) Iаьрбийн маттахь дешар (ца хаахь, кхечу маттахь деша мегар ду, делахь а Iарбийн маттахь деша Iамо деза);

д) хIора элп нийса доккхуш дешар.

11. ТIаьххьара охьахиъначохь Этхьиг дешначул тIаьхьа Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават диллар;

12. Ламаз дерзош салам далар;

Ламаз дерзош салам даларан бехкамаш буьйцур бу вай:

а) дегI къилбехьа долуш салам далар; корта хьовзош алар суннат ду;

б) шена хезаш алар;

в) Iаьрбийн маттахь алар;

Ца алалахь, кхечу маттахь ала мегаш ду.

г) массо дош нийса алар;

д) оцу шина дашна (Ассала́му Iалайкум) юккъе хан ца йолийтар.

13. РогIалла ларъяр.

Масала, хаа а хууш рукуIел хьалха суждане водахь, я Бисмилла ца доьшуш рукуIе водахь, ламаз духуш ду. Иштта ламаз духу, дала дезачул хьалха ламаз дерзоран салам делча.

ХIокху кхойтта рукнах цхьаъ я масех кхочуш ца яхь, ламаз къобал хир дац. Масала, ниййат ца деш, я сужда ца деш, я Бисмилла ца доьшуш дина ламаз къобал хир дац.

ХIоттийнарг –

Илесов Iелин Iарби