Ламаз Iамадар
Ламаз эцар
Хастам бу Iаламийн Да волчу АллахIана. АллахIера салам-маршалла хуьлда Iаламех къинхетам беш Дала Ша ваийтина волчу вайн Элчанна Мухьаммадана, цуьнан доьзалшна, асхьабашна, царна тIаьхьа мел баьзначарна.
Комаьршачу АллахIа боккха къинхетам бина вайх, вай бусалба кхолларца.
Бусалба стеган коьртачу билгалонех цхьа билгало – иза ламаз деш хилар ю. Мел халонаш ларах, вайнаха ламаз ца дитина. Юьртарчу молле кехаташ тIе Бисмилла, Этхьиг яздойтуш, и кехаташ хIайкал санна лардеш Iамийна вайна дайша, наноша ламаз. Тахана, Делан къинхетамца, ламаз Iамо, хьеха аьтто бу вайн махкахь. Цундела оцу дезачу Iибадатана вайн тIедерзар Iилманан тIегIанна тIедаккха дезаш ду, хIунда аьлча ламаз иштта дан деза, я хьан ламаз нийса дац бохурш бовлу вайна юкъахь. Амма шеко йоцуш дерг ду, хIора бусалба стага шен динан орамаш бовзарехь, Iаморехь къахьега дезаш хилар.
ШафиIин мазхIабехь ламаз эцаран, ламаз даран баххаш буьйцуш, ламазехь вай лардала дезарг хьахош, вовшахтоьхна ду хIара жайна. Жайна хIоттош ирс эцна (тIетевжина) МустIофа Аль-Хин, МустIофа Аль-БугIа бохуш волчу шина Iеламстага яздинчу «Аль-ФикъхI Аль-МанхIажи», шайх Юсуф бин Махьмуд-Хьаж Ахьмада яздинчу «ШафиIин мазхIабехь ламаз дар» цIерш йолчу жайнех. ХIокху жайнах школашкарчу дешархоша, церан хьехархоша, иштта шен ламаз мелла а нийса дан Iама луучо пайдаэцаре догдоху оха. Цхьайтта шарахь дешна, дахаран новкъа волуш волу жима стаг (йоI) шен динан корта – ламаз – нийса дан Iамош хIокху жайно гIо динехь, тхешан Iалашо кхочушхилла аьлла хетар ду тхуна.
Ламаз уггар деза Iибадат ду бусалба динехь. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Массо хIуманан корта Ислам-дин ду,цуьнан гIортор – ламаз ду» (Тирмизи).
Дала уггар хьалха тIедиллина Iибадат ду ламаз. Веза-Сийлахьчу АллахIа Мухьаммад-пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ворхI стигалел лакха ваьккхина, Шена герга вина, омра дина цуьнга, ламаз де, аьлла. Ламазна тIера долалур ду адаман Iамалийн хьесапдар. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Къематдийнахь адаман Iамалех хьалха хьесап дийр дерг ламаз ду. И нийса хилахь, йисина Iамалш нийса хир ю, иза доьхна хилахь – йисина Iамалш йохна хир ю» (ТIабарани).
Ламаз эцарх вудуъ олу Iарбийн маттахь. Вудуъ боху дош — хIума хазъяр, къагор бохучунна тIера схьаэцна ду. Ткъа шариIатехь, вудуъ – иза Делан дуьхьа долчу ниййатца дегIан цхьайолу меженаш хица йилар (хихъяхар) ду.
Ламаз дале хьалха ламаз эца деза, хIунда аьлча Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Ламаз карахь доцуш дина ламаз къобал хир дац» (Муслим).
Ламаз эца магийна ворхI тайпанчу хица:
1) догIанан хи;
2) хIордан хи;
3) лаьтта тIехула охьадогIу хи (река);
4) гIунан хи;
5) шовданан хи;
6) лайн хи;
7) шан хи.
Ламаз эцаран фарзаш
ХIокху фарзех муьлхха а цхьаъ я масех кхочуш ца дича, ламаз эцар къобал хир дац.Масала, ниййат ца деш эцна ламаз, я ши ког ца буьлуш, я, юьхь йилале, ши пхьарс билина, цул тIаьхьа юьхь йилина, эцна ламазаш къобал хир дац. ХIинца дагардийр ду вай ламаз эцаран фарзаш:
1) Ниййат дар;
2) Юьхь йилар;
3)Голашца цхьаьна ши пхьарс билар;
4) Коьрта тIе хи хьакхар;
5)Хьорканашца цхьаьна ши ког билар;
6)РогIалла ларъяр.
Ламаз эцаран суннаташ
Ламаз эцаран суннаташ кхочушдича, мел алсам хир бу. И суннаташ далор ду вай лахахь:
1) Сивак хьакхар;
2) Къилбехьа вирзина ламаз эцар;
3) «БисмиллахIиррохьманир-рохьим» алар;
4) Ши куьг дилар;
5) Ниййат дар маттаца чIагIдар;
6) Бага а, мерчу а хи кхарзар;
7) Юьхь йилар хьаьжа тIера доладар; куьйгаш, когаш дилар пIелгийн яккъаш хьакхорца доладар;
8) БIаьргаш хьакхош, юьхь йилар;
9) Хи кхачийтархьама, пIелган мухIар меттахдаккхар;
10) Аьтту меже хьалха йилар;
11) Куьйгийн пIелгаш чуьчча дахийтарца хьакхадар;
12) Меженаш, хьакхош, йилар;
13) Берриге коьртах хи хьакхар;
14) Лергашна чухула, тIехула хи хьакхар;
15) Когийн пIелгийн яккъаш хьакхор;
16) Массо меже кхузза йилар;
17) Маж лилха яккхар (юкъа пIелгаш хьакхарца);
18) Меженаш йиларна юкъа хан ца йолийтар.
Ламаз эцаран кеп
1 — «БисмиллахIир-рохьманиррохьим. Ас ниййат ди, ламаз эцаран суннаташ кхочушдан, Делан дуьхьа» – аьлла, ши куьг дуьлур ду (кхузза);
2 — Бага хи кхорзур ду аьтту куьйга (кхузза);
3 — Мера чу хи кхорзур ду аьтту куьйга, мара аьрру куьйга цIанбийр бу (кхузза).
Бага, мера чу цхьаьна хи кхарзар бегIийла лерина.
4 — «Ас ниййат ди, ламаз карара далар дIаайа, Делан дуьхьа» я«Ас ниййат ди, ламаз эцаран фарзаш кхочушдан, Делан дуьхьа», – аьлла, ниййат деш, юьхь юьлур ю (кхузза); юьхь юьлуш, хьаьжа тIе, лергийн йистошка, чIенги тIе, лога тIе хи кхачийтар важиб ду. Юьхь йила хьаьжа тIера волалур ву (лакхара охьа). БIаьргийн сенаш хьакхор дика лерина ду.
5 — Голаш цхьаьна аьтту пхьарс буьлур бу, хьалха пIелгийн яккъаш хьакхош (кхузза);
6 — Голаш цхьаьна аьрру пхьарс буьлур бу, хьалха пIелгийн яккъаш хьакхош (кхузза);
7 — Коьртана масхьу деш, керлачу хица тIадийна ши куьг коьртах хьокхур ду (кхузза);
8 — Юха а ши куьг тIадийна, чухула(хьажо пIелгаца), тIехула(нана пIелгаца) лергаш дуьлур ду (кхузза);
9 — Хьорка а цхьаьна аьтту ког буьлур бу, пIелгийн яккъаш хьакхош (кхузза);
10 — Хьорка а цхьаьна аьрру ког буьлур бу, пIелгийн яккъаш хьакхош (кхузза).
Ала догIу, ламаз эцаран рогIалла ларъян езарх. Масала, юьхь йилале коьртана масхьу деш ламаз эцахь (башхалла яц: вицвелла я хаа а хууш дойла цо и), и ламаз эцар къобал хир дац. Ша йилаза йисина меже юьлуш, кхидIа эца деза цо ламаз. Иштта суннат ду, ламаз оьцуш меженаш йиларна юкъа хан ца йолийтар, юьхь юьлуш хи хьаьжал лакха кхачийтар, пхьаьрсаш, когаш хьорканел лекха билар.
Ламаз эцар тIера долу (эцнарг лору) хIокху шина хьолехь:
– ламаз эца (я хи тIера даккха) ниййат дина, дерриг дегI хьулдеш хи буха таьIча;
– хи тIера доккхуш лийчича. Хи тIедоьжча, ламаз эцна воцуш лийчича, ламаз эцнарг лору, нагахь санна луьйчучу хенахь шен бехкечу меттигех куьг ца хьакхадалийтахь, дегIах мох, цхьа тIуно, боьхалла ара ца ялийтахь. Амма рузбанан, Iийдан деношкахь лийчарх (суннатан лийчар)ламаз карахь хуьлуш дац, нагахь ламаз эца ниййат ца динехь.
Ламаз эцаран карахIаташ (нежелательное)
— тIех сов хи дайар (хина исраф дар) дика ца лерина ламаз оьцуш;
— кхааннал сов меже йилар;
— ламаз эцалуш волуш, кхечуьнга шена гIодайтар;
— аьрру меже хьалха йилар;
— бага, мерчу хикхарзарехь марха долуш верг соввийлар;
— боьхачу меттехь ламаз эцар;
— юьхьах хи деттар;
— бехказло йоцуш, йилинчу меженна гатахьакхар;
— ламаз оьцуш волуш,къамел дар.
Ламаз эцна ваьлча, хIара доIа дар суннат ду
АшхIаду ал-ла́ ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу ла́ шари́ка лахIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIу́ ва росу́лухIу. Алло́хIуммажIальни́ минат-тавва́би́на, важIальни́ миналь-мутатIоххIири́на (Ас тоьшалла до, АллахI воцург, кхин Дела вац аьлла; Ша цхьаъ ву Иза, Шеца накъост воцуш.Ас тIаккха а тоьшалла до, Мухьаммад Цуьнан лай а, Элча а ву аьлла. Везан Дела, со тоба диначарах а, цIано йиначарах а вехьа).
Ламаз карара долу хIуманаш
Ламаз карара долу деа хIуманца:
1) бехке меттехула (хьалхахула, тIехьахула) хIума (боьхалла, хьатI, цIий, мох) араяларца;
2) Хьекъал чуьра валарца – эгIийна я хорша еана хилча, я вехха, я цамгарца, я тевжина волуш наб кхетарца.Амма хиъна волуш наб озаярх ламаз карара ца долу.
3) Стаг шен зудчух я кхечу арахьарчу(хийрачу) зудчух (юккъехь пардо а доцуш)хьакхаваларца. Амма стеган я зудчун мIара, месаш, церг хьакхаяларх, ламаз карара долуш дац.Дуккха нах гулбеллачохь, куьг кхеттарг стаг я зуда (муьлхарниг ду) ца хиънехь а, ламаз карара ца долу;
4) Стаг шен я кхечун бехкечу меттигах куьйган кераюкъца, пIелгийн чоьхьенашца хьакхавелча. Башхалла яц – стаг жима я воккха, дийна я велла хилар (и хIинцца дина бер делахь); цуьнан бехкечу меттигех хьакхавелча (хаа а хууш я вицвелла), ламаз карара долуш ду. Ламаз карара дер дац, куьйган тIехула йолу агIо, пIелгийн буьхьигаш, я (куьг доцург) кхийолу дегIан меже бехкечу меттигах хьакхаяларх. Ишта, ламаз карара ца долу, хьайбанан бехкечу меттигах хьакхавелча.
ХIоттийнарг – Илесов Iелин Iарби