Семья и дети

Хаттарш а, жоьпаш а – шариIатца

Шен нана цомгаш ю, цунна догIуш долу пенси схьаоьций, дас схьа ца ло, цунах лаций алахьара бохуш, доьху.

Оцу дена тIехь ду шен доьзална напха латтор. Оцу напхина юкъадогIу шен зудчунна молха (дарба) латтор, цомгаш елахь, больнице йигар, лор хьажийтар. И дерриге шена тIе а лаьцна, хIусамненан хьашташ кхочушдеш иза велахь, хIусамдена мегаш ду цуьнан ахчанах пайдаэца. Амма шен зудчунна эшам беш иза велахь, и ахча карахь сацон мегар дац, хIунда аьлча, шен зудчун дола дан декхарийлахь ву иза.

ЦIийндас зуда дIайохуьйту, цомгаш ю, дечу гIуллакхна хьуьнаре яц олий. Иза къилахь дуй?

Доьзалхо дуьнен тIе волуш цамгар кхетта йолу зуда кхобуш Iаш ву тхан юьртара цхьа стаг. Ткъе итт шо кхаьчна и зуда цомгаш йолу, дегIан дола далуш яц иза. Ерриг юрт а шех цецйолуш, оцу зудчун хаза доладеш схьавогIу и стаг, шена хуьлуш болу эшам, цатам ца буьйцуш. Шена ялсамане яккхар ду иза. Делан къинхетам а, адмийн баркалла а доккхуш ву иза. Оцу кепара вовшашка хьовсар иманах ду, доьналлех ду, стогаллех ду. Стаг а, зуда а кIелвисинчуьнга хьожуш хила деза, вовшийн дола дан деза цара. Уьш вовшашка ца хьаьвсича, цара вовшийн дола ца дича, сий ца дича, наха а тIехтухур ду царна. Юьхьдуьххьул ца алахь а, букъ тоьх-тоьхначохь дуьйцур ду, нах дош ала бен бац. Могаш а, хаза а болчу хенахь ма мегна уьш вовшашна. Муьлхха а цамгар Делера ю. Оьзда болчу наха моссо а хенахь вовшашна дола дина, гIора дерг кIелвисинчуьнга а хьожуш. Оцу кепара йолу оьздангалла Дала совйоккхуьйла вайн халкъехь!

Доьзалхочуьнгара цхьа ледарло яьлла, дас дов дича, къадехарх, сардамаш дехкарх лаций дийца боху.

 Шен доьзалан хьокъехь дас-нанас деш долу доIа а пайхамарша шайн умматана деш долу доIа санна, жоп луш хир ду аьлла ду. Иштта жоп луш хилча, къа деха муха мегар ду, оьхазваханчу дас човхийнера аьлла? И къа ца деха лазош тоха мегар ду, сакхталла ца йисчахьана. Къа ма деха, кхетош къамел де. Ас сайн доьзалехь дIахIоттийна юкъаметтигаш иштта ю – тоьхна вуьтур вацара-те, къамел а ца деш? Бехк болчуьнга цунна эхь хетталц, бIаьргех хи даллалц кхетош къамел дина ас. Иштта хила езаш ю доьзалца йолу юкъаметтиг. Сардамаш дохка ца деза, къа деха ца деза. Дас къадехча, цуьнан амал бераша схьаоьцур ю, цунах масал оьцур ду, тIаьхьено тIаьхьене а луш, дIагIур ду иза, цуьнах бохам хир бу вайн дерриге халкъана а. «Дала кхетам лойла хьуна! Дала нисвойла хьо!» олуш, кхетош къамел дан деза.

Цхьаволу стаг, шен хIусамнанас аьлларг деш, шен дена-нанна а, вежаршна а, йижаршна а дуьхьал волу. Стаг оцу хьоле валар иза лартIехь цахилар ду. Иза меттавалоран Iалашонца хIун дан деза?

Кертахь хьекъале а, кхетам болу а несарий нисбелча, вежарийн барт хилла аьлла вайн дайша. Хьекъал доцуш, иман доцуш болу зударий керта баьхкича, хьекъале а, доьналле а болчу вежарийн барт бохийна аьлла вайн дайша. Барт беш берш а, и барт бохош берш а зударий бу. Шен хIилланца-говзаллица зудчуьнга дукха хIума дало. ЦIийнден керта ша яхча, цигахь болчеран баха меттиг йоций а хууш, цаьрца таръяла хьажа еза иза. ТIаккха марвежарех накъостий а, марйижарех йижарий а хир бу цунна, эшна метиг ялахь, цунна карор бу уьш. Цхьана ханна ша цIийнда Iехийча, ша тоьлла яьлла моьттуш хуьлу цхьа йолу зуда. Цо шена беш берг боккха эшам бу. ХIунда аьлча, церан доьзал кхуьу, шайн ден-ненан юкъаметтиге а хьовсу бераш, цу шимма вовшийн деш долу сий гуш болчу цара иштта сий до шайн ден а, ненан а.

Хаттаршна жоьпаш делла

КЪКФО-н Iелимнехан кхеташонан куьйгалхочо

Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас.