Общество

Ахьмад-Хьаьжа – машаран векал

Суна хала ду Ахьмад-Хьаьжех лаьцна дийца а, иза вайна юкъахь цахилар тIелаца а. Вайн халкъан кхане ирсе хилийтаран дуьхьа шен дахар дIаделла цо. Иза вайца вацара аьлла ца Iаш, вай дагалоьцу цо дина гIуллакхаш а, цо дийцинарг а. Вайн халкъ халчу киртигах чекхдаьлла.

Вайн дуккха а вежарий бакъдуьнена дIакхелхина. Вайн халкъан, Даймехкан, динан сий дайа гIиртинчу муьрах чекхдевлла вай. Цхьадолу адамаш вайна шаьш лелош долу дин цIена ду бохуш чIагIдан гIертара. Динан кхайкхамашца иблисан лаам кхочушбан гIертара уьш. Оцу адамаша, динна тIехьа а лечкъаш, вайн халкъ тIеман цIерга кхоьссира.

Оцу заманчохь вайн халкъа юккъехь гучубевллера цхьа къонахий. Уьш вай кIелхьарадаха гIиртира. Делахь а, Лекхаволчу Далла гуш ду-кх хIора стеган дог, нийят. Вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла-кх бусалба стеган нийят цуьнан гIуллакхал а тоьлаш ду. Ахьмад-Хьаьжин нийят дара нохчийн халкъ оцу балех хьалхадаккха. Халкъ Iазап хьоьгучу некъа тIера дIадаккха цуьнан лаам хилар бахьана долуш, Лекхаволчу Дала цунна гIо дира, Ахьмад-Хьаьжа халкъана коьрте а хIоьттира. Цо оцу новкъа вала сацам бича, оха, цуьнан уггаре а гергарчу наха, цу юккъехь цуьнан дас а, бийцаре бира цо бина сацам. Дийцира цо хаьржинарг вуно хала, чолхе, кхерамах буьззина, некъ хиларх лаьцна. Оха цуьнга элира мостагIаша хаддаза кIелонаш йийр ю, тешнабехк бийр бу, ямартлонаш, питанаш лелор ду, аьлла. Амма Ахьмад-Хьаьжас шена тIелаьцнера вахабизман букъ кагбар.

«Иза харц болам бу, цо адамашна юккъехь цабезам баржабо, вай оцу некъа тIера дIадовла деза, вай вайн дайша лелийна долу, Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), хьехна долу, вайн эвлаяаша вайга схьакховдийна долу дин лелон деза», – олура Ахьмад-Хьаьжас . Оцу Iалашонца дIаболийра шен хала некъ Ахьмад-Хьаьжас. Цо вайн халкъана гайтира и некъ, халкъо иза къобал а бира. И некъ къобалбеш боцурш а бара. Цунах ца кхеташ берш а бара.

Юьхьанца кIезиг адамаш дара, герз кара а эцна, иза ларван кийча. КIезиг бара интеллигенцин векалш, поэташ, профессорш, яздархой. Адамаш кхеташ дацара цунах. ХIетте а, цуьнан нийят а, ойла а цIена хилар бахьана долуш Везаволчо цуьнан гIо дира цо дIадолийначу массо а хIуманна тIехь. Ахьмад-Хьаьжех политик хилира. Политик а, Iеламстаг а волуш ца веанера иза дуьнен чу. Бусалба динан Iилма Iамийна хиларна республикин муфти хаьржира. Цо вайн халкъ хIаллакьхиларх кIелхьарадаьккхира. Иштта висина иза вайн иэсехь.

Дуккха а бIешерийн йохаллехь тхан доьзал бевзаш бара бусалба дин лерина лелорца, шен Iалимашца. Тахана а хаьдда дац и гIуллакх, ламаст. Ахьмад-Хьаьжас шен дегара а, ненера а схьаийцира дин. Иза диканна, бакъонна тIекхийдаш вара, цкъа а ца дуьйцура бакъдерг бен, иза хьанна а ца дезалахь а. И бахьанехь халкъ цунна тIедирзира. Цхьадолу адамаш ца кхетара цунах, амма цо хаьржина некъ цIена хиларх кхетча, цуьнан бIанакъостий хуьлий дIахIуьттура, цунна гIо дора. Цунна дуьхьал хилларш къера хуьлура шаьш галдевлла хиларна, билгалдоккхура Ахьмад-Хьаьжа генна хьалха хьажа хууш хилар. Ахьмад-Хьаьжас олура, оцу агIор леш берш а, вукха агIор леш берш а нохчий бу, вай вовшийн хIаллакдеш ду. Кхидолу халкъаш санна даха хьовсий вай?! ХIора дийнахь бохург санна дуьйцура цо иза. Шен сийлахь, деза декхар кхочушдина валлалц Лекхаволчо ларвира иза кIелонех, тешнабехках, бохамех.

Ахьмад-Хьаьжас дика кIант кхиийна, шен некъ дIакхехьа, ша дагалаьцнарг чекхдаккха хьуьнар а, доьналла а долуш волу. Тахана дерриге а дуьне цецдаьлла ду Нохчийчохь хуьлучу хийцамех. Iилманчаша, экономисташа чIагIдора Нохчийчоь меттахIотто мел лаххара а 50 шо дезар ду, бохуш. Амма Ахьмад-Хьаьжин кIанта масех шарахь меттахIоттийра Нохчийчоь. Берлин а, Сталинград а санна йохийна хилла йолу Нохчийн Республика кхо-диъ шо далале цIинъелла дIахIоьттира. Йохийна хилла цхьа а юрт, гIала, урам, школа, больница ца йисира метта ца хIоттош. Болх бан юьйлаелира больницаш, школаш, институташ, университеташ, маьждигаш, хьуьжарш. Шен неIарш схьайиллира Европехь уггаре а доккха долчу маьждиго. МеттахIиттийра, то а дира республикера дерриге а зераташ, царна тIедоьлхуш долу некъаш. Газ йигира иза цкъа а хилла йоцчу ярташка а тIехь. И берриге а дика белхаш байтинарг Ахьмад-Хьаьжин кIант Рамзан ву. И берриге а АллахIан къинхетам бу. Иза ден нийят цIена хилла хиларна тоьшалла ду, Дала цуьнан нийят къобалдина хилла хиларна тоьшалла ду. Лаьтта тIехь волчу цхьамма диначунна Ша резахилча, Везачу АллахIа и волчу Жабраил-малик хьажадо, безамца цуьнга хьажийта, иза ларвайта. Жабраил цуьнга безамца хьажа а хьожу, и стаг Далла везна хиларна. ТIаккха Жабраил-малико кхечу маликашка олу и стаг Далла везна ву, Цунна везарна шена а везна олий. Юха цаьрга а олу шуна а везийла иза. ТIаккха АллахIа оцу стеган юьхь нуьре йо, и бахьанехь адамашна а везало иза. Суна хетарехь, Лекхачу АллахIана иштта везна вара вайн Ахьмад-Хьаьжа. Цундела цунах халкъ тийшира, цунна тIаьхьа а хIоьттира.

Ткъа вайна хIун пайда хилира цунах? Вайн ницкъ кхечира тIом сацо, вешан динах ца доха, вешан устазашца, эвлаяашца хилла зIенаш Iалашъян. Вешан Даймахкахь дай хилла дIа а хIиттира вай. Ахьмад-Хьаьжа вайна юккъехь вацахь а, Делан къинхетамца, цуьнан дика лаамаш кхочушбеш схьавогIу цуьнан кIант. Шен гIуллакхашца ш е н а  с и й л а л л и н  х I о л л а м хIоттийна Ахьмад-Хьаьжас. Везачу АллахIа тIейогIучу хенахь а, вайн Пайхамарехула (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) даийтинчу бусалба динехь хилар лойла вайна, Дала ийманехь совдохийла вай, Дала дахар тодойла вайн. Дала Шен, барх кхачор боцу, къинхетам бойла вайх!

Хасавюьртахь, дакъалоцуш Лебедь а волуш, машаран хьокъехь барт бинчул тIаьхьа президентан харжамаш дIабахьа сацам а бина, Масхадов Аслан хьалхатеттича, пачхьалкхан идеологи къасто езаш хьал хIоьттира. Ган дезаш дара вахабизмо шеца дохьуш долу зулам. Иза халкъе дIакхайкхо дезаш а дара. ТIаккха, Соьлжа-ГIаларчу БугIан-Юьртахь (Черноречехь) долчу Культурин цIийнехь Ахьмад-Хьаьжин куьйгаллица съезд дIаяьхьира. Дагестанера 72 стаг веара цига, царах 50 стаг воккха Iалим вара. Делегацина коьртехь вара Дагестанан муфти Абубакаров Сайд-Мохьмад. ГIалгIайчоьнан делегаци юккъехь 4-5 стаг вара. Съездехь дакъалецира Нохчийчоьнан берриге а бохург санна Iалимаша. Оха дийцира, нагахь санна пачхьалкхан тIегIанехь вайга вахабизмана дуьхьало ца ялахь, оцу боламо вайн юкъаралла, халкъаш доькъург хиларх, зулам, бала, сингаттам, бохьург хиларх лаьцна. Тхо халкъе, бахархошка дIакхайкхо лууш дара ламасталлин Исламах дIахьовзахь, вай харц новкъа девр ду, аьлла. Оха иза дIа а кхайкхийра. Цу хенахь Басаев республикин Правительствон Председатель вара. Цо Масхадовга дехар дира Нохчийчохь къепе хIотто шена 3 баттана бакъо лахьара аьлла. Цунна ах шо хан елира.

Тхо съезд дIайоло кечлуш дара. Делегаташ схьагулбеллера. Оцу миноташкахь Ахьмад-Хьаьжас со шена тIекхайкхира. Цо элира Басаев Шемал тхан дIадолорна дуьхьал ву аьлла. Тхо вахабизмана некъ бехка лууш дара. Басаевс ша иза дойтур дац элира. Цхьа а жамI а доцуш, эрна багаеттар хир ду цунах, цундела съездера дIавахар гIолехь ду, элира Ахьмад-Хьажас. Ас дIа ма гIахьара хьо, хIара адамаш Басаевс кхайкхина даьхкина дац, Ахьмад-Хьаьжин дехарца даьхкина ду, элира. Баккъал а, ерриге а Къилбаседа Кавказера Iеламнах баьхкинера Нохчийчу цуьнан дехарца. Нагахь санна тхайчух гIуллакх ца хилахь а, тхо хIун лууш ду мукъа а дIахаийта деза оха, аьлла хеташ вара со. Со воккха хиларна, ас бохучуьнга ла а доьгIна, со бакъ хиларх кхетта, дIа ца воьдуш, съездехь сецира иза.

Съездехь дукха къамелаш дира вахабизмах долучу зуламах, зенах лаьцна. ХIокху съездехь къамел дина дIавахначул тIаьхьа, маьждига чу воьдуш эккхийтира Дагестанан муфти. Вахабиташа вайн дуккха а Iеламнах байъира. Изза хилира ГIалгIайчохь а. КIелонаш еш байа болийра яртийн маьждигийн имамаш, Iалимаш. Вахабиташ халкъа юккъера дIадаха гIертара хьекъал, кхетам, хьикмат, долу адамаш. Оцу дийнахь, оха тIеэца лерина болу сацам тIе ца эцийтира тхоьга. ХIетте а Ахьмад-Хьаьжин таро хилира вахабизман хьокъехь йолу вайн ойла Къилбаседа Кавказерчу халкъашна дIайовзийта. Адамаш цунах кхета а кхийтира. Тахана царах (вахабитех) маьрша йолчу юкъараллехь дехаш ду вай. Дала и маршо ларъян, исламан цIеначу новкъа дIадаха пурба лойла вайна!

Кадыров Хож-Ахьмад-Хьажа, Къилбаседа Кавказан Iеламнехан кхеташонан куьйгалхо