ТIарикъат
ТIарикъат довзийтар
Бисмиллахиррохьманиррохьим
(Юьхь 2021 шеран
2-чу номерехь)
ХЬАЛХА ДIАБАХАНЧУ
IЕЛАМНАХА ТАСАВВУФАХ
ЛАЬЦНА АЬЛЛАРГ
Шаьш хьега ма-деззара къахьоьгуш, шайн Iалашонаш, нийяташ даггара долуш, шайн динехь нийса Iилма даржорехь сутара болуш, динехь доцуш, керла юкъадаьхначу хIуманашна, туьйранашна, тиларна, нийсачу новкъара бовларна гена болуш, Къуръанах, суннатах тасабелла болуш бакъболчу Iеламнехан Iилманан кIорге кхаьчначунна, церан дахарна, Iамалшна, ойланашна тIаьхьаваьзначунна уьш цхьана Iалашонна тIехь карабо, церан некъаш тайп-тайпана делахь а. Цунна цаьргахь башхаллаш ца го, бакъду, цара вовшийн хьокъехь аьллачу дешнашкахь нийсо, бакъонна тIехь сацар го. Амма цаьргара Iилма схьаэцнарш, къаьсттина, хан-зама дIаяларца, Iилма Iаморца царна генабевлларш, цара беанчу некъан цхьадолчуьнгахь царна дуьхьало йинарш – цаьргахь кхачамбацарш, барт эгIар, нийсачу невкъана генабовлар, бекъабалар, башх-башха кхетамаш хилар карадо, тасаввуфан коьртачу Iалашонах дIахаьдда я цунна бIостнехьа долу, и бахьанехь лаьтта тIехь бохамаш алсамбовлу.
ХIара къамел дерзош ала лаьа, баккъал, хьалха дIабаханчу Iеламнахах цхьанггара а вайна хезна дац тасаввуф охIланан хьокъехь реза боцу дешнаш, церан новкъара дIаваьлла я царах къаьстина волчун хьокъехь бен, ткъа и саннарш тасаввуфан охIлано бакъ ца бо. Цунах терра, вайна ца хезна тасаввуфан охIлано хьалха дIабаханчу Iеламнехан хьокъехь реза боцуш къамелаш дар, уьш шайн тIарикъатана мел гена хиллехь а.
Хьалха дIабахана болу Iеламнах Къуръано, суннато бохург дуьйцуш хиларх терра, тасаввуфан охIла хилла Къуръанна, суннатна тIетевжаш, тIаккха царна юккъехь башхалла я къийсамаш муха хир бара?!
ХIара къамел чIагIдо сийдолчу Маккарчу шайха Iабдул-Хьафи́за шен «Хьалха дIабаханчу имамаша тасаввуфах лаьцна аьлларг» цIе йолчу жайнахь яздинчо: «Баккъал, хьалха дIабаханчу имамашна, царна хьехначарна гергахь тасаввуфан охIла бусалба нехан тоба ю, хьадисан, фикъхIан, тавхьи́дан, динан историн Iилма девзачу Iеламнехан, АллахIан новкъахь къахьоьгуш болчеран тобанаш санна. Царна юккъехь – нисвелларг, галваьлларг, диканиг, вуониг, баккъал лелаш верг, тералелашверг ву. Бакъду, царах цхьаьннан цIе йоккхучу хенахь, цунах лууш верг диканиг, нисвелларг, бакъверг ву. Масала, хьадисаш дийцинарш вай хьахийча, массарна гергахь царах лууш берш хьадисаш дийцина болу дика Iеламнах бу, бусалба умматана Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш лардина, уьш гулдеш къахьегна, уьш вайга схьакхачийна, АллахI реза волчу новкъахь уьш даржийна болу: Буха́ри, Муслим, Тирмизи, ибн Хьажар аль-Iаскъала́ний, ас-Сую́тIий, аль-КандахIлавийа санна болу имамаш (Дела реза хуьлда царна), уьш боцурш а.
Хьадисаш дийцинарш хьахийча, шаьш Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш дийцинчу сийдолчу Iеламнахах ду бохуш аьшпаш буттуш, цунна тIехь шайгара харцо кхуллуш берш дага ца богIу цхьанна а. Иштта болчеран харцо, цара беш болу бохамаш массо заманахь билгалбина нийсо еш, хIума девзаш болчу имамаша, массарна хууш ма-хиллара.
Иштта хьал ду бусалба нехан тобанах болчу фикъхI, тавхьид, АллахIан новкъахь къахьоьгуш, динан истори евзаш болчу Iеламнахехь дерг, цунах терра дуста деза тасаввуфан хьал а.
Суфий аьлла цIе йоккхучу хенахь, цхьа а шеко йоцуш, цунах лууш берш: Iия́дан кIант Фудайл, МаIру́фуль-Кархи, Абу́ Сулайман ад-Да́ра́ни, Бишр аль-Хьа́фи, Iабдул-Къо́дир Гила́ни́, Джунайд аль-БагIда́ди, уьш саннарш а бу (Дала къинхетам бойла царах),цара схьабеанчу нийсачу новкъахь болуш, Сийлахьчу Къуръанна, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннатана тIаьхьабозуш, АллахIан леш АллахIана тIебоьдучу новкъа нисбеш, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), цуьнан доьзал, асхьабаш безаш болу. ХIара ду-кх, умматан Iеламнах, АллахIан новкъахь шаьш къахьоьгуш хилла болчу хIокху нехан бакъ дош, нийса низам, хьекъале ойла, кхоччуш йолу нийсо а. ТабиIийнаш дIабевллачул тIаьхьа адамашна алссам пайда бина цхьа а Iеламстаг я АллахIан новкъахь къахьоьгуш верг, я АллахIах кхоьруш верг карор вац хьуна, и вай дийцина сийдолу куьцаш шегахь долуш бен».
Воккха Iеламстаг волу Ибнуль-Къаййим (Дала къинхетам бойла цунах) баккхийчу суфех хилла, имам, хьафиз волчу ибн Ражаб аль-Хьанбалас (Дала къинхетам бойла цунах) цуьнан дахарх лаьцна дуьйцуш, шен жайнахь ма-аллара: «АллахIана тIебоьду некъ, тасаввуф охIланан къамел, церан весеташ, кIорге а евзаш Iеламстаг вара иза, оцу хIора Iилманна тIехь дукха къахьегна вара иза».
Ибнуль-Къаййима (Дала къинхетам бойла цунах) яздинчу «Мада́рижус-Са́ликийн» цIе йолчу жайнин шолгIачу декъехь, 307-чу агIон тIехь, тасаввуф довзийтаран хьокъехь цо аьлла дош деана: «Дин дерриге – гIиллакх ду, гIиллакхехь хьол совваьлларг – динехь хьол совваьлла, тасаввуф иштта ду хьуна». Катта́ни бохучу Iеламстага аьлла: «Тасаввуф – иза гIиллакх ду, ткъа гIиллакхехь хьол совваьлларг – баккъал, тасаввуфехь хьол совваьлла».
Оцу жайнин кхоалгIачу декъехь,128-чу агIон тIехь деана: «Имам ШафиIис (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Суфийн охIланах накъостий бара сан, ас цара аьллачу шина хIуманах пайдаэцна. Цара аьлла: «Хан – тур ду; ахь иза ца хадаяхь, цо хьо хадор ву». «Ахь хьайн дегI бакъдолчуьнца дIалаьцна ца хилийтахь, цо хьо доьхна долчуьнца дIалоцур ву».
Ас олу: «Ма говза аьлла ши дош ду и шиъ, ма боккха пайда, чулацам бу цаьршингахь, шаьшшиъ аьлларг лаккхара ойла йолуш, ира кхетам болуш хиларна ма чIог1а тIенисвеш ду и шиъ. Цара аьллачу дешнийн мах хадош хIара тоба ШафиIис (Дела реза хуьлда цунна) хастор кхачаме ду вайна».
Имам, хьафиз волчу аз-ЗахIабийс (Дала къинхетам бойла цунах) хьадисаш дийцинчу Iеламнахах лаьцна ша дуьйцуш дуккха а суфийш хьахабо: «Вай хьахор ду «Тазкиратул-Хьуффа́з» бохучу жайнин кхоалгIачу декъехь, 852-чу агIон тIехь,Ибнуль-АIра́бех лаьцна деанарг, иза дуккха а жайнаш яздина Басрера суфи, имам, хьафиз, дуьне дIатесна, (ХьаьжцIийнан) хьараман шайх волу Абу СаIи́д Ахьмад бин Мухьаммад бин Зия́д бин Бишр бин ДирхIам ву, иза тешаме, доьналла долуш, АллахI вевзаш, лаккхара дарж долуш, чIогIа сий долуш, гIараваьлла Iеламстаг вара». Иштта, цо 961-чу агIонтIехь ГIундар хьахаво, ткъа иза –суфи, хьадисаш гулдеш верг хилла. Джунайд, цуьнан могIарехь болу Iеламнах гина цунна, Мисарахь ваьхна иза, хьадисаш а яздина цо. Цул тIаьхьа 1070-чу агIон тIехь аль-Ма́ли́ни хьахаво цо, иза суфи, хьафиз, дуьне дIатесна Iеламстаг хилла. Цуьнан цIе Абу СаIд Ахьмад бин Мухьаммад бин Ахьмад бин IабдуллахI бин Хьафс аль-Ансари аль-ХIарави аль-Ма́ли́ни ю. Иза иштта ТIа́вус аль-Фукъараъ бохучу цIарца вевзаш ву. Цо даккхийчу жайнех дуккха а хIума гулдина, Iама а дина, иза тешаме, ша дийриг лерина деш, дуккха а хьадисаш дийцинчу баккхийчу суфех вара.
Оцу жайнин1092-чу агIон тIехь Абу НуIайм хьахаво цо, иза суфи, воккха хьафиз, шен заманан хьадис Iилманан хьалхе йолуш Iеламстаг волу Ахьмад бин IабдуллахI бин Ахьмад бин Исхьакъ бин Муса бин МахIран аль-МахIра́ни аль-АсбахIа́ни ву. Оцу жайнин 4-чу декъан чаккхенгахь, иза «Тазкиратул-Хьуффа́з» бохучу жайнин тIаьххьара дакъа ду,– цо далийна: «Со тIелийлира шайх, имам, хьадисаш дийцина, бусалба нахана пайда бина волчу Абу аль-Хьасан Iалий бин МасIуд бин Нафи́с аль-Му́сили цIе йолчу Iеламстагана, ас цуьнгара дуккха а пайдаийцира, иза – дин хаза долуш, къинойх ларлуш волуш дика суфи вара».
Iилма лоьхуш болчарна пайда бина, хьадисаш дийцина, шен болх лерина беш, Iарбийн меттан говзанча, суфи вара имам аль-Армави, цул тIаьхьа аль-Къара́фи – Абу Бакран кIант Софиййуддин Махьмуд. Ас цуьнгара дуккха а пайда ийцира.
Иштта, имам, хьадисаш дийцина, ша саннарг кхин воцу, дин девзаш, Исламан дозалла, динан дог, суфийн шайх аьлла шех цIе йоккхуш волчу ИбрахIим бин Мухьаммад бин аль-Муаййад бин ХьамавайхIи аль-Хурасани аль-Джувайнегара дуккха а пайда ийцира ас.
Баккъал а, суна зеэделла, имам, хьафиз волчу аз-ЗахIабин (Дала къинхетам бойла цунах) санна кхиболчу Iеламнехан а дуккха а суфийн шайхаш хилар, бакъду, цо ша цаьргара пайда ийцира аьлла цхьа а хьахийна вац, иза дин хаза долуш, къинойх ларлуш, дика суфи вара аьлла цуьнан куц хIоттош а бен».
Иштта Хьанбалан мазхIабехь волчу хьафиз ибн Ражаба, Хьанбалан мазхIабехь болу Iеламнах буьйцучу шен жайнахь, царах дукхах берш тасаввуфан охIланах бара олий хьахабо. Баккъал а, оцу жайнин шолгIачу декъехь, 329-чу агIон тIехь, Абу Исхьа́къ ИбрахIим бин Iали бин Ахьмад бин Фадл аль-Ва́ситIи ас-Со́лихьи хьахаво цо, иза фикъхIан Iилма девзаш, дуьне дIатесна, дукха Iибадат деш, Исламан шайх, Шеман беркат, цу заманан тхьамда, АллахIах кхоьруш Iеламстаг вара аьлла. Иштта оцу жайнин 353-чу агIон тIехь Мухьаммад бин IабдуллахI бин Iумар бин Аби аль-Къасим аль-БагIдади хьахаво цо, иза хьадисаш дуьйцуш суфи вара, аьлла. Цунах терра ду Абу ЯIлас Ахьмад бин Хьанбалан мутаIеламаш хьахабар, царах цхьаберш тасаввуфан охIланах бу аьлла хастийна цо. Имам, хьафиз, къеда волчу Абу ЯIлан кIанта Абу аль-Хьусайна Хьанбалан мазхIабан Iеламнах буьйцучу жайнин хьалхарчу декъехь, 36-чу агIон тIехь суфи волу Абу IабдуллахI Ахьмад бин аль-Хьасан бин Iабдул-Джаббар бин Ра́шид хьахаво, Iали бин ДжаIд, Абу Наср ат-Тамма́р, Яхья бин МаIин, уьш санна болчу Iеламнахана хьалха охьахийшина, Ахьмад бин Хьанбалегара дуккха а хIуманаш дийцина волу.
Хьадис, фикъхI девзачу Iеламнехан жайнашкара вай схьадалийначу масалшца вайна билгалдолу, суфи бохучу дашах лууш дерг –иза, шех суфи аьлла цIеяьккхинарг,АллахIах кхерарехь лаккхарчу дарже кхаьчнарг хилар. Имам ЗахIабис (Дала къинхетам бойла цунах), Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш нийса дийцарехь шайн хьукманаш уммато къобалдеш,и санна болчу баккхийчу имамаша бусалба динан низамехь хьадис, фикъхIа дуьйцучу зIена юкъабало хьакъ боцурш юкъабалийна хилар тарлуш ма дац, цхьаболчу наха шайна цахуург дуьйцуш ма-хиллара, шаьш олуш: «Вай церан суфи аьлла цIе хIунда йоккху, Веза-Сийлахьчу АллахIа бохуш хилча: «Цо (АллахIа) шун цIе яьккхина бусалбанаш аьлла хьалха а, хIокху (Къуръана) чохь а». Вай бийцина баккхий имамаш хIокху аятан маьIнех ца кхеташ, цуьнца Iамал ца еш, оцу аятан ойла ца еш хилла те?! Баккъал а, царна хууш, билггал девзаш а хилла, суфи боху дош сийлахьчу аятана дуьхьал догIуш цахилар, имам ШатIибис (Дала къинхетам бойла цунах) шен «Аль-ИIтисам» цIе йолчу жайнахь суфи аьлла цIе тилларан бахьана, и гучудала доладалар а, иза бусалба динан берриге а баххаш (Iибадат дар, АллахIан новкъахь гIазот дар, бакъ дош дIакхайкхор) шайна тIеэцна болчу нехан куц хилар лакхахь билгалдина ма-хиллара. Шаьш салафий (фундаменталисташ) бу бохучу наха шайн коьрта бух лоруш волчу Ибн Таймияс (Дала къинхетам бойла цунах) шен «Фата́ва́» цIе йолчу жайнахь суфийх лаьцна дина къамел, уьш Къуръанах, суннатах тасабелла нах бу аьлла, хьалха дешна вай. Цо оцу жайнахь къаьсттина дакъа дина, цу чохь царах, церан салафийх, царал тIаьхьа хиллачарах, царал хьалха хиллачарах, церан шайхийн дукхаллех, церан цхьадолчу дешнех, Iамалх лаьцна дуьйцуш; цо церан куц хIоттийна, уьш шайн заманахь уггаре а бакълуьйш нах бара, аьлла.Цуьнан мутаIелам волчу Ибнуль-Къаййима (Дала къинхетам бойла цунах) жайна яздина, тасаввуфан охIлано коьрта бух лоруш долу, цуьнан цIе «Мадарижус-Саликийн» ю. Оцу чохь цо уьш (тасаввуфан охIла) шена чухула дехьабовла безачу башха-башха долчу даржех, хьелех, меттигех лаьцна дийцина.
Вай иштта хьалха дешна, шаьш салафий бу бохучу наха шайн имам лоруш, цуьнан «Аль-иIтиса́м» цIе йолу жайна шайна хеташ долчу цхьадолчун коьрта бух лоруш волчу имам Ша́тIибис (Дала къинхетам бойла цунах) хIокху шен жайнахь Исламан тасаввуфах лаьцна мехала дакъош вовшахтоьхна хилар, иза керла юкъадаьккхина хIума доцуш, динан коьрта дакъа ду аьлла чIагIдина хилар. Цо тасаввуфан меттиг билгалйина хьекъало, дегнаша тIеоьцучу кепара, ша олуш: «Баккъал а, кхетам боцчу дуккха а нахана суфийн хьокъехь,цара олуш дерг, еш йолу Iамал бахьанехь, уьш шарIо билгалдина доцчунна тIаьхьабазарехь, хIума тIелацарехь шарIо тIедиллина доцург могуьйтуш бу моьтту. Оцу кхетам боцчу нахана хетачух, цара дуьйцучух цIена бу уьш, хIунда аьлча цара шайн некъ дIаболош угаре а хьалха юьхьарлаьцнарг Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннатна тIаьхьабазар, цунна дуьхьал долчунна генабовлар ду».
Иштта, фикъхI Iилманан баккхийчу Iеламнахах волуш, дукхах болчу Iеламнехан цхьабарт хиларца Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннат лардина волуш, динехь керла юкъадаьхначу, тIекхоьллинчу хIуманашна дуьхьал къийсам латторца гIараваьллачу имам ас-Субкис (Дала къинхетам бойла цунах) суфийх лаьцна дуьйцу шен «аль-IахIдуль васийкъу» бохучу жайнахь, уьш йоккхачу декъалалле, шаьш боцурш ца кхаьчначу лаккхарчу даржашка кхаьчнарш бу, бохуш.
ТIаьххьара, хIокху юхатохалур доцчу делилашка, фикъхI, усул, тафсир, хьадис санна долчу тайп-тайпанчу Iилманашкахь Iилма лоьхуш берш шайн дешнашна тIе ца тевжича йиш йоцуш, шайн тоьшалла къобалдеш болчу баккхийчу Iеламнехан дешнашка ладоьгIча, тасаввуф, цуьнан охIла Къуръанах, суннатах тасабелла болчу суннатан, жамIатан охIланах хиларх хьекъал долуш верг шеквуьйлуш хир вуй те?! Иза шеквуьйлуш хир ма вац, цунна а, нийса долчу Iилманан таллам барна а юккъе дегIан лаам, бIарзвелла тешаш хилар (фанатизм) доьлла хилча а бен.
АллахIах кхоьрийла нийсонна тIекхиа гIерташ мел волу Iеламстаг, Iилма лоьхуш верг, хIокху тасаввуф охIланан коьрта Iалашо йовзархьама цунна там болуш ма ду тайп-тайпанчу жайнашкара вай схьадалийначу Iеламнехан дешнашка ладугIуш хилар, таллам барца шена бакъдерг девзинчул тIаьхьа бен царна тIехь хьукма дан сихо ца яр. Бусалба стаг даима хьекъале дерг лохуш ву, шена карийначу меттехь и схьаэца декхар ву иза.Царна тIе я ша бахьанехь дуккха а къийсамаш болчу церан цIарна а кхийсарш ян оьшуш дац, Iилманан кхетам лучохь дешнийн хьокъехь болу къовсам тидаме оьцуш бац, – тиллина цIе я цхьаьнца хоттаелла цIе хуьлийла иза. Шайх волчу Ибн Таймияс (Дала къинхетам бойла цунах) ма-аллара, вайна оьшуш дерг – иза хIуманан бух, маьIна, оцу къоман дегатешамаш, ойланаш йовзар ду.
(ТIаьхье хир ю)…
ХIоттийнарг – доктор
Мухьаммад Хойр ФатIимахI
Гочдархо – Магамедов Сулиман.