РАЖАБ БЕТТАН МАРХАНАШ
Далла хастам бу вочунна дохкодовла а, дика Іамалш совъяха а вайна еза хенаш яхкийтина волчу.
Ражаб Лекха волчу Дала базбинчу беттаннех цхьаъ бу.
Цул сов, хІокху баттахь ю Лекха волчу Дала Шен сийлахь элча Мухьаммад (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Шена герга вигина йолу МиІражан буьйса а – Ражаб беттан ткъе ворхІалгІа буьйса ю иза.
Муъма нахана Дела хьехорца а, марханаш кхабарца а, сагІа даларца а, кхийолу дика Іамалш ярца а алссам мел баккха аьтто болу хан ю хІара.
Лекха волчу Дала Къуръан чохь базбинарг биъ бутт бу.
Цхьаъ къаьстина бу – иза Ражаб бу. Кхоъ тІеттІа бу – уьш: Зуль-къаІдахІ, Зуль-хьижжахІ, Мухьаррам.
Шена чохь Къуръан доьссинчу Рамадан беттан бозаллин дийцарш шатайпа ду, хІокху беа беттан лерам а боккха бу.
Безачу беттан суннат марханаш кхаба луучо ша реза волу кеп хоржур ю. Ах бутт кхобучунна, Давуд пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) шен оьмарехь ма-кхаббара, цхьана дийнахь кхобуш, цхьа де юкъадулуьйтуш кхобур ду. И дан шен ницкъ боцчо, цхьана дийнахь кхобуш, ши де юкъадулуьйтуш кхаба мегар ду. Юкъ-юкъара кхобучо беттан юьхь, юкъ, чаккхе ларйийр ю. Беттан юкъ – иза бусалбанийн рузманан хьесапехь, беттан кхойтталгІий, дейтталгІий, пхийтталгІий денош ду. Шена луучо оршотан а, еарин а деношкахь марха кхобур ду, цунна а беза бутт ларар а, деза денош ларар а хир ду, Дала мукъ лахь. Беттан кхоалгІа дакъа кхаба луучо хьалхара кхоъ, юккъера кхоъ, тІаьххьара кхоъ кхаба мегар ду, я, вай лакхахь ма-хьахадарра, цхьана дийнахь кхобуш, шиъ юкъадулуьйтуш кхобур ду. Оршотан а, еарин а, пІераскан а деношкахь марха кхабар беттан кхоалгІа дакъа кхабарна герга дерг ду. Ражаб бутт берриг кхабар цхьаболчу асхьабаша карахІат лерина, Рамазанах иза дІа ца тарбархьама.
Амма, Iадат лаьцна, кхаа беттан марханаш кхобуш верг (вайн махкахь даьржина а, вайн дайша лелийна а ду иза) – цунна карахIат дац Ражаб берриг кхабар. Мелхо а, мелехь ду иза, марха кхабар уггар сийлахь долчу Iибадатех Iибадат долу дела.
Бакъду, марханаш кхабаран коьрта Iалашо – уьш къепе далор яц, я къаьстина, я тIетт1а кхабар яц. Марханах лууш дерг – Делах кхерар, Iибадатна дог самадаккхар, хьарам долчух дегI лардар, Далла уггар дукхаезна йолу Iамал яр ду. Делан салам хиларг, цкъа а дохош ван а вуй те аьлча санна, марханаш кхобуш хилла, цкъа а кхобуш ван а вуй те аьлча санна, доцуш лелла, цкъа а буса Iибадат деш ван а вуй те аьлча санна, охьавуьжуш хилла, цкъа а охьавуьжуш ван а вуй те аьлча санна, буса Iибадат деш лаьттина. Элчанна (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен пайхамараллин нуьрца гуш, хаалуш хилла Iамална дика йолу хенаш.
Иштта, Iеламнаха карахIат лерина, марха ца кхобуш, тIеттIа (хаддаза) деаннал сов денош дIадахийтар а. Дерриге а шарахь шарIо мархакхабар ца магош хаддаза деанчу деа денна тIедоьгIна цара шайн дош. Шайна чохь мархакхабар хьарам долу гIурбанан Iийд а, цул тIаьхьа догIу «аййамут-ташрикъ» олу гIурбан беттан кхо де а ду кхузахь дуьйцуш дерг. Марха кхабаза дукха хан яьлча, дог дакъало, стаг вочу Iадате воьрзу, дегIан лаамаша толам боккху. Дукха нахана хуьлуш дерг ду хIара, къаьсттина дукха хIума юуш болчарна.
С. Муртазаев