ИсламОсновы поклонения

Валарна кечамбар

Бисмиллахиррохьманиррохьим

Хастам бу Iаламийн Да Волчу АллахIана. АллахIера салам-салават хуьлда Iаламех къинхетам беш Дала ваийтина волчу вайн Элчанна Мухьаммадна, цуьнан доьзалшна, асхьабашна, царна тIаьхьа мел баьзначарна.Баккъал а, уггар нийса къамел – АллахIан жайна (Къуръан) ду, уггар дика нийсо – вайн эла волчу Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) нийсо ю. КIезиг долуш кхачам беш дерг гIоле ду, дуккха а долуш кхачаме доцучул. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, шуна хир ду аьлла чIагIо йинарг догIур долуш ду шуна‚ шун ницкъ кхочур ма бац и юхатоха» («Аль-АнIам», 134).ХIокху къамелан Iалашо ю – валарна кечамбарх лаьцна дийцар, адам кхолларх, цуьнан дахарх дерг а хьахош. Кхузахь масийтта хаттар ду, хIора стага ша-шега ца хаьттича йиш йоцуш:1. Вай кхоллале хьалха хIун хилла вай?2. Мила ву вай кхоьллинарг?3. Муьлхачу хIуманах кхоьллина ду вай?4. Муьлхачу Iалашонна кхоьллина вай?5. ТIаьххьара вайн доьрзу меттиг хIун ю?Царах цхьадолчу хаттаршна жоп а луш, вай олу: «Баккъал а, вай дерриг а доцуш хилла, цуьнан маьIна ду хIокху дахарехь вай дехаш я хьахош ца хилла бохург. Мила ву тIаккха вай кхоьллинарг? Веза-Сийлахь волу АллахI ву-кх. Стенах кхоьллина вай? Хин тIадамах кхоьллина вай, цул тIаьхьа детта цIий хилла иза, цул тIаьхьа цкъа кхаллал жижиг хилла иза, цул тIаьхьа меженаш хилла, вайгахь долу куц кхочуш хилла вайн. Мила ву Iалам кхоьллинарг? АллахI ву. Муьлхачу Iалашонна кхоьллина вай, хIокху дуьнен чу хIунда дахкийтина вай? Вай дахкийтина АллахIана Iибадат дан. АллахIана Iибадат до вай бохучун маьIна хIун ду? Цуьнан маьIна, АллахIана муьтIахь хуьлу вай бохург ду. Вайн доьрзу меттиг хIун ю, цул тIаьхьа вай стенга гIур ду? Вай Далла Iибадат динехь я ца динехь, вай бусалба хиллехь я керста хиллехь, адаман доьрзу меттиг хIун ю? Веза-Сийлахьчу Деле ю.Веллачул тIаьхьа долу дахарВеллачул тIаьхьа долчу дахаран юьхьиг валар ду, цул тIаьхьа каш ду. Хьо хьайн коша воьрзур ву, шен хан кхаьчча къематде хIуттур ду, хьо хьайн кошара гIаттор ву. ГIаттийначул тIаьхьа хьесапдар, мийзан терзана тIехь Iамалш озар, кхиболу белхаш бу, хьо Ялсамане я жоьжахате ваххалц. Иштта ду-кх воьрзучу меттиге кхачар, я жоьжахати чу я Ялсамани чу вахарца. ХIун ду-те Ялсамани чохь дерг? ХIун ду-те жоьжахати чохь дерг? Цигахь диъ хIума ду: даар, духар, малар, дахар. Ялсаманехь муха хир ду? Жоьжахати чохь муха хир ду?Валар дуьненан дахаран чаккхе, эхартан юьхьиг юВешан дийцар юьххьера долор ду вай, хIунда аьлча хIора хIуманан а шен юьхьиг йолу дела. ХIокху декъехь валарх лаьцна, цул тIаьхьа къематдийнах, цуьнан кегийчу, яккхийчу билгалонех лаьцна дуьйцур ду вай. Валар дуьненан дахаран чаккхе ю, хIунда аьлча валаро вайн дуьненан дахар хадош долу дела. Бакъду, иза эхартан юьхьиг ю, вай деллачул тIаьхьа даима лаьттар долчу дахаран хьалхе ю. Эхарта дерзале хьалха набарш кхетча санна хуьлу вай, амма делча самадовлу вай, оцу хенахь маликаш гур ду вайна, тIаккха хIун хир ду? Амма Дела хьехорехь гIопал хиллачун хьал иштта хир дац, Дала лардойла вай цунах, иза самавер вац шен коьртехь саоьцу малик долуш а бен. Валаро массо хIума шен метта дуьллу. Адаман са стигала хьала доьду, амма дегI лаьтте доьрзу. Оцу тIехь чаккхе юй-те оцу белхан? Яц. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Синош догIмех дIатоьхначу хенахь» («Ат-Таквир», 7).  Цуьнан маьIна: къематдийнахь шен дегIах дIакхетар ду са, дуьнен чохь ма-хиллара. Оцу хенахь даьIахкаш тIе жижиг а доьгIна, хьалха санна дегI хир ду цунах. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оцу хенахь (шозлагIа зурман чу хIуп аьлча) уьш гIовттур бу (къематдийнан халонге) хьоьжуш а болуш» («Аз-Зумар», 68). ХIокху аяташа вайна гойту, дахаран чаккхе, эхартан юьхьиг валар хилар.Валар – иза чохь са мел долчу хIуманан чаккхе юВайн доьрзу меттиг хIун ю? Вай мича дIагIур ду? ТIаьххьара вай кхочур долу меттиг – иза къематде ду. Башхалла яц, вай хIинцца делча я дуккха а даьхча а, зуда а ялийна, вайн бераш, берийн бераш вайна гинехь я зуда ялоза хиллехь, бIешарахь я шина бIешарахь вай дуьнен чохь хан яьккхинехь, цуьнан чаккхе валар ду. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, Оха адам (Адам-пайхамар) кхоьллина цIенчу поппарх. Цул тIаьхьа Оха иза (Адаман тIаьхье) хин тIадам хилийтина тешамечу меттигехь (ненан кийрахь). ТIаккха, тIадамах детта цIий кхоьллира Оха‚ деттачу цIийх кхоьллира Оха жижиган кийсак‚ жижиган кийсаках кхоьллира даьIахкаш‚ тIаккха даьIахкашна тIе жижиг дуьйгIира (диллира) Оха тIаккха (цунна чу са а хецна) Оха кхиийра кхин кхоллар. Беркате Ву АллахI – уггар дика кхуллуш верг. ТIаккха‚ баккъал а, шу цул тIаьхьа лийр ду. ТIаккха‚ баккъал а, къематдийнахь шу дендийр ду» («Аль-Муъминун», 12-16).Шеца там боцчух цIена ву-кх Дела, хьажахь хIокху чолхечу балхе. Кхин цхьа а дин дуй адамна шен кхоллар ма-дарра билгалдеш, тIаккха цунна Дала шена делла коьрта ниIмат довза а довза – и ниIмат бусалба волуш кхоллар ду. Воьрзу меттиг Веза-Сийлахьчу Деле ма ю, кхечу аятехь деана ма-хиллара: «Хьан Деле ю воьрзу меттиг» («Ан-Нажм», 42).Мичахь ю чаккхе, воьрзу меттиг? Веза-Сийлахьчу Деле ю-кх, Къуръана чохь Веза-Сийлахьчу Дала ма-аллара: «ХIай адам! Баккъал а, хьо къахьоьгуш ду, хьайн Далла дуьхьал кхетталц (дика я вон Iамал ярца), хьо Цунна дуьхьал кхетар ма ду (айхьа йинчу Iамална бекхам хир бу хьуна, — я мел, я Iазап)» («Аль-Иншикъакъ», 6). Дерриг дахар къахьегар, кIадвалар ду. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, Оха адам кхоьллина хало хьоьгуш (шена чу са кхоьллинчу хенахь дуьйна ша даллалц)» («Аль-Балад», 4).Дуьнен чохь даима вахар дац цхьаьннанВеза-Сийлахьчу Дала хIокху дуьнен чохь даима вахар яздина дац цхьаьнненна а; Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) велахь, маликаш делахь, жинаш делахь – цхьаьнненна а хIокху дуьнен чохь даима вахар делла дац, массеран боьрзу меттиг валар ду, берриге лийр болуш бу. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Зурмана чу хIуп эр ду, тIаккха стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а велла охьавужур ву‚ Далла лиънарг воцург» («Аз-Зумар», 68).Къематде кхаччалц дийна хилларг а лийр ву оцу хенахь, зурмана чу хIуп эр долу Исрафил-малик а цхьаьна. Ша зурмана чу хIуп аьлла, дуьнен чохь мел долу хIума дIадаьллачул тIаьхьа дийна хир ду иза, тIаккха Веза-Сийлахьчу Дала Шен дош кхочушдеш долуьйтур ду иза. Цул тIаьхьа Веза-Сийлахьчу Дала дендийр ду иза, шозлагIа зурмана чу хIуп алийта. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оцу хенахь (шозлагIа зурман чу хIуп аьлча) уьш  гIовттур бу, (къематдийнан халонге) хьоьжуш а болуш» («Аз-Зумар», 68).Везчу Дала цхьаьнненна а даима вахар делла дац, Веза-Сийлахьчу Дала ма-аллара: «Оха хьол хьалха а ца хилийтина адамна даима дахар. Ткъа хьо велча уьш гуттар лаьттар болуш бу-те?» («Аль-Анбияъ», 34). ХIокху аятан маьIна: хIай Мухьаммад, хьо а лийр волуш хилча, мила ву хьол тIаьхьа даима вехар верг?!Массо а халкъо валар Iовшур дуВалар Iовшар – иза юкъара низам ду, Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Массо дегI валар Iовшур долуш ду. Оха зуьйш ду шу вуонца а‚ диканца а, питане лоьцуш. Тхуна тIе юхадерзор долуш а ду шу» («Аль-Анбияъ», 35). Валаро дуьнен чохь долу хьан зер чекхдоккху, тIаккха ахь йина Iамал хьуна гайта юхаверзаво хьо. Цул тIаьхьа эхартахь хьайна болу бекхам гучуболу хьуна. Цундела Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Массо дегI валар Iовшур долуш ду. Баккъал а, къематдийнахь шуна дIалур ю шайн ял. Жоьжахатина гена а ваьккхина‚ Ялсамане вахийтинарг – и ву декъал хилларг. Дуьненан дахар ма дац Iехаваран хIума бен» («Алу Iимран», 185).АллахIа хаийтина, чохь са мел долу хIума лийриг хилар, оцу тIехь кхачо а ца еш адамо дан дезарг хьоьхуш, Цо аьлла: «Хьо тIетовжа цкъа а лийр воцчу, даима дийна волчунна (АллахIана), хастам барца, тасбихь а де Цунна. АллахI кхачаме ву Шен леша летош долу къинош довзарехь» («Аль-Фуркъан», 58).Дала хIоранна а валар яздина, АллахI воцург цхьа а вац гуттар лаьттар волуш. Цундела ахь ала мегар дац: цкъа а лийр воцу тхьамда (вечный вождь), цкъа а лийр воцу турпалхо (вечный герой). Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оцу (лаьтта) тIехь мел верг дIавер (лийр) волуш ву, вуьсур верг Ву хьан Дела, возаллин-сийлаллин да Волу» («Ар-Рохьман», 26-27).Веза-Сийлахьчу Дала боху: «АллахI воцчунна Iибадат ма делахь, И воцург кхин дела вац. Массо хIума хIаллакьхир ду, Иза воцург, Цуьнгахь ду хьукма дар, Цуьнга шу дерзор долуш а ду» («Аль-Къасас», 88).  Валарх вада я кIелхьарвала меттиг яцВеза-Сийлахьчу Дала боху: «Валаран сауьйзу хан йогIур ю бакъонца (эхартан халонаш бакъаеш). Иза ду хьо шех (кхерарна) уьдуш хилларг» («Къаф», 19). Цуьнан маьIна: «Хьо миччахь велахь а хьоьга валар кхочур ду, цунах ведда лелар эрна ду».Цундела Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Валаран сауьйзу хан йогIур ю бакъонца (эхартан халонаш бакъаеш). Иза ду хьо шех (кхерарна) уьдуш хилларг. Зурман чу хIуп эр ду (къематденна гIовттош), иза ду-кх (Дала керста нахана Iазап лур ду аьлла) шеца чIагIо йина де. ХIора дегI догIур ду, шеца цхьана (махьшаре) валош дерг, тоьшалла деш дерг (ши малик) долуш. Баккъал а, хьо (хIай адам) гIопал дара хIокхунах (хIокху халчу дийнах), хьо (дуьнен чохь) бIаьрзе вина хIума дIадаьккхи Оха хьох, тахана хьан бIаьрса дукха ира ду» («Къаф», 19-22).Адамийн хьекъалан лаамза Iаламехь дерг (материя) пана хилла дIадолуш, хIумма а доцчух кхуллуш дуХIай сан хьоме вежарий, иштта ю-кх Деле воьрзу меттиг, валарца а, пана хилла дIаваларца а. Веза-Сийлахь волу АллахI воцург тIаьхьавуьсур волуш цхьа а вац. Цундела, школашкахь, институташкахь доьшуш берш ларбала беза Делах ца тешаш болчу наха дуьйцучух. Баккъал а, Делах ца тешаш болчара, бусалба динна инкарло еш, и ца дезаш болчара олу: «Адамийн хьекъалан лаамза Iаламехь дерг (материя) пана хилла дIадолуш я хIумма а доцчух кхуллуш дац». Харцлуьйш бу уьш. Адамийн хьекъалан лаамза Iаламехь дерг (материя) хIумма а доцчух кхуллуш, пана хилла дIадолуш ду, Веза-Сийлахьчу Дала Къуръана чохь аьлла дела: «Аш Делаца керсталла муха до: шу делла ма дара‚ тIаккха Цо шу ден ма дира (шу дуьнен чу дехира)? Юха Цо долуьйтур ду шу‚ юха а дендийр ду (къематдийнахь)‚ тIаккха Цуьнга дерзор ма ду шу» («Аль-Бакъарат», 28). Кхечу аятехь Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Дага ца догIу-те адамна, Оха ша хьалха хIумма а доцчух кхоьллина хилар?» («Марьям», 67). (ТIаьхье хир ю) ХIоттийнарг – Вуждий Ганим Гочдархо – Алиев Ахьмад