ИсламРазное

Динехь нисдаларца, дайн гIиллакхаш дендарца ю вайн халкъан кхане!

Хастам бу Iаламийн Да Волчу АллахIана! АллахIера салам-салават хуьлда Дала Iаламех къинхетам беш, хаза гIиллакхаш кхочушдан ваийтинчу Шен элчанна Мухьаммадна, цуьнан доьзалшна, асхьабашна, царна тIаьхьа мел баьзначарна а!Бусалба дин – иза оьздачу наха бен лелор доцу дин ду. Оьздангаллица (къасталур доцуш) доьзна ду гIиллакхаш а. «ГIиллакх-оьздангаллин бакъволу ваша ву», — эрна олуш ца хилла вайн дайша. Ислам довзуьйтуш ваийтина, халкъашлахь уггар веза волу Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хастош Веза-Сийлахьчу АллахIа боху: «Баккъал а, сийлахь-деза гIиллакхаш долуш ву хьо (хIай Мухьаммад)» («Аль-Къалам», 4).Стаг дуьненахь, эхартахь декъалвийр волуш ду цуьнца долу гIиллакхаш. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Ийман диллинчарах дуьззина ийман дерш – царах хаза гIиллакх дерш бу» (Тирмизи).Иштта эхартахь а воккхавер хир ду дуьненахь гIиллакхаш лардинчунна. Абу Дардаа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Бусалба стеган терзан тIехь къематдийнахь хазачу гIиллакхал деза хIумма а ма дац» (Тирмизи).Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттира дукхах долчу хьолехь нах ялсамане чу бохуьйтур болчу хIуманах, цо элира: «АллахIах кхерар а, хаза гIиллакх а ду» (Тирмизи).Вайн халкъан гIиллакхаш динца догIуш ду, халкъ кхиарехь коьрта дакъа лоцу оцу шиммо а. Оцу хьокъехь дика аьлла историн Iилманийн кандидата Хасиев Сайд-Мохьмада: «Шеца, кхечу динийн йоцу башхалла йолуш ду бусалба дин. Цуьнан аьхна хилар гучудолу, иза кхечу къаьмнийн башхаллаш кегъян, ата, йохон ца гIертарца. Къаьмнийн гIиллакхаш, Iадаташ адамашна зене-зуламе дацахь, цуо (бусалба дино) хьеша ца хьоьшу, мелхо а дикачу агIор дерзош кхиадо, цаьрга зазадоккхуьйту».ГIиллакх бIаьрг белочарах, бIаьрг тIехь соцучарах лерина вайн дайша. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла долу – «Баккъал а, со ваийтина хаза-оьзда гIиллакхаш кхочушдан» – дешнаш хезначу нохчаша, шаьш оьзда нах хиларе терра, тIамца-туьрца доцуш, маьрша тIеийцира бусалба дин. Бусалба динца вайн гIиллакхаш цхьаьнадаран масалш дагардина ца валлал дукха ду. Царах масех лахахь далор ду вай.Хьешан чIогIа ларам беш, сийдеш хилла вайн дайша. Цара олуш хилла: «Хьаша ца везарг, Далла а ца везна»,«Хьаша ца вогIучу хIусаме, беркат ца догIу» … Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «АллахIах а, къематдийнах а тешачо шен хьаша лорийла. АллахIах а, къематдийнах а тешачо шен гергарло хуттийла. АллахIах а, къематдийнах а тешачо диканиг олийла я тапъаьлла IадIойла» (Бухари, Муслим).Воккха стаг ларар а ду вайнехан гIиллакхехь. Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Вайх ма вац баккхийчеран сий деш воцург, кегийчаьрца къинхетаме воцург» (Ахьмад).Абу Мусас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Веза-Сийлахьчу АллахIан сий-ларам барх ду къежвелла волу бусалба стаг ларар; Къуръан доьшуш цуьнца Iамал а еш, цуьнгахь тIех а ца вуьйлуш я иза тесна а ца дуьтуш верг ларар а; нийсонна тIехь волу паччахь ларар а» (Абу Давуд).Вайнехан Iадатехь йоI кIантаца хинкоьртехь латта мегаш ца хилла, шайца кхоалгIаниг кхиъна долу бер я зуда йоцуш. Ткъа бусалба дино Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дешнашца боху вайга: «Стаг (хийра) зудчуьнца цхьалха вуьсур ма вац, шайца кхоалгIаниг шайтIа долуш а бен» (Ахьмад).Вайнехан ширчу хенахьлера духарш хилла бусалба динца догIуш. И гучудолу вайн дIабаханчу баккхийчу нехан ширчу суьрташка хьаьжча. Оьзда а, шариIатца догIуш а хилла нохчийн зударийн духарш, гIиллакхаш. Оьздангалла шайн синошца йолчу царна хала дацара Делан хIара аят къобалдан: «Ахь ала (хIай Пайхамар) ийман диллинчу зударшка, (хьарам долчух) шайн бIаьргаш охьахьажабе, шайн бехке меттигаш ларъе, шайн хазалла ма гайта (хийрачарна), ша цунах ган магийна (юьхь, ши куьйг) йоцург» («Ан-Нур», 31).Пхийттара ваьллачул тIаьхьа коьртахь хIума йоцуш лелар эхь лоруш хилла вайнаха. Вайн дайша, масала, баьхна: «Коьртахь хIума йоцу стаг диршачу газанах тера ву». Коьрта Iуьйра волу стаг тоьшаллина ца магаво, олуш схьадогIуш ду вайн Iадатехь. Ткъа Делан Элчанера (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадис далош верг коьрта Iуьйра лелаш хааделлехь, оцу стагера хьадис схьаоьцуш ца хилла динан Iеламнаха.Говрахь вогIучо гIаш вогIучуьнга хьалха салам кховдош, гIаш вогIучо хиъна Iаш волчуьнга салам луш Iадаташ ду вайнехан. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Цхьана хIуманна тIехиъна вогIучо салам лур ду гIаш вогIучуьнга, гIаш вогIучо – хиъна волчуьнга, кIеззиг болчара – алсам болчаьрга» (Бухари, Муслим).«Сихалло са диъна, собаро лам биъна», — олуш ду вайн. Къонахчун мах цуьнан собарца хадабо. Анасан кIанта МуIаза (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шен оьгIазло хьулйинарг, ша иза чекхъяккха ницкъ кхочуш а волуш, Веза-Сийлахьчу АллахIа къематдийнахь халкъана юккъера схьакхойкхур ву иза, хьурул-Iийнехь шена езнарг цуьнга харжийта» (Абу Давуд, Тирмизи).Даг тIе куралла тасар – Дала дакъаза ваккхаран юьхьиг ю, олуш хилла вайн дайша. Ибн МасIуда (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Ялсамане чу гIур ма вац, шен дагчохь мискъала зарратал (мел кIеззиг) куралла ерг!» (Муслим).Кура стаг осала хетта вайн дайшна, мадаре (эхь-бехк долуш) волчу стеган лерам беш хилла цара. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «СагIа даларо даьхни эшийна дац, гечдеш волу лай АллахIа сийлаллехь бен сов ца воккху. АллахIан дуьхьа цхьа а таьIна хир ма вац, АллахIа иза даржехь лакхавоккхуш а бен» (Муслим).Бусалба вежарий, йижарий, дино хьарам ца дина дайн гIиллакхаш лелор. Цул сов, дукха меттигаш яьхкина къоман Iадаташна тIе а тевжина, динан Iеламнаха хьукма деш. Шайн гIиллакхех, Iадатех къаьстинчу къоман кхане ян а яц, хIунда аьлча дайшкара дуьйна луьттуш, тIаьхь-тIаьхьа хазлуш, толуш схьадаьхкина ду уьш, хIора къам кхечух къастош. Веза-Сийлахьчу АллахIа боху вайга: «ХIай нах, Оха шу кхоьллина боьршачух а, стечух а. Оха шух дан а дина къаьмнаш а, тайпанаш а, шуна вовшийн довзийта. Баккъал а, шух АллахIана гергахь сий дерг – шух алсам Делах кхоьруш верг ву» («Аль-Хьужурат», 13).Веза-Сийлахьчу Дала, дайн гIиллакхаш дендан а, динехь нисделла, цхьабарт болуш, цхьа къам хилла дIахIитта а хьуьнар, кхетам, ийман лойла вайна!