Уггаре а кегийчарна
Бисмиллахиррохьманиррохьим
Хастам бу Iаламийн да волчу АллахIана. Делера салам-салават хуьда Iаламех къинхетам беш Дала ваийтина волчу вайн элчанна Мухьаммадна, цуьнан доьзалшна, асхьабашна, царна тIаьхьа мел баьзначарна а.
Вайна ма-гарра, къоман кхетам кхиоран, цуьнан барт чIагIбаран муьрехь еха тахана Нохчийчоь. Къоман кхетам кхиор, цуьнан кхачамбацарш дIадахар атта гIуллакх дац я цхьана дийнахь бича чекхбер болу болх бац иза. Делан дуьхьа, хIора дийнахь, сохьтехь къахьега дезаш болх бу иза. Веза-Сийлахьчу АллахIа боху Къуръана чохь: «Шух хуьлийла дикане кхойкху уммат, диканиг де а олуш, вуониг ма де а олуш, уьш декъал хилларш бу» («Алу Iимран»,104).
Оцу сирлачу, мехалчу Iалашоне вай кхочур ду, нагахь санна вай динехь нислахь. Делан къинхетамца, вешан дин Iамо, гIиллакхаш, Iадаташ дендан а маршо ю вайна тахана. Бусалба хилийша, нохчаллех ма дохийша, шайн доьзалан, юьртан, мехкан дай хилийша бохуш, хIора дийнахь вайга кхайкхамаш беш Нохчийчоьнан Куьйгалхо а ву.
Тхо тешна ду, къам кхиоран, иза динехь нисдаран болх берашна тIера дIаболо безаш хиларх. Бераш вайн къоман кхане ю. Царах доьзна ду вайн халкъан хиндерг. Царах вайна накъостий хиларх догдоху вай, уьш сил дукхабезаш кхиа а бо. ХIора ден-ненан декхар ду шайн доьзалхочунна бусалба дин Iамор. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Шух хIора а Iу ву, хIораммо а жоп дала дезар ду шен Iуналлех» (Бухари, Муслим).
Школе дахале беро масех шо берийн бешахь доккхуш нисделла таханлера хьал. Беро массо хIуманан тидам бен, цунна керла хIума девза, и тIаьхьакхиа гIерта долалун шераш ду уьш. Цундела, оцу хенахь дуьйна боло беза царна дин довзийтаран болх. Тахана къаьстина мехала бу кхетош-кхиорхоша бен болх. Делан дуьхьа лерина бахь, мела хир болуш, ледарло яхь, Делан оьгIазло хиларна кхерам болуш болх бу иза. Берийн бешан кхетош-кхиорхочунна (воспитатель) гIоьнна, берашна шайн динехь уггар хьалха хаа дезарг дуьйцуш вовшахтоьхна ду хIара жайна. ХIокху жайнина (Iаматна) юкъадогIу хIара дакъош:
- Берийн бешан кхетош-кхиорхочунна Исламах, Ийманах кхетам балар;
- Берашна Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вовзийтар;
- Берашна Къуръанах кхетам балар;
- Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахарх ирс эцар;
- Къуръанан цхьадолу сураташ, салават Iамор, Дела хьехор.
Исламах кхетам
Iалашо: кхетош-кхиорхочунна Исламах, Ийманах кхетам балар, церан арканаш (бIогIамаш) довзийтар.
Хьалха ала догIу, берашца къахьоьгург ша хила веза (еза) динан орамаш (баххаш) бевзаш, шен духарца, леларца берашна масал гойтуш.
Ислам – Веза-Сийлахьчу АллахIана муьтIахь волуш, Цуьнан шариIат къобал а деш, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) деанчунна тIаьхьавазар ду. Муслим (бусалба) – иза болх АллахIана карабелла, Цунна муьтIахь хилларг ву. ШариIат – иза Далан Элчанехула (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) адамашка дIахьедина церан тешарца, дахарца, синхаамашца дозуш долу омранаш ду.
Ислам пхеа рукнанна (бIогIамна) тIехь лаьтташ ду. Рукна (дукхаллин терахьехь – арканаш) хIума латтаран бIогIам, хIуманна тIетовжар, гIортор бохург ду (Iаьрбийн маттера гочдича). Рукна кхочуш ца хилча, Iибадат къобал ца хуьлу. Масала, Бисмилла дешар ламазан арканех цхьа рукна ю, и ца дешахь, ламаз къобал хир дац.
Исламан арканаш хьахийна IабдуллахIа бин Iумар (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийцинчу хьадисехь. Цо элира: «Суна хезира Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш: «Ислам (бусалба дин)пхеа хIуманна (бIогIамна) тIехь лаьтташ ду:
1 – (дагца къобал деш, маттаца) АшхIаду алла́ ила́хIа иллалло́хIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадар-росу́лулло́хI (Iибадат дан хьакъ верг цхьа АллахI бен кхин дела вац, Мухьаммад – АллахIан Элча ву) аьлла, шахIадат далор ю;
2 – ламаз дар;
3 – закат далар;
4 – хьаьж дар (ницкъ кхачахь);
5 – Рамадан бутт кхабар»
(Бухари, Муслим).
Оцу пхеа арканах муьлхха а цхьаъ я масех рукна къобал ца йийриг керсталли чу вужуш ву.
Ламаз дар
Ламаз уггар деза Iибадат лоруш ду бусалба динехь. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Массо хIуманан корта Ислам дин ду. Цуьнан бIогIам ламаз ду, Делан новкъахь къахьегар цуьнан бохь бу». Иштта Муслима далийначу хьадисехь ду: «Ламаз дитинарг куфр (керсталла) динарг ву», – аьлла.
Дала уггар хьалха тIедиллина Iибадат ду ламаз. Веза-Сийлахьчу АллахIа Мухьаммад-пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ворхI стигалел лакха ваьккхина, Жабраил-маликал (Делера салам хуьлда цунна) Шена герга а вигна, омра дина цуьнга, ламаз де аьлла. Ламазна тIера долалур ду адаман Iамалийн хьесапдар. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Къематдийнахь адаман Iамалех хьалха хьесап дийр дерг ламаз ду. И нийса хилахь, йисина Iамалш нийса хир ю, гал хилахь, йисина Iамалш гал хир ю».
Ламаз эцаран кеп
1 — «БисмиллахIиррохьманиррохьим. Ас нийят ди, ламаз эцаран суннаташ кхочушдан, Делан дуьхьа» – аьлла, ши куьг дуьлур ду (кхузза);
2 — Бага хи кхорзур ду аьтту куьйга (кхузза);
3 — Мера чу хи кхорзур ду аьтту куьйга, мара аьрру куьйга цIанбийр бу (кхузза). Бага, мера чу цхьаьна хи кхарзар бегIийла лерина.
4 — «Ас нийят ди, ламаз карара далар дIаайа, Делан дуьхьа» я «Ас ният ди, ламаз эцаран фарзаш кхочушдан, Делан дуьхьа», – аьлла, нийят деш, юьхь юьлур ю (кхузза); Юьхь юьлуш, хьаьжа тIе, лергийн йистошка, чIенги тIе, лога тIе хи кхачийтар важиб ду. Юьхь йила хьаьжа тIера волалур ву (лакхара охьа). БIаьргийн сенаш хьакхор дика лерина ду.
5 — Голаш цхьаьна аьтту пхьарс буьлур бу, хьалха пIелгийн яккъаш хьакхош (кхузза);
6 — Голаш цхьаьна аьрру пхьарс буьлур бу, хьалха пIелгийн яккъаш хьакхош (кхузза);
7 — Коьртана масхьу деш, керлачу хица тIадийна ши куьг коьртах хьокхур ду (кхузза);
8 — Юха а ши куьг тIадийна, чухула (хьажо пIелгаца), тIехула (нанапIелгаца) лергаш дуьлур ду (кхузза);
9 — Хьорка а цхьаьна аьтту ког буьлур бу, пIелгийн яккъаш хьакхош (кхузза);
10 — Хьорка а цхьаьна аьрру ког буьлур бу, пIелгийн яккъаш хьакхош (кхузза).
Ламаз эцна ваьлча, хIара доIа дар суннат ду
АшхIаду ал-ла́ ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу ла́ шари́ка лахIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIу́ ва росу́лухIу. Алло́хIуммажIальни́ минат-тавва́би́на, важIальни́ миналь-мутатIоххIири́на (Ас тоьшалла до, АллахI воцург, кхин Дела вац аьлла; Ша цхьаъ ву Иза, Шеца накъост воцуш. Ас тIаккха а тоьшалла до, Мухьаммад Цуьнан лай а, Элча а ву аьлла. Везан Дела, со тоба диначарах а, цIано йиначарах а вехьа).
Ламаз еза Iамал ю. Цундела цунна кечам беш, ламаз лерина эца деза. Дика лерина ду, ламаз къилбехьа (ламазе воьрзу агIо) вирзина эцар, ког-куьг хьорканел сов долуьйтуш дилар.
Ткъа ламаз оьцуш дукха хи Iенорах ларвала веза, ламаз оьцуш волуш къамел дар дика дац. Ша ламаз эцалуш волуш, кхечуьнга шена гIо дайтар (хи доттийтар, …) дика дац, юьхьах (тIараш детташ) хи деттар дика ца лерина.
Ламаз карара долу шен гIуллакхна хьаштагIана чу вахча я мох арабаьлча, наб кхоьтуьйтуш, дIавижча, хьекъала чуьра ваьлча, яло хьанал йолчу зудчух хьакхавелча. Ламаз карара даьллачо, ша ламаз дан валлахь, юха а ламаз эца деза.
Ламаз деш волчо
лардан деза ламазан гIиллакхаш
Адам шен дахарехь гIиллакхе хила дезаш ду. Цуо гIиллакх лело деза шена гонаха мел долчуьнца: нахаца, дийнаташца, Iаламца. Дика адам вуочух гIиллакхо къастадо.
Ламаз деш волчо шен дагахь хилийта деза ша АллахIна гуш хилар. Ламаза тIехь меттахъхьуьйр вац, ламазана хьала-охьатаIар доцург, я аьтту, я аьрру агIор хьожур вац, я куьйган пIелгаш лестор дац, кхийолу меженаш меттахъхьейийр яц цуо, ламаза тIехь меттахъяккха езаш ерг бен. Ламаз деш верг стигала, дIаса хьоьжур вац, ша сужда дечу метте хьожур ву.
Ламаз деш верг шен дегI нисдеш дIахIуттур ву; цхьана кога тIера вукху кога тIе а хIуьттуш, ловзур вац иза, хIунда аьлча и меттахъхьеро Делах кхерар дIадоккху цуьнан даг чуьра. Иштта бусалба стага, шен духар тIехь я ламаз дечу меттехь адамийн я хьайбанийн сурт долуш,ламаз дар дика дац. Цул сов, ламаз деш йолу меттиг, тIера бедар цIена хила езаш ю. Ламаз, сих ца луш, хьала-охьа таIарехь, нисваларехь тем беш дан деза бусалба стага.
Ламаз дохош долу хIуманаш
Ламаз духур ду хIокху тIаьхьа догIучарах цхьаъ ламаз дечуьнгара даьлча:
1) Лаамана вистхилча я, шина элпах лаьттарг даьлла а, дош даьлча. Амма, вицвелла, дош аьллехь я лаамза велар иккхинехь, ламаз духуш дац;
2) Дуккха а меттахъхьийча я рукнанийн кеп хийцича. Цхьана рукнехь тIеттIа кхузза меже меттахъхьайича я кхо меже цхьаьна меттахъхьайича, ламаз духуш ду. Масала, Бисмилла доьшуш, корта, куьг меттахъхьадина, ког баккхахь, ламаз духуш ду. Амма цхьана куьйгаца коьртара пес нисъяро, я шега салам делча куьйган эшарца и схьаэцаро ламаз ца дохадо;
3) Цуьнан дегIа тIе я бедар тIе нажас (боьхалла) хьакхаелча;
4) Iавратах цхьа хIума гучуяьлча;
5) Цхьа хIума кхаьллича я мелча (хууш я вицвелла);
6) Дуьххьарлера салам далале хьалха цуьнан ламаз карара даьлча;
7) Ахьан-ахьан аларца и велавелча я вилхича;
8) Динах араваьлча;
9) Хуушшехь, рукна хадийча (кхочуш ца йича). Масала, рукуIе охьакхаьчна валале хьаланисвалар;
10) Ламазан рукна йитича;
11) Хуъушехь, рукнийн рогIалла хийцича.
Фарз ламазаш
ХIора бусалба стагана тIехь ду, цхьана дийнахь-буса пхи фарз ламаз дар. И хIора ламаз шен-шен хенахь деш ду.
1) Хьалхарниг – 2 ракаIатехь долу Iуьйра ламаз ду (ши «Бисмилла», цхьа «Этхьиг»). Оцу ламазан хан Iуьйранна малх кхетале йолу хан ю. Iуьйра ламазехь ший а Бисмилла чIогIа доьшур ду. Iуьйра ламаз иштта дийр ду:
ДегI нисдеш, ши ког къилбехьа берзийна, цхьа ша хиллал барамехь дIасабохуьйтуш дIахIуттур ву. «Ас нийят ди, сайн фарз ши ракаIат Iуьйра ламаз Далла дан», – аьлла, нийят деш, ши куьг хьалаайдина Алло́хIу Акбар аьлла, ламаз доьхкур ду. Ши куьг (аьтту куьг тIехула долуш) некха кIела а дуьллуш, ша суждане гIур волчу метте хьоьжуш волуш, лахарчу озехь таважжухI доIа дешар суннат ду, цул тIаьхьа оццу озаца АIу́зу билла́хIи минаш-шайтIо́ниррожи́м, аьлла, шена хезачу барамехь аз ойуш, Бисмилла (Фатихьат) доьшур ду. (Амма зудчо, хийрачу божаршна хезачохь ламаз деш иза елахь, Бисмилла аз лахдина доьшур ду).
Бисмилла́хIиррохьма́ниррохьи́м.
Альхьамду лилла́хIи роббиль-Iа́лами́н.
Аррохьма́ниррохьи́м.
Ма́лики йавмидди́н.
Иййа́ка наIбуду ва иййа́ка настаIи́н.
ИхIдинас-сыро́тIоль-мустакъи́м.
Сыро́тIоллази́на анIамта IалайхIим,
гIойриль-магIду́би IалайхIим валаддо́лли́н. (А́ми́н).
Фатихьатан маьIна:
АллахIан цIарца, Къинхетаме, Къинхетам бийр болуш Волчу.
Iаламийн Да Волчу АллахIана хастам бу.
Къинхетаме, Къинхетам бийр болуш Волчу.
Къематдийнан Паччахь Волчу.
Хьуна Iибадат до оха, Хьоьга гIо доьху.
Нийсачу новкъа нисдехьа тхо.
Айхьа ниIмат деллачеран новкъа дигахь тхо,
ма дигахь тхо Айхьа оьгIазло йинчеран, тилабеллачеран новкъа.
И дешна ваьлча, шена хуучех Къуръанан сурат я аяташ дешар суннат ду.
Цул тIаьхьа, ши куьг юха хьалаойбуш Алло́хIу Акбар олуш, рукуIе гIур ву (куьйгийн пIелгашца когийн голаш лоцуш, букъ, ворта лаьттаца пурхнехьа нисъеш, охьатаIар). Оцу рукуIехь тем беш, ша сужда дийр долчу меттиге (корта тухучу) хьаьжна волуш, кхузза «Субхьа́на роббияль-Iазы́м(ЦIена ву Сийлахь волу сан Дела)» эр ду. Цул тIаьхьа, ши куьг ойбуш, СамиIалло́хIу лиман хьамидахI олуш, рукуIера хьаланислур ву. Хьаланисвеллачохь тем бина (пауза), Алло́хIу Акбар олуш, хьалха шина коган голаш, тIаккха куьйгаш лаьтта дохкуш суждане гIур ву. Сужданехь ворхI меженна тIевазлур ву (хьаж-мара, ши куьг, шина коган голаш, шина кога пIелгийн геш). Ши куьг, пIелгаш герга хьабдина долуш, белшашна дуьхьал лаьтта диллина хилар суннат ду. Пхьаьрсаш агIонех цахьакхалучу барамехь, дегIана херадаьхна долуш, гай варех ца хьакхадолуьйтуш сужда дар суннат ду. Амма зудчо, пхьаьрсаш дегIана тIеоьзна (стага санна меженаш ца яржош) дийр ду сужда. Сужданехь тем беш, кхузза «Субхьа́на роббияль-аIла́ (ЦIена ву, Веза-Сийлахь волу сан Дела)» аьлла, Алло́хIу Акбар олуш, охьахуур ву. Охьахиъча, тем беш, «РоббигIфир ли́ вархьамни́ (Сан Дела, гечдехьа суна, къинхетам бехьа сох)»эр ду.
Юха а (шозлагIа) Алло́хIу Акбар олуш, суждане гIур ву, цигахь (тем беш) а кхузза «Субхьа́на роббияль-аIла́» эр ду. Сужданера охьахаарца жимма соцунгIа а хуьлуш, Алло́хIу Акбар олуш, ирахIуттур ву. Ирахь волуш, хьалха санна, шолгIа Бисмилла дешна, рукуIе ваханчуьра хьаланисвелча ши куьг лаьцна, шена хезачу барамехь аз ойуш, махIдин доьшур ду: «Алло́хIуммахIдини́ фи́ман хIадайта, ва Iа́фини́ фи́ман Iа́файта, ва таваллани́ фи́ман таваллайта, ва ба́рик ли́ фи́ма́ аIтIойта, ва къини́ шарро ма́ къодойта, фа иннака такъды́ вала́ юкъдо́ Iалайка, ва иннахIу ла́ йазиллу мав-ва́лайта, вала́ йаIиззу ман Iа́дайта, таба́рокта роббана́ ва таIа́лайта, фа лакаль-хьамду Iала́ ма́ къодойта, ва лакаш-шукру Iала́ ма́ хIадайта, астагIфирука ва ату́бу илайка. Алло́хIумма ахрижни́ минад-дунйа́ маIаль-и́ма́ни, ва соллалло́хIу таIа́ла́ ва саллама Iала́ хойри холкъихIи́ Мухьаммадив-ва Iала́ а́лихIи ва асхьа́бихIи́ ажмаIи́н».
Цул тIаьхьа сужданаш дийр ду. ТIаьххьара сужда дича, охьахиъна, шена хезачу барамехь аз ойуш, Этхьиг доьшур ду: «Аттахьиййа́туль-муба́рока́тус-солава́тут-тIоййиба́ту лилла́хIи. Ассала́му Iалайка аййухIаннабиййу ва рохьматулло́хIи ва барока́тухI. Ассала́му Iалайна́ ва Iала́ Iиба́дилла́хIис-со́лихьи́н. АшхIаду ал-ла́ ила́хIа иллалло́хIу ва ашхIаду анна Мухьаммадар-росу́лулло́хI. Алло́хIумма солли Iала́ Мухьаммадив-ва Iала́ а́ли Мухьаммадин кама́ соллайта Iала́ Ибро́хIи́ма ва Iала́ а́ли Ибро́хIи́ма, ва ба́рик Iала́ Мухьаммадив-ва Iала́ а́ли Мухьаммадин кама́ ба́рокта Iала́ Ибро́хIи́ма ва Iала́ а́ли Ибро́хIи́ма филь-Iа́лами́на. Иннака хьами́дум-мажи́д».
Этхьиган маьIна:
Лерамаш, беркаташ, ламазаш, дика Iамалш, дешнаш а АллахIана ду. Маршо хуьлийла хьуна, хIай Пайхамар, АллахIан къинхетам, Цуьнан беркаташ а хуьлийла хьуна. Тхуна а, АллахIан дикачу лешна а хуьлийла маршо. Ас тоьшалла до, АллахI воцург, Дела вац аьлла, Мухьаммад – Делан Элча ву, аьлла. Я АллахI, Мухьаммадах (иза вазварца), Мухьаммадан доьзалх а къинхетам бехьа, Айхьа ИбрахIимах, ИбрахIиман доьзалх а къинхетам ма-барра. Я АллахI, Мухьаммадна, Мухьаммадан доьзална а беркат дехьа, Айхьа ИбрахIимна, ИбрахIиман доьзална а беркат ма-дарра Iаламашкахь. Баккъал а, Хьо Хастаме, Сийлахь ву.
Этхьиг доьшуш, куьйгаш когийн голаш тIе дехкина хир ду. Аьрру куьйган пIелгаш тIеттIа хилийна (хецна) дуьтур ду, ткъа аьтту куьйган буй бина, хьажон пIелг хецна буьтур бу, «Иллалло́хIу» олучу хенахь аьтту куьйган хьажон пIелг хьалаойбур бу.
Этхьигехь аьрру ха лаьтта дуьллуш, лаьттах гIортийначу аьтту когана бухахула аьрру ког дIахоьцуш охьахуур ву (таваррук кепара охьахаар). Этхьиг дешна ваьлча, салам далале хIара доIа дар суннат ду: «Алло́хIумма инни́ аIу́зу бика мин Iаза́биль-къобри, ва мин Iаза́би жахIаннама, ва мин фитнатиль-махьйа́ валь-мама́ти, ва мин шарри фитнатиль-маси́хьид-дажжа́л (Я АллахI, баккъал а, Хьоьга суо Iалашвар доьху ас кошан Iазапаххий, жоьжахатин Iазапаххий, дахаран а, даларан а баланаххий, Масихь-Дажалан питанаххий)». И дешна ваьлча, корта аьтту агIор дIаберзош, шена хезачу барамехь аз ойуш, Ассала́му Iалайкум ва рохьматулло́хI (Делера салам, къинхетам хуьлийла шуна) аьлла, салам лур ду, юха аьрру агIор корта берзош а эр ду Ассала́му Iалайкум ва рохьматулло́хI. Ала деза, Iуьйра ламазехь хьала-охьатаIарехь олуш долу Алло́хIу Акбар шена хезачу барамехь аз ойуш ала деза. Иштта дина волу Iуьйра ламаз.
2) ШолгIа ламаз – иза 4 ракаIатехь деш долу делкъа ламаз ду (диъ Бисмиллий, ши Этхьиггий).
Цуьнан хан малх делкъенга баьллачул тIаьхьа хуьлуш ю. Цунна нийят иштта дийр ду: «Ас нийят ди, сайн фарз диъ ракаIат делкъа ламаз Далла дан», – аьлла. Iуьйра ламаз деш санна, ши Бисмилла, Этхьиг дешна ваьлча, салам ца луш, юха а ши Бисмилла, цхьа Этхьиг дешна лур ду салам. Ламазехь мел доьшуш дерг шена хезачу барамехь доьшур ду.
3) КхоалгIа ламаз – 4 ракаIатехь деш долу малхбуза ламаз ду (диъ Бисмилла, шиъ Этхьиг). Цуьнан хан – малх делкъалтIаьхьенга лестина, мажбала болабелча хуьлуш ю. Малхбуза ламаз, делкъа ламаз санна, деш ду. Цаьршинна юккъехь йолу башхалла – иза ниййат дар ю. Малхбуза ламазна ниййат иштта дийр ду: «Ас нийят ди, сайн фарз диъ ракаIат малхбуза ламаз Далла дан», – аьлла.
4) ДоьалгIа ламаз – 3 ракаIатехь деш долу маьркIажа ламаз ду (кхо «Бисмилла», ши «Этхьиг»). Цуьнан хан малх чу ма-буьззи хуьлуш ю.
Цунна нийят иштта дийр ду: «Ас нийят ди, сайн фарз кхо ракаIат маьркIажа ламаз Далла дан», – аьлла. Iуьйра ламазехь санна, ши Бисмилла, цхьа Этхьиг дешна, хьалагIаьттина цхьа Бисмилла дешна, рукуI, сужданаш дина, шолгIа Этхьиг дешна, аьтту агIор салам лур ду, юха аьрру агIор салам лур ду. ХIокху ламазан хьалхара ши Бисмилла хозуьйтуш, юккъерчу озехь доьшур ду, ткъа дисина цхьа «Бисмилла» шена хезачу барамехь доьшур ду.
5) ПхоьалгIа ламаз – 4 ракаIатехь деш долу пхьуьйра ламаз ду (диъ Бисмилла, ши Этхьиг). Цуьнан хан, малх дIа а буьзна, цуьнан цIелла дIаяьллачул тIаьхьа (герггарчу хьесапехь, вайн махкахь малх чу буьзначул тIаьхьа цхьа сахьт ах сахьт даьлча) хуьлуш ю. ХIара ламаз, делкъа, малхбуза ламазаш санна, деш ду.
Цунна нийят иштта дийр ду: «Ас нийят ди, сайн фарз диъ ракаIат пхьуьйра ламаз Далла дан», – аьлла. Цуьнан башхалла – хьалхара ши Бисмилла, маьркIажа, Iуьйра ламазашкахь санна, чIогIа доьшур ду, ткъа дисина ши Бисмилла шена хезачу барамехь доьшур ду.
Терго ян еза, делкъа, малхбуза, маьркIажа, пхьуьйра ламазашкахь, хьалхара Этхьиг иштта деша дезаран:
Аттахьиййа́туль-муба́рока́тус-солава́тут-тIоййиба́ту лилла́хI. Ассала́му Iалайка аййухIаннабиййю ва рохьматулло́хIи ва барока́тухI. Ассала́му Iалайна́ ва Iала́ Iиба́дилла́хIис-со́лихьи́н. АшхIаду ал-ла́ ила́хIа иллалло́хIу ва ашхIаду анна Мухьаммадар-росу́лулло́хI. Алло́хIумма солли Iала́ Мухьаммад.
Ткъа тIаьххьара Этхьиг иштта доьшур ду:
Аттахьиййа́туль-муба́рока́тус-солава́тут-тIоййиба́ту лилла́хI. Ассала́му Iалайка аййухIаннабиййю ва рохьматулло́хIи ва барока́тухI. Ассала́му Iалайна́ ва Iала́ Iиба́дилла́хIис-со́лихьи́н. АшхIаду ал-ла́ ила́хIа иллалло́хIу ва ашхIаду анна Мухьаммадар-росу́лулло́хI. Алло́хIумма солли Iала́ Мухьаммадив-ва Iала́ а́ли Мухьаммад.
Ламазан тасбихь
Ламазал тIаьхьа доккхучу тасбихьан кеп иштта ю:
Ламазан салам ма-делли, кхузза АстагIфирулло́хI аьлла: «Алло́хIумма Антас-сала́му ва минкас-сала́му таба́рокта йа́ заль-жала́ли валь-икро́м (АллахIе гечдар доьху ас. Я АллахI, Хьо маьрша ву, Хьоьгара маршо ю, беркате ву Хьо, хIай сийлаллин, лараман Да)».
Цул тIаьхьа эр ду: «Ла́ ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу́ ла́ шари́ка лахI. ЛахIуль-мульку ва лахIуль-хьамду, йухьйи́ ва йуми́ту ва хIува Iала́ кулли шай-ин къоди́р (Цхьаъ бен воцу, Шеца накъост воцуш волу, АллахI воцург Дела вац, Цуьнан ду паччахьалла, Цунна бу хастам, Цо ден а до, са а оьцу, Иза массо а хIума дан ницкъ кхочуш Ву)».
Цул тIаьхьа Айатулкурсий доьшур ду:
Бисмилла́хIиррохьма́ниррохьи́м
«Алло́хIу ла́ ила́хIа илла́ хIуваль-хьаййуль-къоййу́м. Ла́ таъхузухIу́ синатув-ва ла́ навм. ЛахIу́ ма́ фис-сама́ва́ти ва ма́ филь-ард. Ман зал-лази́ йашфаIу IиндахIу́ илла́ биизнихI. ЙаIламу ма́ байна айди́хIим ва ма́ хольфахIум, ва ла́ йухьи́тIу́на бишай-им-мин IильмихIи́ илла́ бима́ ша́ъ. ВасиIа курсиййухIус-сама́ва́ти валь-ард, ва ла́ йау́духIу́ хьифзухIума́, ва хIуваль-Iалиййуль-Iазы́м».
Цуьнан маьIна: «АллахI, И воцург Дела вац, даима дийна волу (Шен лен доладеш), даима лаьтташ волу. Иза набаран таро дIа ца лоцу, я набаро а. Цуьнан долахь ду стигланашкахь мел дерг а, лаьттахь мел дерг а. Цунна хьалха гIо доккхун дерг мила ву (цхьа а вац), Цуьнгара пурбанца а бен. Цунна хаьа, царна хьалха хилларг а, царна тIаьхьа хиндерг а. Уьш тIе а ца кхуьу Цуьнан Iилманах цхьана а хIуманна, Цунна лиънарг доцчунна. Цуьнан Iаршо чулоцу стигланаш а, латта а. Я Цунна хала а дац и шиъ Iалашдан, Иза ву Лекха, Веза».
Цул тIаьхьа, Йа́ Iазы́му йа́ кари́м, зуль-жала́ли вал-икро́м (ХIай, сийлаллехь уггар лакхарчу даржехь Верг, беркат-хайр дукха Дерг, хIай сифаташ Сийлахь, кхоччуш Дерг) аьлла, 33-зза Субхьа́налло́хI (ЦIена ву АллахI) эр ду.
Цул тIаьхьа, Iамма́ йасыфу́на да́иман шукрухIу (ЦIена ву АллахI Шена тIе кхуллучух, даима а шукра ду Цунна) аьлла, 33-зза Аль-хьамду лилла́хI (хастам бу АллахIна) эр ду.
Цут тIаьхьа, Роббиль-Iа́лами́на таIа́ла́ шаънухIу ва ла́ ила́хIа гIойрухIу (Iаламаш кхобуш, кхиош ву Иза, Шен возаллехь Лекха ву, АллахI воцург кхин Дела вац) аьлла, 33-зза Алло́хIу Акбар (АллахI Воккха ву) эр ду.
Цул тIаьхьа, Каби́ров-вальхьамду лилла́хIи хьамдан каси́ров-ва Субхьа́налло́хIи букротав-ва асы́ла́.Ла́ ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу́ ла́ шари́ка лахI, лахIуль-мульку ва лахIуль-хьамду ва хIува Iала́ кулли шай-ин къоди́р (АллахI Воккха ву, дуккха а болу хастамаш АллахIна бу, ЦIена ву Иза даима. Цхьаъ бен воцу, Шеца накъост воцуш волу, АллахI воцург Дела вац, Цуьнан ду паччахьалла, Цунна бу хастам, Иза массо а хIума дан ницкъ кхочуш ву), – эр ду.
Ламаз динчул тIаьхьа хIара доIанаш, Къуръанан сураташ, аяташ а дешар мелехь ду:
«Ала́ инна авлия́алло́хIи ла́ ховфун IалайхIим ва ла́ хIум йахьзану́н. Аллази́на а́ману́ ва ка́ну́ йаттакъу́н (ЛадогIа, баккъал а, Далла гергабахана нах (эвлияаш, устазаш) – царна кхерам хир бац, я уьш гIайгIане а хир бац. Деле ийман диллина, Цунах кхоьруш берш бу уьш)».
«Роббана́ золамна́ анфусана́ ва ил-лам тагIфир лана́ ва тархьамна́ ланаку́нанна миналь-хо́сири́н(Тхан Дела, оха зулам дина тхайн догIмашна; Ахь тхуна геч ца дахь, Ахь тхох къинхетам а ца бахь, баккъал а, тхо хир ду дакъаза девллачарах)».
«Алло́хIумма инни́ асъалука Iильман на́фиIан, ва ризкъон тIоййибан, ва Iамалан мутакъоббалан (Я АллахI, баккъал а, Хьоьга доьху ас пайде Iилмий, хьанал (цIена) рицкъий, къобал хуьлу Iамаллий)».
Сурат «Аль-Ихлас»
Бисмилла́хIиррохьма́ниррохьи́м
«Къуль хIувалло́хIу ахьад. Алло́хIус-сомад. Лам йалид ва лам ю́лад. Ва лам йакул-лахIу́ куфуван ахьад (АллахIан цIарца, Къинхетаме Волчу, Къинхетам бийр болуш Волчу. Ахь ала: Иза АллахI ву, Ша цхьаъ волу. АллахI даима лаьтташ ву, Цуьнан доьзал бац, я Иза Ша а вац вина. Цунах тера цхьа а вац)».
Сурат «Аль-Фалакъ»
Бисмилла́хIиррохьма́ниррохьи́м
«Къуль аIу́зу бироббиль-фалакъ. Мин шарри ма́ холакъ. Ва мин шарри гIо́сикъин иза́ вакъоб. Ва мин шаррин-наффа́са́ти филь-Iукъод. Ва мин шарри хьа́сидин иза́ хьасад (АллахIан цIарца, Къинхетаме Волчу, Къинхетам бийр болуш Волчу. Ахь ала: Ас суо Iалашвар доьху сатасаран Деле Цо кхоьллина долчу хIуманан вуонах. Цо дуьне дIахьулдинчу хенахь (хуьлучу) буьйсанан боданан вуонах а. Шеддашна тIе хIуп бохучу (холмач юллучу) зударийн вуонах а. ХьагI лелочо хьагI лаьцча, хуьлучу вуонах а)».
Сурат «Ан-Нас»
Бисмилла́хIиррохьма́ниррохьи́м
«Къуль аIу́зу бироббин-на́с. Маликин-на́с. Ила́хIин-на́с. Мин шарриль-васва́силь-хонна́с. Аллази́ йувасвису фи́ суду́рин-на́с. Миналь-жиннати ван-на́с (АллахIан цIарца, Къинхетаме Волчу, Къинхетам бийр болуш Волчу. Ахь ала: Ас суо Iалашвар доьху адамийн Эле, Адамийн Паччахье, Адамийн Деле. Даг чу вуон ойланаш а туьйсуш, АллахIан цIе яьккхича, додий, къайладолучу шайтIанан вуонах, адамийн дегнаш чу вуон ойланаш туьйсуш долчу жинеххий, адамеххий долчу)».
ТIаьххьара ши куьг лаьцна, Деле шена гечдар доьхуш, шена гIо дар доьхуш, доIа дийр ду. ДоIа деш – хьалха Далла хастам бийр бу, Альхьамду лилла́хIи роббиль-Iа́лами́н аьлла, тIаккха Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салават дуьллур ду – Алло́хIумма солли Iала́ Мухьаммадив-ва Iала́ а́ли Мухьаммадив-ва саллим. Цул тIаьхьа шена, шен гергарчарна, берриге а бусалба нахана гечдар доьхур ду, ламаз, марха къобалдар доьхур ду, дуьненахь шена лууш дерг деха мегар ду. ДоIа дерзош, юха а Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салават диллина – Алло́хIумма солли Iала́ Мухьаммадив-ва Iала́ а́ли Мухьаммадив-ва саллим, Бисмилла (Фатихьат) дешна, дерзор ду доIа.
Ламаз карара долу бахьанаш
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Ламаз карахь доцуш дина ламаз Дала къобал дийр дац» (Муслим).
Ламаз карара долу деа хIуманца:
1) бехке меттехула (хьалхахула, тIехьахула) хIума (боьхалла, хьатI, цIий, мох) араяларца;
2) Хьекъал чуьра валарца – эгIийна я хорша еана хилча, я вехха, я цамгараллица, я тевжина а волуш наб кхетарца. Амма хиъна волуш наб озаярх ламаз карара ца долу;
3) Стаг шен зудчух я кхечу арахьарчу (хийрачу) зудчух (юккъехь пардо а доцуш) хьакхаваларца. Амма стеган я зудчун мIара, месаш, церг хьакхаяларх, ламаз карара долуш дац. Дуккха нах гулбеллачохь, куьг кхеттарг стаг я зуда (муьлхарниг ду) ца хиънехь а, ламаз карара ца долу;
4) Стаг шен я кхечун бехке меттигах куьйган кераюькъца, пIелгийн чоьхьенашца хьакхавелча а. Башхалла яц – стаг жима я воккха, дийна я велла хилар (и хIинцца дина бер делахь); цуьнан бехке меттигех хьакхавелча (хаа хууш я вицвелла), ламаз карара долуш ду. Ламаз карара дер дац, куьйган тIехула йолу агIо, пIелгийн буьхьигаш, я (куьг доцург) кхийолу дегIан меже бехкечу меттигах хьакхаяларх. Иштта, ламаз карара ца долу, хьайбанан бехкечу меттигах хьакхавелча.
Фарз ламазашца деш долу суннат ламазаш
Шена мел алсам безачо фарз ламазашца суннат ламазаш дан деза.
Суннат Iамал Дала вайна фарз йина тIейожийна яц, амма е аьлла дIакхайкхийна Iамал ю. Цул сов, фарз ламазийн кхачамбацарш дIадоху суннат ламазаш даро. ХIора фарз ламазца деш суннат ламазаш ду:
– Фарз Iуьйра ламазал хьалха деш долу ши ракаIат суннат ламаз.
И ламаз иштта доьхкур ду: «Ас нийят ди, фарз Iуьйра ламазал хьалхара ши ракаIат суннат ламаз Далла дан». Ши Бисмилла, цхьа Этхьиг дешна, салам делла дIадерзор ду и ламаз.
– Делкъа ламазал хьалха шишша ракаIатца деш шиъ суннат ламаз ду. Иштта делкъа ламазал тIаьхьа а ду шина ракаIатах долу шиъ суннат ламаз.
Делкъа ламазал хьалхара суннат ламаз иштта доьхкур ду: «Ас нийят ди, делкъа ламазал хьалхара ши ракаIат суннат ламаз Далла дан», – аьлла. Ши Бисмилла, цхьа Этхьиг дешна, салам делла дIадерзор ду и ламаз. Цул тIаьхьа, хьалха санна ниййат деш дийр ду делкъа ламазал хьалхара шолгIа ши ракаIат суннат ламаз а.
Делкъа ламазал тIаьхьара суннат ламаз иштта доьхкур ду: «Ас нийят ди, делкъа ламазал тIаьхьара ши ракаIат суннат ламаз Далла дан», – аьлла. Ши Бисмилла, цхьа Этхьиг дешна, салам делла дIадерзор ду и ламаз. Цул тIаьхьа, хьалха санна ниййат деш, дийр ду делкъа ламазал тIаьхьара шолгIа ши ракаIат суннат ламаз а.
– Малхбуза ламазал хьалхара шишша ракаIатца деш шиъ суннат ламаз ду. Малхбуза ламазал хьалхара суннат ламаз иштта доьхкур ду: «Ас нийят ди, малхбуза ламазал хьалхара ши ракаIат суннат ламаз Далла дан», – аьлла. Ши Бисмилла, цхьа Этхьиг дешна, салам делла дIадерзор ду хьалхара суннат ламаз. Цул тIаьхьа, хьалха санна, ниййат деш, дийр ду малхбуза ламазал хьалхара шолгIа ши ракаIат суннат ламаз а.
– МаьркIажа ламазал тIаьхьа деш ши ракаIат суннат ламаз ду. Иза иштта доьхкур ду: «Ас нийят ди, маьркIажа ламазал тIаьхьара ши ракаIат суннат ламаз Далла дан», – аьлла. Ши Бисмилла, цхьа Этхьиг дешна, салам делла дIадерзор ду и суннат ламаз.
– Пхьуьйра ламазал тIаьхьа деш ши ракаIат суннат ламаз ду.
Пхьуьйра ламазал тIаьхьара суннат ламаз иштта доьхкур ду: «Ас нийят ди, пхьуьйра ламазал тIаьхьара ши ракаIат суннат ламаз Далла дан», – аьлла. Ши Бисмилла, цхьа Этхьиг дешна, салам делла дIадерзор ду и суннат ламаз.
Цул тIаьхьа витр суннат ламазаш ду. Кхо ракаIат дина а, витр ламаз дар суннат ду. Хьалха ши ракаIат дина, салам делла ламаз дIа а дерзийна, юха цхьа ракаIат дийр ду.
Витр ламаз иштта доьхкур ду: «Ас нийят ди, ши ракаIат витр суннат ламаз Далла дан», – аьлла. Ши Бисмилла а, цхьа Этхьиг дешна, салам делла дIадерзор ду шина ракаIатан витр ламаз. Цул тIаьхьа – цхьа ракаIат долу витр ламаз иштта доьхкур ду: «Ас нийят ди, цхьа ракаIат витр суннат ламаз Далла дан», – аьлла. Цхьа Бисмилла, цхьаъ Этхьиг дешна, салам делла дIадерзор ду цхьа ракаIатан витр суннат ламаз.
Магомедов Сулиман