ШаIбан беттан марханаш
Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ШаIбан бутт марханаш дукха кхабарца къастош хилла.
Iайшата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина: «ШаIбан баттахь санна дукха марханаш ца кхаьбна Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цхьана а баттахь, цхьа кIеззиг денош доцург, берриг кхобуш хилла цо ШаIбан».
(Аль-Бухари, Муслим)
– ШаIбан беттан марханаш ма дукха кхобу ахь, хIай, Делан Элча? – аьлла, шега хаьттича, Делера салам-маршалла хиларо, аьлла: «Ражабна а, Рамазанна а юкъахь наха тидам боцуш буьтуш болу бутт бу иза. Шена чохь Iамалаш, Iаламийн Да волчу АллахIана тIе дIаойу бутт бу. Сайн Iамал дIаахьош, суо марха долуш хила лаьа суна».
(Ан-Насаий)
Бараат-буьйса олу еза буьйса а ю хIокху ШаIбан баттахь. ПхуьйтталгIаниг ю иза. Цхьаболчу Iеламнаха дийцарехь, Лайлатуль-къадри буьйсанал тIаьхьа ШаIбан беттан юккъера буьйса дерриг шера чохь а уггар езаниг ю.
Суннат марха
дохор
Суннат марха дохийча къа хир дац. Делера салам-маршалла хиларо, аьлла: «Суннат марха кхобуш верг ша шен омранча ву, шена лаахь, кхобур ду цо, шена лаахь, дохор ду».
(Аль-Хьаким)
Амма фарз марха, иза доькхуш кхобуш делахь а, шарІо магийначех бехказло яцахь, дохо мегаш дац.
Суннат мархина нийят деш, иза фарз марха санна билгал ца даьккхича а мега, ас нийят дин суннат марха кхаба аьлча кхачо ю.
Суннат мархина нийят буса де аьлла бехкам бина а дац, сатесначул тІаьхьа хІума йиъна ца хилчахьана, делкъале дича а мега.
Цуьнан далил (тоьшалла) Делера салам-маршалла хиларо Іайшате (Дела реза хуьлда цунна) аьлларг ду. Цо аьлла: «Яа хІумма а юй шуьгахь?» Іайшата, яц, аьлла. Цо аьлла (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «ТІаккха ас марха кхобу».
(Муслим, Абу-Давуд)
И къамел а, Делера салам-маршалла хиларо дина долу мар¬хин нийят а сатесначул тIаьхьа, дийнахь, хилла бохург ду кхузахь лууш дерг.
Муртазаев С.