«Дела везарехь богуш болу эвлаяаш»
Баккъал а, дукха хан йоццуш, боккха кхаъ хилла, эвлаяаш МитIин Шайх Бамат-Гири-Хьаьжа а, цуьнан кIант Iела-Шайх а везачарна, царна тIаьхьа баьзначарна Нохчийчохь а, цул арахьа а дика вевзаш волчу журналиста, яздархочо, Iелин дикачу мурида Заурбеков МасIуд-Хьаьжас «Дела везарехь богуш болу эвлаяаш» жайна арахецарх. Кишин Кунта-Хьаьжин мурид хила гIерташ волчу хIокху могIанийн авторна а оццул чIогIа хазахетта хилча, царна мел чIогIа хазахетта хир ду аьлла хета шуна?!
Вуно мехала а, боккха а болх бу М.Заурбековс бинарг. Цуьнан мах хадийна вер а вац. Дукха къахьегна цо хIокху жайнина оьшу «коьчалш» вовшахтухуш. Иттаннаш, бIеннаш нахаца къамелаш дина, архивашкара шира таьптарш кегийна, Iовдин а, Iелин а тIаьхьенех болчу нахах, Iеламнахах дагавийлина, эвлаяийн муридийн къамелашка ладегIна, уьш дIаяздина вайн махкахула дуккха а некъаш гездина. Ишттий бен ца хуьлу дахаран маьIна долу болх беш хилча.
ХIокху жайнех а, иза вовшахтоьхначех а лаьцна Iаламат дика аьлла Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу Iеламнехан Кхеташонан Куьйгалхочо Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас. Цочул дика алалур дац. Цундела, цо аьллачух цхьа кIеззиг дерг довзуьйтур ду вай. «…МасIуд вовзале дикка хьалха вевзина суна цуьнан да Джунайд. МаслаIатан гIуллакхаша кест-кеста цхьаьнатухура тхойшиъ. Джунайд Iовдин дика мурид вара. МитаевгIеран Iовдин а, Iелин а муридийн тобанан туркх а, хьалхара зуькар олуш а, назманаш олуш а, назманаш а, царна мукъамаш а бохуш а вара. Джунайд хьикмате, дог дика стаг вара, къамелана чIогIа говза, кIеда-мерза вара. Сол дикка воккха вара иза. Суна масал хилла лаьтташ а вара. Цуьнца цхьаьна дукха нахана юкъахь маслаIат дар нисделла сан. Тахана а воккхаверца дагалоьцу ас цуьнца хилла хьошалла.
Джунайда а, цуьнан хIусамнанас Маржана а 9 кIант а, 2 йоI а кхиийра. Ялх-ворхI шо кхаьччахьана дуьйна царна массарна а ламаз-марха а, Къуръан а Iамийра. МасIуд а ву жимачохь дуьйна зуькаре хIуттуш, хьалхара зуькар олуш, мовлад доьшуш.
Джунайдан доьзалца доттагIалла лелош, кест-кеста цуьнан хIусамехь хуьлуш бара цIеяххана Iеламнах, Iовдин а, Iелин а муридаш: Хьалха-МартантIера Товсултанов Асхьаб-молла (Iовдин куьг а лаьцна, тоба дина волу), Мескер-Эвлара Лечи-молла (Iелин йозанча хилла волу), Митаев Iелин нийсархой а, тешаме бIанакъостий а хилла болу Сиржа-Эвлара Мурдаш а, МасIуд а, Абуязид а, БетIа а, Iовдин муридаш Персиев Ахьматхан, Рашедов Шадид-молла, хьалхара зуькар олуш волу Гандаев Хьасан, Iелин тешаме бIанакъост, Iеламстаг, Ахмархажиев ХутIа, Эвтарара Даурбеков Мохьмад, Цоци-Эвлара Хусар, Устрада-Эвлара КъахIир, Жимачу АтагIара дика муридаш Джамбулатов Демал, Хайсумов Юсуп, Геха, ЦIоьнтарара Мусхаджиев Къабил, Абумуслимов Сайд-Мохьмад, ГIойтIара Дуда а, Iусман а, ШоIип а, Йоккхачу АтагIара Зикри, Мани-Шайхан кIант Зиявди-шайх, кхиберш…
Джунайдан бераша леррина ладугIура цара дуьйцучуьнга, ткъа муридаша зуькар долийча, уьш берриге а зуькарна юкъабоьлхура, шовкъ а йогIуш. Иштта хуьлура даима а. Къадарийн тIарикъатехь Веза-Воккхачунна Iамал ярехь царна дика масал а, дарс а дара иза. Ткъа МасIудана, эвлаяэх лаьцна жайна яздаран ойла кхобуш волчу, шена дуьйцуш хезнарг дIаяздар бен дуьсуш хIума дацара. Цо иза дан а дира дуккха а шерийн дохаллехь.
…Суна МасIуд вевза 30 шо гергга хан ю. Иза «Исламан зIаьнарш» газет арахеца волавелла мур бу иза. Советийн Союз хиллачу хьаьрмахь схьадиллина дуьххьарлера бусалба динан газет ду иза. ХIетахь со а, сан шича а, хIинца дерриге а дуьненахь вевзаш волу Нохчийн Республикин хьалхара Президента, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) а оцу шерашкахь Курчалойн-Эвлахь Исламан институтехь (Кавказехь дуьххьарлерчу исламан учрежденехь) болх беш вара. Ахьмад-Хьаьжа вара и йиллинарг а, цуьнан директор а, со хьехархо вара. ХIетахь дуьйна газетаца юххера зIе латтош, таханлерчу дийне схьавеана со… 2007-чу шарахь дуьйна редакцин штатехь – редакторан а, коьртачу хьехамчин а даржехь ву со…
МасIудаца цхьаьна ас арахецна шина томехь йолу «Исламан сирлачу некъа тIехь» жайна. Иза Нохчийчоьнан хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийлахьчу дайх лаьцна дара.
…Хууш ма-хиллара, «Вайн эвлаяаш» серера Заурбеков МасIудан хьалхара жайна Москвахь 2005-чу шарахь араделира. Цуьнан цIе иштта яра: «Шейх Али Митаев – патриот, политик, миротворец, гений – эталон справедливости и чести». Вайн республикехь хьовха, генна цуьнан дозанал дехьа а къобалдеш тIеийцира и жайна.
ХIара «Дела везарехь богуш болу эвлаяаш» («Эвлияи, сгорающие в любви к Аллаху») жайна а ду МитаевгIеран Iовдин а, Iелин а дахаран а, динан а некъах лаьцна дуьйцуш. Цунах дерг МасIуда довзуьйтуш долу башха хьостанаш ду Iовдин а, Iелин а муридаша, вайн заманхоша, кар-кара луш, дийцина дийцарш, тоьшаллаш, ткъа иштта архивашкара шира таьптарш, кхидерг…»
«Дела везарехь богуш болу эвлаяаш» жайна 4 бIе сов агIо йолуш ду. Цу тIехь ду вайх дукхах болчарна бIаьрга гина доцу Iовдин а, Iелин а, церан тIаьхьенах болчу нехан а, муридийн а, зератийн а дуккха а суьрташ. Жайна беа коьртах лаьтташ ду. Царах хIора а язбеш шен деган дакъа дIаделла автора. Иза хаало хIора агIонехь. Уггаре а коьртаниг – жайно ийманехь чIагIво, вайн эвлаяаш безарехь соввоккху, хьан дог, са цIандо. Цундела кIезиг хетало жайнин тираж. Иза 3 эзар экземпляр бен яц.
Жайнех лаьцна дийца дуккха а ду. Иза кхул тIаьхьа дуьйцур а ду. Вайн доцца къамел дерзош даггара ала лаьа: МасIуд, Дала аьтто бойла хьан! Дала тIаьхье беркате йойла! Тешалахь, ахь хьегна долу къа эрна ца дайна хьуна. Iовдин а, Iелин а муридаш мел бу, цуьнца ваIда ерш мел бу дехар ду хьан хIара жайна, цуьнца цхьаьна хьан цIе а.
С. Хасанов