Цкъа а сайна гина йоцчу ненах…
Суна сайн нана суьрташ тIехь бен гина яц. Суна суо муха кхиъна ца хаьа нана йоцуш. «Ва-мама! Ва нана!» олу хезча, шийла ша буьллу сан кийра, сан хиллий-те цкъа а нана олий. Ма йойла-кха и ас ен ойла цхьана йоIа а, кIанта а.
200I-чу шарахь Нохчийчохь хиллачу тIамо дIаяьхьна сан хаза, жима нана. Сан ши бутт бен ца хилла сайн нана лечу хенахь. Къематан де хилла иза суна а, массо нохчочунна а.
ТIеетта бомбанаш, хоьхку кеманаш, снарядех юьзна, салтех юьзна урамашкахула дIасахоьхку танкаш. Тхан доьзал оцу хенахь ларми чу дIалечкъина хилла. ГIовгIанех кхераелла, со йоьлхуш, туьйш ца хилла. Сан нана, сан денанас со меца йолуш йоьлху моьттуш, суна шиша дан яхийтина хиллера. Сан нана чIогIа кхоьруш хилла оцу салтех, танкех. «Со кхоьру, танкаш дIаяххалц собарде», – аьлла хиллера цо. Со кхин тен а ца тийна, сихха араиккхина хиллера иза, суна шиша кечдан. ЦIеххьана керта лилхинчу салташа автомат тоьхна, холодильника тIе кхевддинчохь йийна хиллера иза. «Сайна хиндерг хиънехь, ма йилхина хир яцара со». Оцу дийнахь ялх стаг вийнера цара тхан юьртара. Оцу байинчу нахана юккъехь хиллера мотт ца хууш волу сан ненаваша. Сослан яра цуьнан цIе, мойкехь болх беш хиллера иза.
Сан ненахой тхан дехошна гена боццуш Iаш бу. Салтий, шаьш дийриг дина, дIабахча, массо а стаг Iадийча санна, шайн-шайн гергарнаш мичахь бу хьовса бахана хиллера. Мойкехь, герз диттина, охьатесна, карийнера сан ненаваша. Велла, шен кIант цIа валийча, йоьлхуш, йоьхна хьийзаш хиллера сан ненанана. Цо сих-сиха олуш хиллера: «Залина, цхьамма гIой сан йоI цIаялаяйша, хаийтийша цунна вайна хилларг». Сан ненанана йоцчунна, массарна хууш хиллера сан нана йиний.
Делкъанна, дайинчу адамийн декъий, дIадохка кечбелла Iаш хиллера юьртахой, массо зуда, стаг воьлхуш хилла.
Кечдина, сан ненан дакъа барамахь керта деача, чIогIа йоьхна, хиллачух ца кхеташ хьийзаш хиллера сан ненанана, хиллачух ша кхетча, дог кIадделла, охьайоьжна хиллера. Оцу дийнахь вийнера цара бехк-гуьнахь доцу Дулаев Кота, ши ваша — Орзимов Хизир, Орзимов Идрис, Ярмалатов Хас-Мохьмад, сан нана Бисултанова Залина, сан ненаваша Бисултанов Сослан. Дала гIазот къобалдойла церан! Белхарх, халчуIиттарх, бала ца бела, дийна бисина церан гергарнаш, юьртахой. Тезет дIадирзинчул тIаьхьа сан ненадас, ненананас со шайга схьаялийна хиллера.
Шаьшиннан шина берах бисина жима безам, деган Iийжам олий, сих-сиха йоьлху сан ненанана. Делахь а, Дела дика ву. Ша деллачу диканна-вонна тоха са ло цо. Мел хала делахь а, висинарг ца Iийча а, ца лелча а ца волий, дIалела хIокху дуьненчохь. Дала собар ло, хено сатоха Iамаво.
Сан ненанана сан шолгIа нана хилла дIахIоьттина сунна. Йинарг цхьаъ бен яцахь а, кхаьбнарг а ма ю нана. Суна луург дан гIерташ, соьга дика дешийта гIерташ, шен могашалле ца хьоьжуш, даге ца хьоьжуш, даима суна тIаьхьа яьлла ю иза.
«Дала цхьа дика доцуш вон ца ло-кх». Дала ненан вон ма гойтийла цхьанна а! Дала кхин тIом ма гойтийла вайн халкъана! Дуьненчохь мел долу хIума дIалур дара ас, дийна йолуш, сайн нана цкъа бIаьрга гург. Сан дехар ду шуьга, сан хьоме нийсархой: йолччара къовлалаш шайн нана маара, йолччара хьасталаш ненан дог. Нана ялсаманера стом бу шуна, нана дахаран ирс ду шуна. Ишколехь цхьа мероприяти хилла, берийн наной баьхкича, цхьа тамашийна тохало шуна сан жима дог. Шун нанойн бIаьргаш чохь лоьху шуна ас сайн ненан бIаьргаш, сайн ненан юьхь-сибат.
Магамаева Марха,
Гуьмсан кIоштан Ойсхарарчу юкъарадешаран ишколан
9-гIа классан дешархо.
Редакце яийтина нохчийн меттан хьехархочо Гагаева ТIауса.