Основы поклонения

Риба – уггаре а даккхийчу къинойх къа ду

Жимачу АтагIарчу маьждигехь рузбанехь имама Ахмадов Турпала бина хьехам

32a67d6a-e29c-4ec1-98f6-9e48ed033869

БисмиллахIиррохьманиррохьийм, Алхьамду лиллахIи Раббил Iаламин. Ассалату вассаламу Iала расулихIи Мохьаммад, ва Iала алихIи ва асхьабихIи ажмаIин.
Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллахIи таIала вабаракатухIу. Массеран а де дика хуьлда шун!
Рузба Дала къобалдойла! Вайн Iамалш Дала Шен дуьхьа йойла! Дала Ша реза воцуш долчу массо а хIуманах лардала ийман, кхетам лойла вайна!
Тахана вайна ала лууш дерг хIун дара аьлча, дукха хан йоцуш оцу хьокъехь дийцира вай. Делахь а, мел дийцарх а сов хир дац и, наха дIалоцуш дац и, вуьшта, дIалацахь а, нисдаларехь некъ беш дац вай.
Юхалург луш долчу ахчанна тIера проценташ яхар бахьана долуш баккхий сингаттамаш бу дуккха а доьзалшкахь. И сингаттамаш хилар оцу нехан шайн бехкенна ду. ХIунда аьлча, цхьа кIеззиг долчу гIуллакхана чохь ахча оьшуш хьал нисделча, воьдий кредит оьцу, я юхалург ахча луш стаг велахь, цуьнгара ахча оьцу, проценташ тIе а лоций.
Имам ву бохуш волчу стагана тIедохьуш долу муьлхха а гIуллакх: машенахь авари йина хуьлийла иза, зуда-майра дIасакъаьстина дов къастор хуьлийла иза, я чохь, доьзалехь цхьа сингаттам Iоттабелла хуьлийла иза – хьо оцу шина агIорнаш охьа а ховшийна, цаьрга ладоьгIна, муьлхха а гIуллакх къасто воьлча, дIа дуьхе кхиъча, оцу проценташ тIера схьа хуьлу-кх и дов. Царна гуш дац и сингаттам шайна мичара схьа бу. И луш волчо а, схьаоьцуш волчо а ойла ца йо оцу белхан. Уггаре даккхийчу къинойх къа ду и – риба (проценташ). Риба луш верг, схьаоьцуш верг, цига хIоьттина волу теш, и дIаяздинарг – массо а ву цу юкъавогIуш. Цаьрга тIом кхайкхабо Ша бохуш, Дела а волуш, зуда ялон дезаш кIант велахь, оцу дас-нанас кредит оьцу, йоI маре яха езаш елахь а, оцу дас-нанас кредит оьцу, чохь йийбар эца езаш велахь а, воьдий кредит оьцу, сан таро ма яцара, олий.

Кредит оьцуш болчу нахана шаьш къен бу моьтту. Къен бац уьш. Кхера ма-безза Делах кхоьруш болчу наха дийр долуш хIума дац иза.
Масал дало лаьа суна, шуьга оцу белхан дика ойла яйта.
Хьалха заманчохь цхьа зуда хиллера боху, тIера хIусамда вала а велла, жима цхьа кIант а волуш, йисина Iаш. ТIехь тхов боцуш, хIоттийна цхьа неI бен йоцуш, боьттина биъ пен болуш, цIа хиллера цуьнан, цул сов кхин хIума доцуш. ДогIа данза, йокъа хIоьттина зама хилла, цIеххьана бода беана, чIогIа кхевсина догIа тоьхна хилла цигахь. Берриге нах шайн-шайн чубирзина. Шен кIант эцна, шайн чу елира боху нана, инзаре чехка догIуш догIа долуш. ЦIенна тIехь тхов ца хилла, кIант ца вашавайта гIерташ, и маракъуьйлуш хилла нанас, амма догIано нана а яшийна. ДIайоьгIначуьра неI схьа а яьккхина, пена тIетовжош дIа а хIоттийна, кIант мара а къевлина, цунна кIелахь охьалахъелла нана. ДогIа сецча, ненан марахь волчу кIанта, шен нене хьала а хьаьжна, эли бохура: «ХIай сан нана, вайшинна санна тIехула лаца неI а йоцуш болчу къечу наха хIун дийр ду-те тховса?». И ю-кх къелла. Вайгахь ерг ма яц къелла. ХIетте а, даха а доьлхий, Дала хьарам дина долу хIума до вай.
Хьовсийша! ХIинца а вайна юкъахь буй а хууш хир бу-кх оцу процентех ахча луш берш а, схьаоьцуш берш а. Ма леладахьара аш и хIуманаш, Делах кхоьруш хилахьара шу. Оцу хьокъехь вайн Пайхамарера (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш даьхкина.
Абу-Хурайрас дийцина хьадис ду (Дела реза хуьлда цунна), Элчано элира аьлла (Делера салам-маршалла хуьлда цунна):
«Везачу Дала, Ша ялсамане чу вохуьйтур ма вац, лазош волу Iазап а дийр ма ду Ша аьлла, виъ стаг билгалваьккхина. Муьлш бу уьш аьлча, уггаре хьалхарниг – даима а вахош волу малар муьйлуш верг ву, шозлагIниг – риба юуш верг ву, кхозлагIниг – буоберийн хьакъ дууш верг ву, доьазлагIниг – дений, нанний муьтIахь цахилларг ву».
И виъ стаг ялсамани чу а вохуьйтур ма вац Ша, кхана Къематан дийнахь цаьрга Iазап а Iовшуьйтур ма ду Ша, аьлла тIелаьцна ву-кх Дела. Оццул даккхийчу къинойх къа ду-кх риба!
Тахана, хIокху стагехь декхар дара сан, и схьало алахьа цуьнга, олий цхьа стаг тIевогIу-кх, и ши стаг охьа а хаийна, ладогIа воьлча, проценташна делла ахча хуьлу-кх и декхар. ХIора баттахь оцу ахчанна тIера итт процент а луш, итт баттахь ахча дIаделла а хуьлу цунна, ша дIаделла ахча юха а деза цунна.
Масала, хIора баттахь (итт процент) итт бIе туьма лур ду ша аьлла, цхьа бIе эзар сом ахча даьккхинехь, итт баттахь проценташ дIало цо цунна, цхьа бIе эзар сом хуьлий иза? Юха ша делла цхьа бIе эзар сом юха а деза цунна.
Дов къастош: «Хьажахь, хьо дукхавахарг, и I00 эзар сом ахча хьуна дIаделла ма ваьлла, важа хьуна хьарам ма ду», аьлча, хIан-хIа, ас шега дIаделларг схьадала деза цо, боху цо. «Ва Делах ца кхоьру хьо? Хьуна хьарам ма ду и!» аьлча а, ша дIаделларг схьало боху цо.
Юха и ахча чу а даьхьна, шен доьзална дао воллу-кх иза!
Муха доьзал кхуьур бу цуьнан оцу хьарам ахчанах? Оцу хIуманан ойла хIунда ца йо стага? И санна волчо муьлххачо а?! Динан мостагIий кхуьур бу-кх цуьнан оцу хьарам даьхнех!
Ибн МасIуда дийцина, Дела реза хуьлда цунна:
«Риба мел чIогIа ду аьлча, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира:
«Оцу рибан кхузткъе кхойтта неI ю шуна, оцу кхузткъе кхойтта неIарх уггаре а лахарниг шен нана шен дола яккхар санна ду шуна».
Далла гергахь оццул доккха къа долуш хIума ду шуна иза! Делан дуьхьа, ма леладахьара аш и хьарам гIуллакхаш! КIеззиг долчу хьарам хIуманах ларвелча, Дала деш долу дика дуьйцур ду вай.
Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабаш дIабевллачул тIаьхьа, ТабиIинийн заманахь Сабитан кIант хилла ИбрахIим цIе йолуш. Новкъа вогIуш хилла иза, цхьана Iежийн беша тIе кхаьчна иза, оцу бешана тIехволуш, кхуьнан когаш хьалхха цхьа Iаж охьабоьжна. ОхьатаьIна, схьа а эцна, кхаьллина цо иза. Ша кхаьллина ваьлча, дагадеана цунна и Iаж шен цахилар. Оцу кертахь беш лелош цхьа стаг хилла, цунна тIе а вахана аьлла цо:
– ХIара Iаж сайн цахилар дагахь а доцуш, кхаьлли ас, хIара бисина ах дIалур бара ас хьуна, вукха ах Iожана гечдехьа суна.
Беш лелош волчо:
– ХIара беш сан яц, со кху кертахь гIуллакх деш верг ву, хIокху бешан да денний-буьйсанний некъ беш дIавахча, Iаш ву, – аьлла.
«Деллахь, оццул гена вахана а, и стаг къинтIера ца ваьккхича, вер вац ас», – аьлла, цига вахана и Сабитан кIант ИбрахIим. Вахана дIакхаьчча, оцу стаге аьлла цо:
– И Iаж, сайн цахилар дагахь доцуш, ах Iаж кхаьллина ас, и бисина ах дIалур бара ас, вукхунна гечдахьара ахь суна.
Беш йолчу дас элира:
– Гечдийр ду ас, амма цхьа бехкам кхочуш бан безар бу хьан.
– Бийр бу ас, ахь аьлла бехкам кхочуш, – элира Сабитан кIанта ИбрахIима.
– Чохь йоI ю сан, – элира беш йолчу дас, – ши бIаьрг боцуш ю и, къора ю и, мотт луьйш а яц и, цхьа а меже йоцуш, меттах ялалуш йоцуш, Iуьллуш а ю. И йоI ахь хьайна йигахь, со къинтIера вер ву-кх хьуна.
Цо хIоттийна бехкам дукха онда хийтира цунна, ойла йира цо оцу белхан: «Деллахь, ма онда бехкам бу-кх хIара, ницкъ кхочур буй-те сан и кхочушбан?», – аьлла. ТIаккха сацам бира: «ХIумма а дац-кха, цкъа делахь, хIара стаг сайна къинтIера ваккхар а хир ду сан, шолгIа делахь, и йоI кхабарна Делера ял а хир ю суна».
– Кхочушбийр бу ас хьан бехкам, – элира цо.
– Делахь, схьавалол чу, йоI йолчу гIур ву вайшиъ, – аьлла, ши теш а эцна, чу вахара хIара шиъ.
– Ассаламу Iалайкум, – аьлла, салам делира дас.
– ВаIалайкум ас-салам, – аьлла, салам юхадерзийра йоIа.
ЙоI ирахь, когаш тIехь лаьтташ яра, юьхь дIакъевлина яра. «Ванах, хIокхо мотт ца хууш ю а ма элира, меженаш йоцуш, Iуьллуш ю а ма элира, хIара-м ирахь лаьтташ ма ю, салам юхадерзийна, мотт хууш а ма ю», – аьлла, цецвелира иза.
ЙоIе хаьттира цо:
– Хьан дас хьо бIаьрзе ю а ма элира соьга, мотт ца хууш ю а ма элира, къора ю а ма элира, меженаш йоцуш ю а ма элира.
– Бакълуьйш ву хьуна сан да, – элира йоIа, – бIаьрзе ю хьуна со, хьажо ца безачу метте цкъа а сайн ши бIаьрг хьажийна яц со, мотт ца хууш а ю хьуна со, хIунда аьлча, Дела реза воцу дош хIокху сайн маттехула арадалийтина дац ас, къора а ю хьуна со, Дела реза воцчу хIумане цкъа а ладоьгIна яц со, ши ког боцуш а ю хьуна со, хIунда аьлча, Дела реза воцчу новкъа цкъа а ког баьккхина яц со.
Шен юьхь гучуйоккхуш, юьхь тIера хIума дIатесира цо. ТIаккха элира боху ИбрахIима: «Со Дала кхоьлличахьана, оццул хаза адам дайна ма дацара суна».
И йоI ялийра цо, цу шиннан доьзалхо дуьненчу велира.
Мила вара дуьненчу ваьлларг? Абу-Хьанифат вара. Воккха мазхьабан да хилла иза, воккха имам хилла иза, малхбалера малхбузе кхаччалц болчу бусалба нахана Iилма дIадаржийна, шегара дика дIакхаьчна воккха имам хилла иза. ХIун бахьана дара и оцу дикане кхачаран боху дуьненан Iелимнаха? Ах Iожжал бен доцчу хьарамчух а и ларлуш хилар бахьана долуш, Дала и дика дина цунна, оцу дикане кхачийна и Дала.
Хьовсийша, вежарий, кIеззиг долчу хIуманах а вай ларлуш ца хилча, Дала Ша тIом кхайкхийна бохуш долчу даккхийчу къинойх а вай ларлуш ца хилча, хIун дан дохку вай? Тахана дIа а хIоьттина ас а, со санна волчу кхечо а: «Делан къинхетам боккха бу шуна, Дала вайх къинхетам бийр бу шуна», бохуш къамел дарх тоьий? Тоа ма ца тоьа, хIай бусалба вежарий! Вай цхьажимма ларлуш ца хилча, Дела реза хинволу агIо вай лелош ца хилча.
Вайх-м, Дала мукъ лахь, Инша АллахI, Дала Шен къинхетам бийр бу, бийр бац ала йиш яц. Делахь а Дала Къуръанчохь хIун аьлла хьовсийша: «БисмиллахIиррохьманир-рохьийм! Инна рохьматаллахIи къарибун минал мухьсинин» боху-кх Дала. Баккъал а, Делан къинхетам диканаш деш болчу нахана гергахь бу шуна, ма боху Дала.
Дала Ша реза воцуш долчу хIуманах лардала, цунах юхадовла ийман лойла вайна! Дала Ша реза волчу новкъахь Iамал ян ницкъ лойла вайна! Цу тIехь сутар хилар лойла вайна! Дала Шена безаш, Ша везаш болчу Шен гергарчу нахаца цхьаьна декъалдойла вай!
Ассаламу Iалайкум варахьматуллахIи ва баракатухIу

Заурбеков МасIуд