Пророк Мухаммад (мир ему и благословение Всевышнего)

Сийлахь Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)

medinaБисмиллахIиррохьманиррохьим

Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оха хьо Элча вина вахийтина ма вац, Iаламах къинхетам бархьама бен». «Аль-Анбияъ», 107.
Хастам бу Далла, Iаламаш кхоьллина, кхобуш, кхиош Волчу. Делера къинхетам, маршо хуьлда Цо адамашка а, жинашка а дин кхайкхош ваийтинчу Цуьнан Элчанна Мухьаммадна, цуьнан доьзалшна, цуьнан асхьабашна, цара беанчу нийсачу некъа тIехь схьабогIучарна.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «АллахI ву-кх, Ша элчаналла хьаьнга дала деза тIех дика хууш». «Аль-АнIам», 124.
Сийлахь волу Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла пийл олучу шарахь, сийлахь гIиллакхаш долчу, Iаьрбашна юкъахь уггаре а сийлахь йолчу хIусамехь.
РабиIул-Аввал беттан оршотан шийтталгIачу Iуьйранна (керстанийн рузманца – 571-чу шарахь) Iаламна кхаъ хилира, берриге а пайхамарашна мухIар тухуш, тIаьххьара вогIур ву аьлла волу Ахьмад цIе йолу пайхамар дуьнен чу валарца.
Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цаьршинна) аьлла: «Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) оршотан дийнахь дуьнен чу ваьлла, оршотан дийнахь пайхамаралла а доьссина цуьнга, оршотан дийнахь Маккара Мединате ваха араваьлла иза, оршотан дийнахь Медината чу а вахана, оршотан дийнахь Хьаджаруль-асвад олуш болу тIулг, айббина, шен метте – ХьаьжцIенна тIе – охьабиллина».
Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттина хиллера цо кхобучу оршотан дийнан марханах лаьцна. Цо аьллера: «Иза со вина де а ду, соьга элчаналла доьссина де а ду». (Муслим).
Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу волучу хенахь схьаэцнарг ю Шифаъ – Iабдуррохьман бин Iавфан нана. Иза дуьнен чу ваьллачу хенахь цуьнан нанас Амината гIарбаш яхийтина, цуьнан деда IабдулмуттIалиб волчу (кхаъ боккхуш). ТIаккха иза схьавеана, чIогIа самукъадаьлла а волуш. Шена тIехь долу декхар кхочушдан араваьлла иза.
Бер дуьнен чу даьллачу ворхIалгIачу дийнахь АллахIа даг чу тесира цунна, шен кIентан кIантана цIе Мухьаммад тилла аьлла. Къурайшийн тайпанан нах кхайкхира цо шайга, царна яахIума ялийтира. Деде хаьттира цара, кIантана цIе хIун тиллина, аьлла. IабдулмуттIалиба жоп делира, ша цунна Мухьаммад аьлла, цIе тиллина, стиглахь, лаьттахь иза хесто лаарна.
Вайн Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу валале хьалха а Пайхамар хиларна тIенисвеш ду цуьнан нанна гинарг – цунах нур дIакъастар а, оцу нуьро Шемара гIаланаш серлаяхар а.
Абу НуIайма дийцира Умму Саламатера, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) нанас Амината дийцира, аьлла: «Баккъал а, нур гира суна Мухьаммад дуьнен чу волучу буьйсанна – Шемара гIаланаш серла а евлла, суна уьш ган а гуш».
Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийцина, ВахIбан йоI Амината элира, аьлла: «Со доьзалхочух хилира. И дуьнен чу валлалц цхьа а хало ца хааелира суна. Сох и дIакъаьстинчу хенахь, цуьнца нур араделира, малхбален а, малхбузен а юкъ серла а йоккхуш, тIаккха лаьтта тIе охьавуьйжира иза, шен шина куьйгана тIетевжина а волуш. Цул тIаьхьа, цхьа кана латта схьа а эцна, и шен буйна къевлира цо, тIаккха шен корта хьалаайбира».
Жуьгтийн а, эрмалойн а динехь берш бара, пайхамар дуьнен чу волу де лардеш. Уьш хьоьжуш бара и дуьнен чу вер волчу метте а, замане а.
Абу НуIайма дийцина, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) назманча волчу Хьассан ибн Сабита элира, аьлла: «Со жима кIант вара, ворхI я бархI шо долуш, сайна гинчух, хезначух кхеташ вара со. Цхьана Iуьйранна цхьа жуьгти вара мохь бетташ: «ХIай къурайшийн тоба, сийсара шуна юккъехь цхьа доьзалхо виний?». Цара жоп делира, ца хаьа шайна, аьлла. Жуьгтичо юха а бохура: «Хьовсийша, баккъал а, сийсара хIокху умматан пайхамар дуьнен чу ваьлла-кх».
Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьххьара вакхийнарг ю цуьнан нана Аминат, цул тIаьхьа и вакхийна цуьнан девешин Абу ЛахIабан лай хилла йолчу Сувайбата.
Iаьрбийн Iадат дара, шайн бераш аренца бехачу зударшка дакхон дIалуш. Цигахь дакхош кхиийна бер могашаллина, хьекъална дика хуьлу олура цара. Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вакхош, кхиош, цуьнан шолгIа нана хилира саIдийн тайпанах йолу Хьалимат.
Iаьрбийн Iадатехь ма-хиллара, дакхо бераш дига Макки чу зударий баьхкира. Царна юккъехь яра саIдийн тайпанах йолу Хьалимат.
Шена дакхо бер ца кхачарна гIайгIане хилла йолу Хьалимат гира Мухьаммад кхабийта дIавала веанчу IабдулмуттIалибна. Цо цуьнга элира: «Схьайола соьца». Хьалимат кхийтира тIаккха, шега вакхо Мухьаммад схьавала гIерташ IабдулмуттIалиб хиларх. Цо ойла йира, цхьа а ца вуьгучул, буобер дуьгуш мукъана а дIагIур ю ша, аьлла.

 

И сийлахь-деза бер каралецира цо. ТIаккха Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) велавелира, ша цуьнца ваха резахилча санна. Хьалимата шен маракъевлира иза. Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) багара нур стигала хьаладахара. ТIаккха Хьалиматана хиира, цуьнгахь берг боккха болх хилар. Иза къен яра, цуьнгахь шура кIезиг яра, яахIуманца кхачо хуьлуш ца хиларна. И вакхо йолаелча, шега алссам, хьалха ца хиллачу кепара, шура йоьссина карийра цунна. Цо элира: «Баккъал а, со догтешна ю, хIара бер шеца доккха беркат долуш ду, аьлла».
Деа шарахь гергга Хьалиматан хIусамехь Iийра Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Баккъал а, Хьалимат ирсе дакъа долуш хиллера. Дуьнен чохь уггаре а ирс долу зуда хилира иза, хIунда аьлча дерриге а Iаламашлахь кхоьллинчух уггаре а деза-сийлахь бер шен марахь долуш юхайирзира иза. АллахI-Дала хIокху дуьнен тIехь долу хьал хийцийтархьама, Iалам тодан, бакъонца долу дин даржо хаьржина бер дара иза, тIаьххьара Пайхамар а, Элча а вина ваийтина волу.
Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу валаран Iаламатех, и Пайхамар хиларан билгало йолуш ду: Кисра паччахьан гIала лестар а, лелхар а, цуьнан ейтта балкон охьайожар а, таханлера де тIекхаччалц и цу хьолехь йисар а. И гIала ца иккхинера, ша ярехь ледара а хилла, баккъал а, Iиракъан гIаланашлахь а чIогIа йина гIала яра иза.
Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу волучу буьйсанна хилла йолчу билгалонех ду: Сават цIе йолу жима хIорд дIалакъар, эзар шарахь дIа ца йовш лаьттина Фарасойн цIерш дIаяр – Кисра паччахь а, цунна тIаьхьабозуш берш а бара оцу цIершна Iибадат деш, оцу цIерга миск олуш йолу хаза хьожа йогIу хIума кхуьйсуш.
Вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бакъ пайхамар хиларан билгалонех ду, и дуьнен чу валале шовзткъе итт де хьалха хилларг:
Хьабашойн махкарчу АбрахIат цIе йолчу паччахьна лиънера Макка тIамца схьаяьк-кха а, КаIбат дохон а. Дуккха а эскарш вовшахтоьхна, оцу эскарщна хьалха йоккха пийл а хIоттийна, Макка йолчу агIор новкъаваьлла хиллера иза. Дала оцу эскарашна тIе дуккха а (тобанашкахь) олхазарш дахийтира, чIагIбеллачу поппаран тIулгаш кхуьссуьйтуш. Мохо дIасалестийна долу диттан гIаш санна, уьш хьайбанаша даа а диъна, царах дIакъаьстина кхелли санна бира уьш Дала, берриге а хIаллак а бина.
ХIай Дала хаьржина волу Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везаш верг! Ойла е ахь, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дозалла, сийлалла гойтуш болчу хIокху Делан лерамийн хьокъехь, ойлаяро, и везарехь хьо соввоккхур ву хьуна.
ХIай Веза Дела, Хьайн Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везар лохьа тхуна!
Дуьненахь, эхартахь цуьнан шапаIат ло Ахь тхуна, ХIай Iаламаш кхоьллина, кхобуш, Хьайн долахь долуш Верг!

 

Магомедов Сулиман