ДогцIена Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)
РабиIатан кIант Iутбат Маккахь а лоруш болчу нахах хилла. Цхьана дийнахь цо аьлла: «ХIай къурайшийн тоба, Мухьаммад волчу ваха пурба лойша суна, цуьнца къамел дан, цуьнга цхьадолу гIуллакхаш хьахо, царах цо къобалдинарг цунна дIа а делла, цуьнга вай Iадда дитийта!» Цара цуьнга: «Хьайна бакъахьа хеттарг де», – аьлла. ТIаккха АллахIан Элча волчу вахара иза. Элча маьждигехь ламаз деш вара. Цо элира Мухьаммаде: «ХIай сан вешин кIант (сан ваша бохург санна ду иза), хьо тхох ма ву, тхуна юккъера уггар дикачу нахах, дикачу доьзалера схьаваьлла. Ма доккха хIума ду ахь хьайн къоме хIоттийнарг. Нах шина декъе бекъна-кх ахь. Уьш, кхетам боцуш, Iовдал лерина-кх ахь. Церан делий а, церан дин а сийсаздина-кх ахь. Церан белла дай а Делах цатешарш бина-кх ахь. ЛадогIахьа соьга, ас цхьацца хIуманаш хьахор ду хьоьга. ЛадогІий, ойла а яй, хIума дехьа. Ас дог доху ахь царах цхьадерг къобалдаре».
Элчано (СаллаллахIу IалайхIи ва саллама) аьлла: «Дийцал тІаккха, хIай Абул-Валид». Цо аьлла: «ХIай сан вешин кIант (сан ваша), ахь хIара гIуллакх хьал-бахам безаш долийнехь, оха иза вовшахтухур бу хьуна, хьо тхол массарал хьал долуш хилийта. Хьо массарал сийлахь хила лууш велахь, тхан эла вийр ву-кха оха хьох, хьох дагадевллий бен, цхьа а гIуллакх ца деш. Хьо паччахьалла дезаш велахь, тхайна тIехь паччахь вийр ву оха хьох. Хьуна тIехь ерг жинийн хьу елахь, дIаяккха хьан хьайн ницкъ ца кхочуш, оха дарба лохур ду хьуна. Хьуна гIоли хиллалц, оцу дарбанна харж а йийр ю оха».
МустIафас (Делера къинхетам, маршо хуьлда цунна) аьлла: «Велин хьо, хIай Абул-Валид?»
Абул-Валида: «ХIаъ», – аьлла. Элчано элира тІаккха: «ЛадогIал соьга». Делера салават, салам хиларо «Фуссылат» бохучу суратан хьалхара аяташ дийшира: «БисмиллахIиррохьманиррохьийм. Хьа-мим (жайна) охьадоссар (ду хIара), къинхетам дукха болуш волчуьнгара. Жайна (ду хIара), шен аяташ (Пайхамарийн дийцаршца а, хьехамашца а, шарIан хьукманашца а) къастийна долу, Iаьрбийн (маттахь) дешар а долуш, кхеташ долчу къоман (кхеташ болчу нахана лерина а долуш, Iаьрбийн мотт хуушверг бен цуьнан къайленна тIе а кхуьур воцуш). (Муъма нахана) кхаъ бохьург а, (цатешачарна) кхерамча а (ду хIара Къуръан), царах (Делаца накъостий лаьцначарах) дукхахберш дIабирзира. Шайна ца хезаш (и къобал ца деш). Цара элира: «Тхан дегнаш къевлина ду ахь тхо шега кхойкхучух, тхан лергаш чохь къоралла ю, тхуна юкъахь а, хьуна юкъахь а кирхьа ду. Хьайн Iамал е, оха тхайн Iамал йийр ю». Ахь ала (цаьрга, хIай Мухьаммад): «Баккъал а, со-м адам ду, шу санна, соьга вахьюнца (Делера болчу хаамца) хаийтина, шун Дела – цхьа Дела вуй. ТIедерза Цунна (ийманца а, муьтIахь хиларца а), Цуьнга (шайна) гечдар деха (хIинццалц шаьш летийначу къиношна). Бала бу-кх (Iазап ду-кха) Делаца накъостий лоьцучарна. Шаьш закат ца луш болчу, эхартах (гIовтторах а, хьесабах а, бекхамах а) ца тешаш бу уьш. Баккъал а, ийман диллинарш а, дика Iамалш йинарш а – царна хедар йоцуш ял ю (хедар доцу ялсаманин ниІматаш ду)»(Къуръан, 41 сурат, 1 – 8 аят). Кхин ма дешахьара аьлла, дехар дира Iутбата Пайхамаре (СаллаллахIу IалайхIи ва саллама). ТIаккха, иза юхавирзича, цара хаттар дира. Цо жоп делира: «ВаллахIи, хIинццалц цкъа а цахезнарг ма хези суна. ВаллахIи, я байташ ма яцара уьш, я хIума хууш бу бохучеран хабар а, я жиналла а ма дацара иза. ХIай къурайшийн тоба, ас бохург дейша, и стаг а, цуьнца дерг а дитийша, пе тохийша цунна. ВаллахIи, суна хезна долчу цуьнан къамелан йоккха тIаьхье хир ма ю. Нагахь Iаьрбий цул толахь, цара шу цунах кIелхьардохур ма ду, нагахь иза царал толахь, цуьнан паччахьалла – шун паччахьалла ма ду. Цуьнан сий – шун сий ма ду», – аьлла. Цара аьлла: «Мухьаммада гIомалла дина-кх хьуна». ТIаккха Iутбата аьлла: «Суна хетарг иза ду-кха».
Мухьаммад (СаллаллахIу IалайхIи ва саллама) догцIена хилла, шен чIогIачу ийманца дийнахь а, буса а нах Исламе кхойкхуш. Цхьаъволчу АллахIана Iибадат де бохуш, къайлах кхайкхам бина цо кхаа шарахь, цул тIаьхьа, АллахIа омра дина (аз айдеш), хезаш кхайкхам биэ аьлла, тIаккха Элчано (IалайхIис-салату вас-салам) гуш-хезаш кхайкхам бина.
Элчано (СаллаллахIу IалайхIи ва саллама) Делан омра (Пайхамаралла) тешаме хиларца, ийманца халкъе дIакхачийна. Шен догцIеналлица кхайкхам бина, массо а нахе Элча вина ваийтина, ша къен 1аш стаг а волуш, цаьрга кхаъбоккхуш, уьш нийсачу новкъа бохуш. Цаьрга дIахьедеш, уьш билгалдолчу тиларх ларбеш. Шегахь шена пайдабар а, зен дар а доцуш, къайле хууш воцуш, Делан вахьюн (Дала шега бинчу хаамна) тIаьхьавозуш, даима лаьтта шен муIжизат (Iаламат) сийлахь-деза Къуръан долуш хилла иза.
Делера салават, салам хиларг шен кхайкхам барехь къайлах хIума доцуш хилла, тешаме хилла. Лекхаволчу Дала ма аьлла шен Элчане: «Ахь ала: Ас ца боху шуьга: «Сайгахь (со векал волуш) Делан хазнаш ю, къайле а ца хаьа суна, ас ца боху шуьга, суо малик ду а, сайга луш долчу вахьюн (хаамна) тIаьхьавозуш бен вац со». Ахь ала: «Ткъа цхьанийсса вуй-те бIаьрса доцург а (Делах цатешарг), бIаьрса дерг а (муъмин)? Аш ойла ца йо?» (тIаккха ийман дуьллуш) (Къуръан, 6 сурат, 50 аят).
Вуьшта аьлча: «Ас ма ца боху шуьга, соьгахь АллахIан Iилманийн хазна ю, я рицкъа схьаоьцу хазна ю, я суо къайле хууш ву. Ас ма ца боху суо маликех малик ду, сайга бинчу хаамна бен тIаьхьавозуш ма вац со. Делах ца тешаш верг а, Цуьнца ийман диллинарг а цхьатерра ма вац. БIаьрзе верг а, сагуш верг а цхьатерра ма вац. Цуьнан ойла а йина, ийман хIунда ца дуьллу аша?» – бохург ду иза.
С. Муртазаев