Хьаша ца вог1учу керта ирс ца дог1у
Делкъа ламаз а дина, тасбихь а, вирд а даьккхинапарг1атваьллачу шен дедега Мохьмада элира: — Воккха-Дада, х1ара сан накъост, Хьусайн, веана-кх хьашат1елацаран, хьошалла даран г1иллакхех дерг ахь шенадуьйцийла лууш, хьайн карах далахь дийцахьа цунах лаций. — Дера дуьйцур ду-кх, сайна хууш дерг-м. Муха дуьйцурдацара, шу и хаа лууш хилча. Ламазна тесначу кхакханнатехь д1а а нислой, цо шен къамел доладо: — Вайн халкъо уьншарахь дуьйна вовшашца а, кхечу къомахболчу нахаца а хьошаллаш лелийна. Цуьнга хьаьжжинахьошаллин г1иллакхаш кхолладелла вайн. Халкъалахь олуш ду: «Хьошалг1ахь ца хиллачунна хьаша т1еэца а хуур дац». Иза иштта дан а ду. Йуьрта кхаьчначу хьешо пхьоьхана х1уттий: «Хьаша т1еэца аьтто болуш мила ву?» — олий, хоттуш хилла. Т1аккха пхьоьханахь лаьтачарах цьамма хьаша шеца шен х1усаме д1авуьгуш хилла. Нагахь санна хьешо: «И хьенех мичахь1аш ву», — аьлла хаьттича, цо ц1ейаьккхинчу стеган х1усаме д1акхетош хилла. Х1инца санна: «Хьуьллахь 1аш ву», — олий дахьажош (д1авохуьйтуш) ца хилла.
Read More